ГIалгIайн махкахь, хьаькамийн иттанаш гергар нах а, пенсионераш а дIабаьхна балхара, республика куьйгалхочуьнна Евкуров Юнус-Бекан омарца. Экономика кхиорна а, коррупци лахъярна а дина боху иза.
Масех бутт бара, ГIалгIайн мехка куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, эскархочуьнна амалехь омар а делла, махкахь и болх болийна. Коррупци лахлур ю, экономика кхиор ю аьлла хеташ дара цунна, шай белхан меттигех пенсионераш а, цхаьцца лаккхарчу даржхоша, балха схьаэцна болу церан гергар нах а дIабаьхча.
ХIинца жамI дина оцу белхан. 51 стаг гучваьлла, цхьацца министраллашкахь а, федерала урхалшкахь а, цигарчу хьакамийн гергара даржхойх болу. Уьш дIабаьхна балхара. Иштта, цIа хьажийна, кхин бахьан а ца дуьйцуш 60 шо а кхаьчна пенсехь берш а. Уьш 107 стаг ву.
Оцу болийначу балхах лаьцна вистхуьлуш Евкуров Юнус-Бека, тидам бина, хIора стеган белхан говзалла талла а толлуш дIабахь безаш бу иза аьлла. Цуьнах лаьцна цхьацца эксперташна, ца хета, пайда бера ду аьлла. ХIунда аьлча, вайнехан, гергарлонийн уьйранаш дукха чIогIа ю,Iедалах кхералла. Ша а цхьана хенахь лаккхара даржхо хиллачу, хIинца пенсехь волчу Манкиев Бамтгирийс иштта элира цуьнах лаьцна.
Манкиев Баматгири: «Ша болх бечу метте, могIарера белхахо а балха схьаэца йиша йолуш вац кхузахь цхьа а куьйгалхо. Республика куьйгалхочуьнна администрацигахула бен хуьлуш дац иза. Вайнах ма ду вай. Нахана дIахоуьйтуш хIумш ду хIорш.
Ишколехь болх беш волу хьехархо 60 шо кхаьчна аьлла дIаваьккхича, муха хира ду? Лор а 60 шо кхаьчча пенсии вохуьйтуш ма ца хуьлу. Говзалла лоьро дуккхачу а шерашкахь Iамо ма еза. Пайден хIумш дац уьш».
ГIалгIайн махкахь коррупци яьржина хиларна тидам бо Манкиев Бамтгирийс. Иштта, кхачамбацарш долчу меттехь, къамелашца хIума талура дац, элира цуо оцу политик.
Манкиев Бамтгири: « Яхь а йолуш, говзалла а йолуш, белхахой кIезга бу. Нахана дуьйцуш хабарш ду иза. хIума лачкъочу а, коррупции а йолчу меттехь, къамелаш пайденна ма дац. Оцу хабарах, Iовдал берш-боьлу, хIекъал дерш-боьлху. Кху махкахь, мел долу хIума лачкъош ду».
Евкуров Юнус-Бека болийна болх нийса хеташ болу эксперташ а кIезга бац, амма, цара а, билгалдоккху, пенсионер валахь а, я хьаькамийн гергара валахь а, иза балхара вуохавалле, цуьнан говзалла юьста еза аьлла. Иштта хетачарех ву меттигера политолог Акиев Тимур. Цуо иштта элира цуьнах лаьцна.
Акиев Тимур: «Ойла йина хIума-м ду цу юккъахь. Со массо а хаттарна тIехь, агIонча ву, хIора стеган, мах а хадош бан беза и болх аьлла. Цуьнах компании ян ца еза, пенсионераш дIабохуш, церан мета, къона берш дIахIиттош. Пенсионераш-говзанчаш бу. Уьш кIезга а бу кхузахь.
Иштта хьехархой а бу. Церан говзалла шерашкахь гулъйина ма ю. Царна санна, къоначу хьехархочунна хуур дуй, дешархой кхио? ТIеоьцуш хила безаш бу и болх. Цундела, со реза ву, белхахой хуьйцуш хиларна, амма, иза, хьекъалца дан деза».
Махкахь болчу даржхойн белхан говзалла хаза неха санна лоха ю аьлла мах хадабо Манкиев Баматгирийс. И хIума дустуш уьш оьцуш а бац, иза дуьстина, уьш бохор а бац, аьлла хета цунна.
Манкиев Баматгири: «Нохчийн-ГIалгIайнчоьнан уггаре а боккхачу пачхьалкхан бахамехь куьйгалхо болх бина ас 28 шо долчу хенахь. 33 шо долуш, кIоштан пайртийн комитетан коьртехь а вара со. Нах ас-м ца баьхна балхара дIа. Стаг балхара дIа а ваьккхина, гергар стаг ас схьаэцна вац. ХIинца болчара, ша верг дIа а воккхий, кхиберш схьаоьцу шайна.
Кхетам болуш болх бац цара беш берг. Кхечу пачхьалкхера цIаеънера сан йиша. Белгехь Iаш ю иза. Кхузахь, цьа исправка схьаэцна цуо : Манкиев Мадина Багауддинович» аьлла ду цу тIехь язйина. Ас боху, хIара хIун ду? Юха а яхана, кхиерг яьккхира цуо. Уьш бу-кх, кхара бухар берш дIа а богIуш, балха схьаоцуш берш».
Пачхьалкхехь а, дуьненахь а гIарбоьвлачу экономисташа а, кхечу эксперташа а, цхьана озаца билгалдоккху, Оьрсийчохь Iедалан система, коррупцийн зIенаш тIехь хIоттина ю бохуш. Цу юккъера цхьа чуьг хадахь, иза ша ерг харцарна кхерам бу.
Ткъа, коррупци латторхьам, бухарчо, лакхарчуьнга ахчанаш дал деза, ткъа, иза даккха, низамаш а дохош болх бан беза. И болх беш, кIедачу а хууш, мерзаниг а юуш хила веза, таханалера Оьрсийчуьра даржхо. Масала, цхьана юккъараллийн цхьанатохаралло таллам а бина, къастина, муьлха гIенташ, хIун мах а луш оьцуш ду хьакамаш аьлла.
Къаьсттина, МОЭК олучу, Москохара энергетикийн компанийн хьаькам тIехууш долу гIентан мах 10 эзар долларе хьалагIуртуш буйла. Нохчийчоьно а хаьржина боху, цхьаннах 65 эзар сом а луш 10 гIант. Ткъа, Красноярск кIоштерчу администрацино эцна, кхечаьрга хьаьжча, дораха гIенташ. Амма, 135 кила еза хIума ловш хила дезаш ду уьш.