Йолахой тIаме хьежочу Кадыровн уллера накъостана "Даймахкана гIуллакхаш дарна" орден йелла.

Даудов Мохьмад

Нохчийчоьнан премьер-министрна Даудов Мохьмадна йелла III-чу тIегIанан йолу "Даймахкана гӀуллакхаш дарна" орден, хаам бо "Грозный-Информ" пачхьалкхан агенталло. Цу хьокъехь омрана куьйг йаздина президента Путин Владимира, ткъа совгӀат делира республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

И орден луш йу Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла чӀагӀъярехь леррина гӀуллакхаш дарна а, мохк Iалашбарехь, ткъа иштта спортехь а, культурехь а, Ӏилманехь а баккхий кхиамаш бахарна а. Муьлхачу цуьнан дикачу гӀуллакхаша бахьана дитина Даудовна совгӀат дан, хоуьйтуш дац.

Республикин премьер-министр хилла ца Iаш, "Оьрсийчоьнан спецназан университетехь" Ӏамош болчу Украинера тӀаме бахийта йолахой вовшахтухучу оперативан штабан куьйгаллла деш а ву иза. Хьалхо бакъонашларъярхоша хаам бора, республикера бахархой нуьцкъала тӀаме хьийсабо бохуш: уьш бара гейш бу аьлла шеко йолу нах а, Кадыровн критикийн гергарнаш а, ткъа иштта къаьркъа моьлуш, наркотикаш лелош хилла аьлла шеко йолуш берш а.

Даудов вевзуш ву регионехь цхьа могӀа гӀелонаш йарца доьзначу гӀуллакхашкахула. 2014-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохош Американ Цхьанатоьхначу Штатийн санкцийн тептаршна йукъа вазвина ву иза. 2020-чу шарахь Британино а йукъадаьхна цунна дехкарш, ЛГБТК+ бакъонаш талхор бахьана долуш. Украинехь тӀом болийначул тӀаьхьа Даудов Польшин санкцийн тептар тIе а йазвира.

  • Хьалхо СБУ-но шеконаш кховдийра Даудовна дуьхьал, цо Украинина Оьрсийчоьнан тӀелатарехь дакъалацар бахьана долуш. Даудов ву, СБУ-но дийцарехь, 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дуьйна Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчоьнан эскаран "керла штурман дакъош" кхуллуш верг. "Цо дакъа а лоцуш, кхоьллира "Север-Ахмат" цӀе йолу 78-гӀа леррина Ӏалашонан кхочушйен полк а, иштта "Юг-Ахмат", "Запад-Ахмат" а, "Восток-Ахмат" а батальонаш. Иштта билгалдаьккхина, товбеца-лахьан беттанашкахь иза масийттаза шен лаамехь ханна дӀалаьцначу Лисичанске а, Попасная эвла а, Мариуполе а веана хилар. Цигахь иза цхьаьнакхийтира Кадыровн агӀончийн керла кхоьллинчу тобанан куьйгалхошца, жигара тӀемаш дӀабахьаре кхайкхам бира цо", - дIахьедина Украинан лерринчу сервисо.
  • Хьалхо Даудов Мохьмадна ишта белла Орисйчоьнан Турпалхочун седа а, инарла-майоран тӀеман а, полицин а даржаш а, шовзткъе итт сов тайп-тайпанчу тӀегӀанан совгӀаташ а, орденаш а, мидалш а йу цуьнан.