Александр Черкасов, Эхо Кавказа
Ши бутт а ца баьлла, ткъа дуьнено дицдича санна хетало хилларг. 2019-чу шеран Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Германин коьртачу шахьарахь Берлинехь, Жима Тиргартен бешахь – Рейстагна уллехь – вийра Гуьржийчуьрчу Паьнгазара схьаваьлла нохчо Хангошвили Зеламха. Версийн георгафи шуьйрра ю – Гуьржийчоь, Москох, Одесса. Ткъа Нохчийчоь бехкехила мега боху верси ю, янне а яц аллал, кIезигчех.
ПIераскандийнахь, делкъе хиллале, рузбане ваха араваьлла Хангошвили Зеламха. ТIехьашхула вилспетахь тIевеана цунна киллер. Массийттаза белшах, коьртах тапча тоьхна. ТIьаххьара кхин цкъа а герзан лаг озийна, са доккхуш. Зулам ша динчу меттигна ах-чаккхарма юьстах, Шпрее-хин йисте вахана, шегара вилспет, тIе тата цадолуьйту гIирс хIоттийна Glock-26 тапча, коьртах юхку месаш хичу а кхийсина, хьалххе шена кечйинчу мопеда а хиина, вада воьлла киллер. Амма цо лелориг дерриг а гуш Iийначу кегийрхоша кхайкхинчу полицино лаьцна генавалале.
Дуккха а хаьа вайна зуламхочух лаьцна, вуно дукха: The Insider, Bellingcat, Der Spiegel дика хьавзира хилларг толлуш, дуьненна зорбанехула довзуьйтуш. Кехаташца – 1970 шарахь вина Соколов Вадим Сергеевич ву иза. Амма Оьрсийчоьнан бахархойн базехь вац и стаг. Виза йоккхуш яздинчу Петарбухарчу адресца а вац. Делахь а, харц деллачу паспорта тIе виза тоьхна Францин векалто. Европе веача, Полшехь, шен "болх" дIакхехьа, петар лаьцна цо. Цигахь карадеана цунна герз, цига юхаван дагахь а хилла, ша дийриг дина ваьлча. Берлине машенахь вахана иза. Гарехь, ца хилла ша цхьаъ – Хангошвили цхьамма гайтинчух тера ду цунна.
Your browser doesn’t support HTML5
Киллерах лаьцна массех версеш ю яьржина. Билггал нийсаниг ю олийла дац цхьаннах а. Цкъачунна и билгало яцахь а, ду кхеташ дукха хIуманаш.
Детективаш ешна долчу вайна хаьа стаг вийча талламчашна хIун хаа оьшу: динчу зуламан битамаш, иза дан кечбина аьттонаш, цуьнан бахьана. Хьалхара шиъ довзуьйту битамаш бу дуккха а дукха.
Ткъа бахьана…
Стенна оьшура Хангошвили вен, къаьсттина Европехь, билггал Германехь – Оьрсийчоь цивилан дуьнененна юкъайига гIерташ хьийзачу пачхьалкхехь?
Шен 20 шо долуш Паьгазарчу Дуиси юьртара жима стаг Хангошвили Зеламха дIакхетта Ичкерин тIеман тобанех, хилла "юккъерчу могIаршкахь" баьчча. Масхадов Асланца даьккхина сурт ду цуьнан – амма дуккха а ду кхечу тIемалошна даьхна суьрташ а. Шен ког лазийча, Гуьржийчу юхавахана иза. Цул тIаьхьа, гергарчара дийцарехь, кхин ца хилла Ичкерин я цунах гарабевллачу ницкъийн декъахь , ца кхаьбна цаьрца зIенаш а. Доьзало бахарехь, Гуьржийчохь бизнес лелийна Зеламхас – моз кхехьна СаIудийн Iаьрбийчу, дечка пхьалгIа латтийна, петарш юхкуш лелла, Тбилисехь кафе схьайиллина.
Бакъду, 2008-чу шарахь, Оьрсийчоьно Гуьржийчохь "пхеа дийнан тIом" гIаттийча, хаам арабелира, Хангошвили, ах-бIе тIемало шена улле а ваьккхина, гуьржийн эскарх дIакхета, машенашкахь Цхинвалин агIор воьдуш ву, аьлла. Ткъа ца кхиина иза – чекхбаьлла тIом. Делахь а, дац иза иштта хилла я ца хилла ала цхьа а мехала тоьшалла.
Your browser doesn’t support HTML5
Амма кхин цхьа тоьшалла ду гергарчара деш – иза догIу мелла а тидаме эца. Зеламхин вашас Хангошвили Зураба дийцарехь, Зеламха вен арабевлла лелла Оьрсийчуьра къайлах ницкъаш, уьш гучубевлла гуьржийн низамхошна. ХангошвилигIара гIо а деш, Iорабаьхна уш, делахь а ца лецна.
РогIера ду кхин а цхьа тоьшалла. 2008-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 16-чохь Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша яздора, гуьржашна болхбеш волу шпион, Оьрсийчоьнан вахархо, нохчо, Туркошвили Рамзан лаьцна, иза гуьржашна болхбан кечвиначаралахь ву Хангошвили Зеламха, бохуш.
Билггал хуушдерг
"Нохчашна лачкъа меттиг" а, нохчий бовду меттиг а Паьнгаза ю бохучух тешна йолчу Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша йиллина тергонехь кхобу и регион. Цигарчу бахархошлахь Хангошвили Зеламха массарел а "мехала объект" яра царна. Амма иза ведира даймахкара.
ХIинца хьовсур вай хиллачуьнга къайлахчу сервисан белхахойн бIаьргашца. Церан болх – уггаре хьалха кехаташца бу. "ГIуллакхаш". Йозанийн таппаш. Башха а дац, кехата тIехь я компьютер чохь. ХIун, муьлха информаци хилла хила еза Хангошвилин "гIуллакхехь"?
Советан заманара КГБ юьйцуш хилча, иза хир дара "оперативан билгалоне эцар", тIеман заманара СМЕРШ йийцахь – "филтрацин гIуллакх". Оцу тептаршна юкъайогIуш хир яра стаг хьахош мел йолу информаци. Ткъа и стаг билггал "кхераме" велахь – доьллур дара "леррина зеран гIуллакх". КхидIа айдан тарло бехктакхаман гIуллакх а.
Ала ду, "къайлахчу сервисашца болхбина хиларх" болу хаам цахуьлийла дац Хангошвилин "гIуллакхехь" – бен а дац, бакъ ду иза я харц ду.
Кхин а цхьа тидам тIебохуьйтуш йолу эпизод. 2012-чу шеран Марсхьокху-беттан 29-чу дийнахь Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло даржадо, Кахетерчу Лопота чIожахь хааелла Европера баьхкинчу нохчийн тIемалойн тоба. Бохура, цара закъалте лаьцнера меттигера бахархой, уьш мукъабохуш велла гуьржийн кхо низамхо, пхиъ лазийна, 11 нохчийн тIемало вийна.
ТIаьхьо, хIетахь Гуьржийчоьнан Кхерамзаллин кхеташонах куьйгалла дечу Таргамадзе Гивис элира, Хангошвили хилла пачхьалкхан ницкъашний, тIемалошний юкъахь зIе латтош, берта къамелаш деш. Цуьнца вара, элира, цхьа зама хьалха нохчийн тIемалошлахь лелла волу Чатаев Ахьмад а. И шиъ массийттаза воьлла бертан дийцаршна юкъа, Хангошвилис къамелдар бахьана долуш, тIемалоша дIахецна шаьш лецна гуьржийн низамхой, бохура Таргамадзес. Ткъа прессо яздора, Хангошвили контртерроран урхаллин белхахо ву – амма Таргомадзес иза бакъ дац, Хангошвили Паьнгазахь "дош лелаш стаг ву, цундела цуьнан гIоьнца аьтто балла дов дерзо", бохура.
ХIинца ойла ел аш, и хаамаш муха буьйшур бу Хангошвилин "гIуллакхехь" долчу документашна юкъа?
Ала деза, кхин нах а бара Лопотара нохчийн тIемалой пачхьалкхера арабаха гIерташ бечу белхан декъа ийзийна – Папацкори Руслан а, Махаури Тимур а (Басаев Шемалца лелла тIемало). ТIаьххьарниг гуьржийн къайлахчу ницкъашна болхбеш хиларх шеко а яцара.
2015-чу шарахь кIелойира Зеламхина – Тбилисерчу некъа тIехь цуьнан машен сецча, герз диттира цунна. Иза лазийра, амма ша кхечира лоьрашна тIе. Оьрсийчуьра ницкъаш бу цунна чов йинарш, бохура массара а, ткъа Гуьржийчоьнна ца лиира Москох даръян, ца толлуш, дижийра хилларг.
Your browser doesn’t support HTML5
Шена герз тоьхначул тIаьхьа Гуьржийчоь дIатесна Хангошвилис. Цхьана ханна иза Iийра Одессехь. Оцу муьрехь Одессин губернатор вара Гуьржийчоьнан президент лаьттина Саакашвили Михаил, ткъа меттигерчу полицин коьртехь вара гуьржийн полицин буьйранчин гIовс Iийна Лордкипанидзе Георгий. Лордкипанидзе вара Лопотахь 2012-чу шарахь нохчийн тIемалошна дуьхьал дIаяьхьначу операцин коьртехь, цунна цигара дуьйна вевзаш вара Махаури а, Хангошвили а. Оцу хьокъехь йолу информаци а хила еза Хангошвилех лаьцна къайлахчу сервисаша шайгахь кхобучу "гIуллакхехь". Цу тIе, Украинехьа тIемаш бен нохчий бу къайлахчу сервисаша шайн тидамехь латтош.
Стенна? Хаам бара лелаш, Махаури вахана Одессехь Лордкипаниздена тIе 2016-чу шарахь, цул тIаьхьа ваьлла иза Украинан тIеман дакъошца цхьаьна Донбассехь лаьттачу "Ушарма Шайхан батальоне", бохуш. Цул тIаьхьа шо далале вийра Махаури – Киевна юккъехь, машен а эккхийтина.
Буьйцучу муьрехь Хангошвили хIун лелош вара Украинехь, иза вайна хууш дац. Делахь а, цуьнца гома хила иза цигахь хилла хилар а тоаме ду иза тергалвеш Iийначу къайлахчу ницкъашна.
ТIаьххьара а Хангошвили Зеламха воьссина Германе. Юьхьанца меттигерчу кхерамзаллин белхахоша иза "махканна кхераме а лоруш", латтийна шайн тидамехь, амма 2018-чу шарахь дIаваьккхина шеконийн тептарара. Хангошвилин зудчо бахарехь, Зеламхас шена кхераме меттиг лоруш хилла Германи. Берлинерчу полицига дехна а хилла цо ша Iалашвар, амма тергал ца вина цигахь. Ша кхерама кIел вуйла а кхеташ, меттигерчу нохчашца кIезиг юкъарло лелийна Хангошвилис.
Таханенна вайна хууш долчуьнца, Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъаша тидама кIел латтийна Хангошвили 2008-чу шарахь дуьйна. Иза волу меттиг хаар, схьакарор а хилла царна оьшучу информацех.
Мел ца хиллехь а Зеламха хIуманна бехке, тIех дукха нисвелла иза "хьашт доцчу хенахь хьашт доцчу меттигашкахь". Ткъа пачхьалкхо кечбечу къайлахчу ницкъашна иза ду тоаме – "стаг дIаваккхар" бу церан болх.
"Берлинера зулам" хьахош, дац дицдойла цунах тера долу кхин дараш – 15 шо хьалха Къатарехь Яндарбиев Зеламха верна тIера схьа дозанал арахьарчу нохчашна дуьхьал дуккхаза а дина зуламаш.
КХИН А ХЬАЖА: Степанов? "Берлинехь стаг вийнарг" хила тарлучун кхин а цхьа суртИ доллу зуламаш дага а лоцуш, "Берлинера зулам" цаьрца а дузуш, талламбан кийча дуй Германин Iедал?
Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш "йохъяла йоьллачу" кху муьрехь хир буй Германерчу политикийн "Берлинера зулам" доггах талла а, Iорадаккха а лаам? Я пачхьалкхаш вовшашна гергаяхар коьртаниг а лерина, тийна-таьIIина, ай ца деш, дижор ду хилларг?