Боснерачу Сребреницехь бусулба нах байарна велла дIаваллалц набахтехь латтор ву сербийн инарла Толимир Здравко

Недерландаш -- Боснерчу сербийн эскарехь талламан урхаллин хьаькам хилла волу Толимир Здравко, ХIаага, 12ГIу2012

Боснехь хиллачу тIамехь бусулба нахана тIехь геноцид ярна бехке лерина ХIаагерчу кхело сербийн инарла Толимир Здравко. Сребреница гIалахь 8 эзар сов стаг верна жоьпалле лерина волу тIеман зуламхо велла дIаваллалц набахтехь хир волуш ву кхелан сацамца.
Инарла Толимир Здравко Боснерачу сербийн эскархойн корта хиллачу тIеман зуламхочун Младич Раткон, олуш ма – хиллара, „аьтто куьг“ ларалуш вара. ХIинца и ши инарла ший а ХIаагерачу кхелехь шаьш динчу зуламашна жоьпе озийна.

„Бехкевечунна хиъна ца Iара, шен накъостий Сребреницехь бусулбачу нахана тIехь геноцид ян Iалашо йолуш буйла. Иза ша а вара изза Iалашо кхобуш, - элира цуьнан дов хоттуш хиллачу кхелахочо Флюгге Кристофа. - Цундела иза цу геноцидана кхоччуш жоьпаллехь а ву“, - аьлла.

Толимир Здравкос дина хилла зуламаш дуьйцучохь кхелахочо иштта билгалдаьккхира, цуьнан шен а, цуо куьйгалла деш хиллачу чаьлтачийн а масала доцу къизалла. „Цу мискачу наха, шаьш байале хьалха, лайна болу баланаш инзаре баккхий бу. Цкъа хьалха Толимирс а, цуьнан бIаьхоша а царна къиза таIзарш дора, тIаккхий бен са ца оьцура церан“, - элира цо.

Кхелехь иштта хьахийра, цу къизаллехь дийна бисинчеран кхолламаш а, тахана а и нах могуш-маьрша баха ца луш, шаьш лайначийн бала юх-юха а карлабуьйлуш лелаш хилар билгал а доккхуш.

Цу тIамехь шайн дай а, вежарий а, хIусамдай кхелхина болу зударий баьхкинера ХIааге кхелан сацаме ладогIа.

„Эххар а цхьажимма нийсо ги-кх тхуна“, - элира царех цхьаммо, Субашич Мунирес, „Сребреницин наной“ цIе йолчу юкъараллин куьйгалхо йолчу. - Тхо хIинца а дийна ду, тоьшаллаш дан йиш йолуш а ду. Тхайн кIентийн даьIахкаш хIинца а лохуш а ду“, - аьлла тIе а тухуш.

64 шо долу Толимир Здравко тIаьхьарниг ву ХIаагехь кхеле озийнарг, 1992-1995 шерашкахь Боснехь хиллачу тIамехь бусулбачу нахана тIехь геноцид ярна бехке лоручу зуламхойх. Адамаллийна дуьхьал зуламаш дарна велла дIаваллалц набахтехь валла хан тоьхна цунна.

Цуьнан накъост а, куьйгалхо а хилла волчу вукху тIеман зуламхочунна Младич Раткона еш йолу кхел хIинца а чекхъяьлла яц.