ГIалгIайчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн белхахоша шиъ протокол хIоттийна "арахьара агент" аьлла билгалонаш ца йахкарна "Йозуш йоцу гIалгIайн Комитет" кхоьллинчу мехкан маршонехьа волучу Картоев Анзорана. Ишта иза вевзаш ву иза Гаркхо Ансар санна, аьлла билгалдаьккхина ду кхелан картотекехь.
Ший а административан гIуллакх кхечира ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштан кхеле, гезгамашин-баттахь. Кхеташо хинйолу де ьилгалдаьккхина дац хIинца а. Оцу артиклехула гIуда кхачадо 30 - 50 эзар соьман барамехь. Ша Картоев Оьрсийчохь вац.
Протокол хIоттийна хиларх Гаркхо Ансарана хиира Кавказ.Реалии редакцигахула: "ХIинца кхийти со, тхан меттигера почта дIасакхоьхьачуьнгахула соьга кехат схьадала стенна гIиртина ша ца вовзийтина белхахо". Иноагент ву аьлла билгало ца хIотторна тоьхна гIуданаш дуьйзира къамелдечо Германехь 40-чу шерашкахь Давидан можа седарчий ца лелорца
Шо доладелчхьана Дагестанан а, Ростовн махкан а, ГIалмакхойчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а кхелашка иттанашкахь протоколаш кхаьчна "арахьарчу агенташца" доьзна низам дохорна. Уьш хьакхалуш ду социалан машанашкахь хIитточу контентан билгалонаш ца хIитторна а, йа юстицин министралле чоьташ ца кхачорна а. Массо а аьлча санна жоьпалле озийна болу нах пачхьалкхехь бехаш бац. Царна тIаьхьабевлла бу кхел йан аьтто боций хуушехь, кхин болу Оьрсийчохь бисина жигархой кхерорхьама, билгалдоккху адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а.
- КИН кхоьллина 2023-чу шеран дечкен-баттахь Истамбулехь йозуш йоцучу ГӀалгӀайн агӀончийн конгрессехь, цуьнан Ӏалашонаш йу гӀалгӀайн юкъаралла маршонан а, йозуш ца хиларан а ойланна гонаха чӀагӀъяр, культурин а, динан а башхалла ларъяр, йозуш йоцу гӀалгӀайн пачхьалкх кхолларан бух кечбар, иштта "халкъ кхин а Ӏехорна а, цунна дуьхьал ницкъ баран спиральна а дуьхьало йар". Цуьнан векалша кест-кеста дакъалоцура "Построссин маьршачу къаьмнийн форумашкахь".
- Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу интервьюхь ГӀалгӀайчоьнан йозуш ца хиларан комитетан куьйгалхочо Гаркхо Ансара дийцира республикехь а, цул арахьа а бечу балхах а, ГӀалгӀайчохь йукъараллин дӀахӀоттамах а, оьрсийн пачхьалкхаца йолчу юкъаметтигех а лаьцна.
- Журналист Юсупов Идрис бехкехилар тIечIагIдира ХӀинжа-ГӀаларчу Ленинан кIоштан кхело Палестинина а, кхел йинчу цуьнан накъостана Гаджиев Ӏабдулмуминна а гӀортор йеш пикет дӀайахьарна. Оьрсийчоьнан низамашца "арахьарчу агентийн" бакъо йац юкъараллин барамаш вовшахтоха аьлла, сацам бина кхело.