Ямадаев верна хьалхо шеконехь хилла волу нохчо дIалаьцна Москвахь

Гайтаман сурт

Москван Хамовникан кIоштан кхело дIалаьцна нохчо Мазаев Зеламха, цунна бехке дуьллу низамехь йоцу герзаца вовшахтохаралла кхоллар. 2009-чу шарахь "Восток" батальонан хилла волу буьйранча Ямадаев Сулим верна Дубайрчу прокуратуро цунна бехк биллича вевзира иза дуьххьара.

Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн талламо а, кхело а сацам бира, билггал Мазаевс герз тоьхна хиллера Ямадаевна нах бехачу гIишлонан машенаш латточу майданехь. Амма цуьнан лар каръяле пачхьалкхера дIаваха аьтто баьллера цуьнан.

Ямадаевца и истори хиллачул тIаьхьа Мазаевна майсийттаза тидам бира Москварчу низамлардархоша: 2011-чу шеран гурахь цо шен Стечкинан тапча ресторанехь "йицйира", 2012-чу шеран юьххьехь ша-шена когах герз туьйхира цо. 2015-чу шарахь шен доттагIашца Мазаев инкассаторшкара ахча схьадаккха гIоьртира, тIаккха ялх шарна чувоьллира, амма чохь кхо шо а, 9 бутт а баьккхира, оцу хенан доккха дакъа талламан изоляторехь даьккхира.

  • Ямадаев Сулим верна хьокъехь ОАЭ-н Iедалша ворхI Оьрсийчоьнан вахархо лехамашка велира. Церан декъехь вара Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам а, Мазаев Зеламха а.
  • Ямадаев Сулима оьрсийн-нохчийн хьалхарчу тIамехь къобалъянзачу Ичкерин агIонехь дакъа лоцура, шолгIачу тIамехь – Оьрсийчоьнан агIо лаьцна, "Восток" батальонан буьйранча вара иза. Вийра Дубайхь 2009-чу шарахь. Ямадаев Руслан 2003-2007-чу шерашкахь пачхьалкхан думан депутат вара, 2008-чу шарахь Москвахь вийра иза. ЯмадаевгIеран вежарий байъале уьш Кадыров Рамзана конкуренташ хетара. "Новая газетан" хаамашца, ЯмадаевгIеран вежарий 2006-чу шарахь журналист Политковская Анна ерца боьзна хила мега.