1999-чу шарахь, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш, федералан эскархошна тIелатар дина ву аьлла ши стаг лацарх дIахьедина Талламан комитетехь. Ханты-Мансийскан, Ямало-Ненецкан гонашкахь уьш шога лоьцуш дIайазйина видео нахалайаьккхина ФСБ-н белхахоша. Лецнарш билггал зуламашна бехкехиларх тоьшаллаш ца далийна ницкъахоша.
Официалан версица, 1999-чу шарахь Алимгиреев Муртазали а, Кадрашов Алимхан а дIакхетта хиллера Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанех. Оццу шеран гIадужу –баттахь Червленная станицехь эскархошна тIелеттера уьш. 15 стаг вийра хIетахь, 28-нна чевнаш йира.
Йиллинчу хьасташкара хаамашца, 1999-чу шарахь Алимгиреевн хилла 21 шо, муха аьтто хилла цуьнан къайла а ваьлла, Лянторехь, Ханты-Мансийскан гонашкара Сургутан кIоштахь ваха, - ницкъахоша ца дийцина. Изза ду 55 шо долчу Кадрашов Алимханан хьокъехь а, цуьнан 30 шо хилла 1999-чу шарахь, - иза лаьцна Уренгойхь.
Лоцучу хенахь шинна а тIехь ницкъбина къайлахчу сервисийн белхахоша, и гуш ду "РИА Новости" агенталло зорбане хIоттийначу видео тIехь. Бехкевечех цхьаъ кхаа ницкъахочо бертал охьавиллира гIамара тIе, масийттаза туьйхира цунна, машенчу а такхийна, лаьтта охьавиллира. Важа а ишта лаьтта охьавиллира, голашца корта а Iовдуш.
Алимгиреевна а, Кадрашовна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна герзашца бунт гIатторна а, зуламхошлахь дакъалацарна а, эскархойн дахарна тIекховдарна а.
- Ростовера кхело листа долийна Нохчийчуьра вахархочун Батыкаев Iалавдин хьокъехь гIаттийна бехкзуламан гIуллакх Иза бехкево Басаев Шемалан тобанан декъахь Псков гIалара десантхошна тIелатарна. Официалан версица 2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархойн жимо тоба тIом бан йоьллера шайл а ницкъе болчу нохчийн тIемалошца, и йоллу тоба хIаллакйинера. Бакъоларйаран "Мемориал" центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра бахарехь, уьш байина хиллера шайчара артиллерица. Цунна бехке хила тарло федералан ницкъийн буьйралла.
- Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIемаш бина Дагестанехь 1999-чу шеран мангал-беттан йуьххьехь болийна гезгамашин-бутт йуккъе баллалц. Талламан версица, цхьа эзар ахэзар гергга хилла нохчийн тIемалой. "Контртерроран операци" йолон цхьахдолчу бахьанех хилира и хиламаш.
- Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина, цул тIаьхьа амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.
- Адвокаташа а, бакъоларйархоша а билгалдоккху Къилбаседа Кавказехь тIемалой бу аьлла лецначара дукха хьолахь кхелехь дIахьедеш хиларх, талламаш бечу заманчохь шайна тIехь Iазапаш хьегна даьхна ду шайгара харц дараш олий.