Европехь бехачу нохчийн мухIажиршна юккъехь дуккха а бу тайп-тайпанчу белхашкахь кхиаме кхахоьгурш. Йоццачу хенахь Iилманашкахь а, бизнесехь а, исбаьхьаллехь а шайн цIе йоккхуьйту дуккхаъчу вайн махкахоша. Германехь, масала, бусулба зударийн духарш тоьгуш ю къона дизайнер Бахарчиева Билкъиз.
„Заббари“ аьлла цIе тиллина Билкъиза шен бусулба зударийн духарш арахоьцучу маркина. Заббари бохучу дашо оцу сохьта самукъане синхьаамаш кхуллу, ша-башхачу зударийн куралла а, сонталла а, кечбаларан башхаллаш а карлайоху. Ткъа немцойн Триер гIалин урамехь хьалатоьхна „Заббари“ боху хIуматоьгучу ательен цIе гича-м гуттар а Нохчийчоьнца йолу марзо самайолу.
И ателье кхоьллинарг масех шо хьалха Нохчийчуьра мухIажир яьлла, Германе яха схьаеана къона дизайнер Бахарчиева Билкъиз ю. Къона – хIунда аьлча, иза хIинц-хIинца яьлла Триер гIаларчу техникан а, исбаьхьаллин а институтера духаран дизайнан факультет чекхъяккхина. Цуьнан дипломан белхан цIе „Дубайра гIенаш а, хиндолчун сибаташ а“ аьлла бара.
Даханчу шеран гурахь Триерехь кхечу къоначу дизайнерийн коллекцешца цхьана модин цIийнахь гайтира Билкъиза кхоьллина бусулба зударийн духарш а. И духарш, дуккхаъ хьовсархой цец а бохуш, вуно хаза а, къоначеран хьашташца йогIуш а, вайнзаманахь лелон атта ма-хиллара тегна а, ткъа уггаре а хьалха, модин колекци хила ма еззара, модица цхьанатовш а яра.
„Урбан-шик“ олучу хьесапехь духарш ду Билкъиза кхуллуш дерш, вайнзаманахьлерачу къоначу бусулба зударшна, уьш яккхийчу гIаланашкахь доьшуш а, белхаш беш а, дIасалелаш а хиларна, цаьргахь товчу агIор а, амма иштта лелон атта йолчу агIор а тегна долу. Цуьнца, амма, бусула дино ма-хьеххара дIакъевлина а, фарзаца догIуш а.
Ша Билкъиза ша тоьгу духарш бусулба динехь хила ма-деззара оьзда а, Европехь хила ма-деззара лелон атта а духарш ду, бохуш, билгалдоккху. Дизайнеран дешар а, болх а ша харжар ларамза нисделла хIума ду, бохуш дуьйцу цо.
Билкъизан доьзал, Нохчийчуьрчу тIамех бедда, Германе схьабеъча, Триер гIалахь нисделира цуьнан сацар. Ткъа цигахь, немцойн махкахь, тоьллачех лоруш йолу дизайнерийн и институт хиллера ахча дала а ца дезаш, Iедалан чоьтах студентийн деша йиш йолуш. Ткъа ша жима йолуш дуьйна а тегарш лелош самукъадолуш яра, бохуш дуьйцу Билкъиза.
„Хьайна дукха безаш болу болх лаха ахь хьайна, тIаккха хьан цкъа а болх бан безар дац хьуна“, - боху Конфуцийн дешнаш дагадахкадо цо, шех дизайнер хилар дуьйцуш.
„Ткъа суна сайн болх муха беза аьлча, суна айса хIума тоьгучу хенахь хIумаяар а, садаIар а, наб яр а - дерриге а дицло, айса дIадолийна тегар доцург“, - дуьйцу Билкъиза. Хьалха, Германе кхачале, хIума тегар шен мукъаненна, сагатделча лелош хIума дара, ткъа хIинцна цунах професси хилла бохург билгал а доккхуш.
Оццул къорза а, маьрша а долчу модин дуьненахь ша юккъера бусулба зударийн духарийн агIо хIунда лехна, аьлла, хаьтича, Билкъиза дуьйцу, модин дуьне, ма-дарра дийцича, тоххарехь, тIехь духарш а долуш, амма берзина лара мегар йолчу подиумна тIехула дIаселалачу топ-моделаш кIордийна ду, бохуш.
Масала, боху цо, Дубайхь дукха хан йоцуш дуьнентIехь духьарлера Модин ГIайре кхоьллина. ХIинцалц схьа Лондонехь а, Нью-Йоркехь а, Миланехь а модин гайтамашкахь дакъалецина болу модельераш хIинца Дубайрчу модин кIиранехь дакъалаца дехьабевлла. Ткъа кхин дIа болчу а уггаре а бакхийчу дизайнерийн белхашкахь Малхбалера мотиваш а, деха а, дакъевлина а духарш доьхна моделаш а го. Ала йиш ю, цу кепара, таханлера мода Малхбалера хьу хьакхаелла ю, аьлла.
Билкъиза дуьйцу, шен дипломан болх а, дуьхьарлера коллекци а цу ша тайпанчу Малхбузенан, Малхбаленан юккъерчу миксах лаьтташ яра, бохуш. ХIунда аьлча, цуьнан шен белхашкахь коьрта Iалашо ю, Европана зуда хаза хилархьама кхин баккъала а ах-ерзина хила ца езийла а, хазачу, оьздачу духаро муьлххачу а къоман а, динан а зудчун сий а, хазалла а лакхайоккхийла а гайтар.
Билкъиза кхоьллина Заббари цIе йолу бусулбанийн модин марка ши шо хьалха Германехь официалехь тIечIагIйина ю. Цу махкахь дуьххьарлера бусулба модин фирма лаларуш ю иза. Ша кхуллу духарш нохчийн аматаш долуш хилийтар яц шен Iалашо, боху дизайнера , амма цкъа, цхьана хенахь, и духарш кхоьллинарг нохчий хилар бахьана долуш, уьш оьцучара а, лелочара а шен духарш даима а Нохчийчоьнца дузуш хирг хиларе сатуьйсу дизайнера.