Йеттар а, кхел а: Соьлжа-ГIалахь таIзар кхайкхийна Журавель Никитина

Журавель Никита а, адвокат Антонова Юлия а Соьлжа-ГIалахь кхел кхайкхочу хенахь

Йукъарчу хьелашкара колонихь даккхийта кхо шой ахшой таIзар кхайкхийна Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхело Волгорадера студентана Журавель Никитина. Иза бехке лаьрра Делах тешачийн дог-ойла сийсазйаккхарна а, "дине йолчу гамонца" сий дойуш леларна а. Волгоградера маьждигана хьалха КъорIан дагорна лаьцнера жимстаг. Зулам динчу меттигехь гIуллакх талла дезаш доллушехь, цуьнан гIуллакх зийра нохчийн талламхоша, ткъа таIзар кхайкхийна Соьлжа-ГIалахь, Кадыровн 15 шо долчу кIанта Адама меттигерчу СИЗОхь Журавельна йиттинчул тIаьхьа ахшо даьлча. Журавелян гIуллакхах лаьцна кхин цкъа а бухера дуьйна дуьйцу Кавказ.Реалии сайто.

КъорIан дагош видео 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дуьххьара зорбане йаьккхира, карарчу хенахь дIакъевлинчу, "Утро Дагестан" телеграм-канало. "Волгоград! Далла букъ кагбойла шун – исламофобийн пачхьалкх!" аьлла, йаздинера роликана бухахь. И канал ша йузу Украинехь вехачу пачхьалкхан думин хиллачу депутатаца, "Оьрсийчоьнан маршо" легионан координаторца Пономарев Ильяца.

Бусалба нахана деза жайна дагош видео йаьккхина Журавеля, ткъа тIаьхьо и ролик "ЦИПсО ВСУ-но Iуналлехь латточу" ресурсехь гIарайаьккхира – иштта кхетийна Талламан комитетехь Журавель лаьцначул тIаьхьа украинхойн къайлахчу сервисашца зIе хиларх. Урхалло йаздира, Украинан къайлахчу сервисашна 10 эзар соьмах болх бина хиларх студенто ша дийцира аьлла.

И верси тIечIагIйеш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша йаржийра Журавель лоцуш йаьккхина видео. Цу тIехь гуш ду, тIеман барзакъца волчу шина стага вилспетара курьер сацош, цул тIаьхьа кира кхоьхьучу машена тIе а такхавой, цуьнга хоьтту, хаьий хьуна, хьуо стенна сацийна. Журавеля жоп ло, "тохарш ден кеманаш" дIайаздеш вара ша. ФСБ-н оперативан белхахочо тIехьажавен хаттар динчул тIаьхьа, цо тIетуху, маьждигана хьалха КъорIан дагийна ша олий.

"Оцу видеоно йохайойла дацара йукъараллин къепе"

Украинхойн Севастополехь дуьненчу ваьлла Журавель Никита, ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа Севастополера президентан кадетийн доьшийла хIоттира иза. Йуьхьанца тIеман говзалла карайерзлн лууш хиллера жимстаг, амма тIаьхьо доьшийлера ледарчу дахарх лаьцна пост йазйира цо, тIаккха маьршачу говзалле вирзира. Кхин а хан йаьлча Волгоградан социалан-хьехархойн университетан меттигерчу филиале дехьавелира иза, цул тIаьхьа Волгоградера коьртачу лакхарчу доьшийле дIавахара. Мукъачу хенахь курьеран болх бора цо, иштта цхьа хIума дIахьош воьдуш лаца а лецира иза.

Вайна хуур дац, мила хилла Журавеле йаздинарг: "Утро Дагестан" каналан администраторш бара уьш, йа оьрсийн къайлаха сервисаш

Бакъоларйаран организацин эксперто, шен цIе къайлайахьа лиира цунна Оьрсийчохь репрессийн низамаш хиларна, Кавказ.Реадиин редакцица хиллачу къамелехь элира, КъорIан дагийна аьлла бехкевечух питанехь пайдаэцна хила тарло аьлла.

"Вайна ца хаьа, билггал Журавеле йаздинарг "Утро Дагестан" каналан администраторш бу-те, йа Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн векалш хилла. Къайлах украинхойн канале и видео дIа а йахьийтина, и зорбане йаьккхича, жимстаг лаца Iалашонца", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Оцу кепех ницкъахоша пайдаоьцу бусалба нахана дуьхьал а, Шемара радикалан тобанийн цIарах цаьрца зIене а буьйлуш, цул тIаьхьа лоьцу, даIишхошца уьйраш хиллера бохуш, кхин дIа дийцира бакъоларйархочо.

Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарх долчу гIуллакхашкахула таIзарш дар даьржина хиларх дийца хьалхе ду: оцу тайпа гIуллакхаш цкъачунна башха дукха дац, 2019-чу шарахь 36 дара дерриг а, дийцира, шен цIе ца йаккхар дехначу, экстремистийн артиклашкахула бакъо хилар толлучо.

"Кху деношкахь изза Журавельна дуьхьал йаьккхинчу Iедалан къепехула – Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна - кхел йина Тулан кIоштара вахархочунна. Килсехь къепедацарш лелийна хиллера цо, амма 300 эзар соьмана гIуда а тоьхна, валийтина иза. Цуьнга хьаьжча, кхеташ дац, Журавелян гIуллакхехь хулиганалла лелор аьлла артикл стенна лелийна, аьлча а, шога йукъараллин къепе йохор аьлла. Журавель КъорIан дагийна бохучу хенахь, цхьанна а и гуш йацара, ткъа видеоно йукъараллин къепе йохайойла дац",- билгалдоккху къамелдечо.

Питанан гIирс бина Журавель Никитех олийла ду, оцу агIор хьаьжча, цуьнан гIуллакх къаьсташ ду Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарх лаьттачу артиклан кхечу гIуллакхех, кхин дIа дуьйцура эксперто. Цуьнан дешнашца, оцу къепехула жоьпалле ийзон нах дукха хьолахь осала бегаш бан хьийзина хуьлу динан объектаца, кхин дIогггара политикан маьIна цу йукъа а ца дуьллуш.

СИЗО-хь кхетош-кхиор

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тIедиллира и гIуллакх Нохчийчу дIало аьлла, "Нохчийчуьра дуккхаъчу наха шаьш волайнхой хилар тIелаца" бохуш, кехаташ кхехьийтинера аьлла кхетош.

Журавель Соьлжа-ГIала валочу дийнахь дуьхьалонан акцехь гулвеллера "итт эзар гергга бусалба" – и терахь далийра нохчийн Iедалхошна муьтIахь долчу зорбанаша. Кавказ.Реалиин редакцина къаьстира, оцу митинге студенташ а, бюджетан организацийн белхахой а бертаза бигина хилар. Царна хьалха дIахIоьттина къамел дира Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа, "исламна а, адамаллина а дуьхьал дина зулам" а, йоллу "бусалба умме тIом кхайкхор а ду" элира цо, Журавель Никитера даьлларг. Оцу гIуллакхехула волайнхой ду шаьш аьлла, Нохчийчуьра 13 имам велира.

Кадыровс дIахьедира, "КъорIан дагон нах байа" лаам бу шен, хIунда аьлча, "набахте, хан тохар – и царна таIзар дац" аьлла

Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь Журавельна йиттира Нохчийчоьнан урхалхочун 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама. Цунах лаьцна дуьххьара тоьшаллаш гучудевлира марсхьокху-бутт йуккъе баьллачу хенахь лаьцначо адамийн бакъонаш Iалашйечуьнга дIахаийтича. Гезгамашин-бутт бовш Кадыров Рамзана тIечIагIдира шен телеграм-каналехь цунна йиттина хиларх видеоца. Социалан машанашкахь эргIадалла гIаттийра оцу видеоно: Iедалхошна муьтIахь йолчу ЧГТРК "Грозный" телеканало бинчу хаттамо гайтира, мехкан куьйгалхочун кIанта динарг дукхахболчу респонденташна тайна цахилар.

ГIуран-беттан 14-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун хиллачу "дуьххьалдIа эфирехь" Кадыров Адама Журавельна йеттарх лаьцна динчу хаттарна жоп делира Кадыровс. Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо элира "Дикох хьаха хир дара, цо иза вийнехь". Шен дешнех цо кхетийра, КъорIан дагош болу нах "байа" лаьа шена, хIунда аьлча, "набахте, хан тохар – и царна таIзар дац" аьлла. Оцу хьолехь цуьнан кIанта "турпалалла гайтинера", оцу тIехула дуккха а совгIаташ а дира цунна, дерзийра Кадыровс.

БIьаргийн кIелош Iаржйина ву Журавель Никита кхелехь, 2023-чу шеран гIадужу-бутт

Кадыров Адамна таIзар дан билггал дуьхьал хилира чоьхьарчу гIуллакхийн министралла, иза хIинца а кхиазхо ву аьлла. ТIамана дуьхьал болчу "Дозор" боламан куьйгалхочо Кочегин Евгенийс дийцира Кавказ.Реалии сайтана, Журавель Никита ваьхначу Волгоградан кIошатара депутаташа цунна йеттар тергамза дитарх.

Динехь ду моттийтар

Редакцино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, хIокху историхь Нохчийчоьнан урхалхочун лелар – исламан низамашкара ваьлла ца Iаш, шен политикан Iалашонашка кхача а лаар ду. Официалехь а доцуш, Оьрсийчоьно Кадыровн рожана дитина бусалба дуьненна а, Оьрсийчоьнна а йукъахь дакъалацар, цундела мехкан куьйгалхочунна оьшура Журавельна шога таIзар дар дIагайта, аьлла хета Уропехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатана.

"Оцу лаамна Путин тIе ца тайнехь, Кадыровна, йа цуьнан кIантана таIзар дина хир дара. Цуьнан метта вайна гуш ду, исламан регионийн лаккхара совгIаташ далар. Иштта хилийта йаздина дара и", - бохура къамелдечо.

Гезгамашин-баттахь Журавельна йетташ видео йаржийна дукха хан йалале Оьрсийчоьнан бусалба регионийн совгIаташ дира Кадыров Адамна – ГIезалойчоьнан "Дуслык", "Кхарачой-Чергазийчоьнна гIуллакхаш дарна", иштта Нохчийчоьнан Турпалхочун седа а белира цунна. ХIетте а цхьайолчу респуликийн Iедалхой, масала Адыгейн, дуьхьало йира Нохчийчоьнан куьйгаллина, Кадыровн 15 шо долчу кIантана совгIат дан.

Динаца доьзначу хеттаршкахь Нохчийчоьнан урхалло шалхаллаш лелош хиларх шеконаш йац, кхин дIа дийцира Сулеймановс. Цо масал далийра "террорхойн" а, "экстремистийн" а артиклашкахула бусалба нах Нохчийчохь а, цул арахьа а лоьцуш хиларх "вахабизм" йаржайо бохуш. Оцу заманчохь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгахула Кремло шен ловзарш лелочу Iарбойн пачхьалкхашкахь исламан и кеп шуьйра йаьржина йу,

Волгоградера тIамана дуьхьал болчу "Дозор" боламан векало Худоярова Марьяс билгалдоккху, кхечу нахана тIехь нохчийн Iедалхошна шаьш дIагайта лаар - Журавельца долчуьнца аьлча, схьагарехь, цIеххьана гучуйаьлла таро йу, леррина теллина схема йац, билгалдоккху къамелдечо.

"Суна хетарехь, кхин а дукха хан тоха тарлора цунна, Журавеля бехк тIелаьцна ца хиллехь. Цкъа йиттина доьрзур дацара тIаккха. Шега ала алийтинарг ду цо кхелехь аьлларг, - украинхойн къайлахчу сервисаша ахча а делла, церан тIедилларца КъорIан дагийна ша аьлла, ткъа и чIогIа догIуш ду Оьрсийчхь лелочу пропагандица", - дерзийра къамелхочо.

Волгоградера вахархочунна кхел кхайкхорах дуьйцучу, Оьрсийчоьнан президентехула бакъонаш Iалашйечу Кхеташонан декъашхочо Меркачева Евас билгалдаьккхира: "Журавельна дина таIзар сов а долуш ду. Амма цунна йеттарна цхьанна а бекхам ца бира". Цунна СИЗО-хь йеттар а лоруш, къинхетам бинехь мегар дара, цо чохь йаьккхина хан дIа а лоруш аьлла, тIетуьйхира цо. Журавелян адвокаташа хIинцале а дIахьедина, кхелан сацамна шаьш латкъам бийр бу аьлла - адвокатана хетарехь, колонихь даим а кхерам лаьттар бу Журавельна.

  • Бакъонашларйаран "Мемориал" центро политикан тутмакх лерина Журавель Никита. Бакъоларйархой шек бу, бусалбанийн деза жайна дагорна Журавель бехке ву аьлча, иза Нохчийчу дIавигар а, совнах болу нах, масала, Кадыровн кIант, талламан изоляторе витар а "доккха низам дохор" ду элира цара.
  • 2023-чу шеран аьхка Подмосковьера Котельники гIалара маьждигехь талламаш бира ОМОН-н белхахоша: ламазаш йукъахдаьхна, когара мачаш ца йохуш кузаш тIехула леллера уьш. Бусалба динехь магош хIума дац и. Кавказера хьаькамашлахь оьгIазло гIаттийра оцу инциденто: ницкъахошна таIзар де бехира цара. Амма цо новкъарло йийр йац аьлла, тешна бу эксперташ, пачхьалкхан маьждигашкахь полисхошна рейдаш йан.
  • Оьрсийчуьра динан вовшахтохараллийн лидерша Украине тIамаца чугIоьртичхьана цхьана ца догIучу дIахьедаршца мах хадабора тIеман. Машар бе бохуш кхайкхамаш барна тIера, и тIом "гIазотан" бу бахарна тIекхаччалц. Цхьа наггахь берш бен ца хIиттира диллина йемалдан Кремло лелориг. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа билгалдаьккхира: уггар а идеологин позици бусалба динан урхаллийн а, Москвара Оьрсийн православин килсан векалшкахь а нисйалар. Оцу йукъанна иудейш а, буддисташ а, масех керста конфессийн а векалш шайн ма-хуьллу комментареш ца йан хьоьвсира.