Your browser doesn’t support HTML5
Австрера нохчийн зударий овхIанхошца цхьаьна МаутхIаузен концлагере экскурсе бахнера. „Iожаллин лагер“ аьлла цIе йолчу МаутхIаузенехь ШозлагIа Дуьненан тIом болчу хенахь цу лагерехь нацистийн таIзарех 200 эзар герга стаг чекхваьлла.
Царна юккъехь доккхах долу дакъа полшхой, Советан пачхьалкхарчу къаьмнех нахий хилла. Хилла цигахь иштта жуьгти а, ромахой а, ур-аттала кавказера орамаш долу нах а, мел кIезиг а цхьа нохчо а. Гуларчу хьесапехь 30 пачхьалкхашкара хилла концлагеран тутмакхаш.
Венерчу нохчийн зударий вовшахкхетачу „Зударийн кафе“ олучу проектехь дакъалоцуш болу зударий, кест-кеста Австрерчу тайп-тайпанчу музейшка а, историкаллин мехалла йолчу меттигашка а боьлхуш Iадат болу, МаутхIаузене баха лаар царна шаьш бехачу мехкан истори йовза лаар а, наци заманчохь адамашна тIехь лелийначух лаьцна шайн дуьйцуш хезнарг зе а, талла а, шаьш шайн бIаргашца цу хиламийн лараш ган а лаам бар. ОвхIанера орамаш долчу зударшца цхьаьна цара де даьккхира Вена гIалана ши бIе чакхарма генарчу концлагеран музейхь.
ХIун гира царна цигахь? 1938-чу шарахь йина, тIом дIабаьллачу 1945-чу шаре кхаччалца 200 эзар герга стаг шех чекхдаьллачу концлагерехь байъинчу 90 эзар нехан ларш. Уьш Iийна баракаш, цара болх бина тIулг боккху пхьалгIанаш.
Царех кIелбиснарш хIаваэхула дIавш чу а доуьйтий, бойъуш хилла газкамераш. Юха цу байъинчийн декъий дагош хилла крематореш. Я дийначарна а, беллачарна а тIехь лоьраш Iилман эксперименташ ечу хенахь уьш тIехь Iихкина тIулган стоьлаш. Байъинчеран сибаташ а, цIераш а.
Экскурсехь дакъалоцуш хиллачу зударехь цхьаммо, Мамакаева Заринас Маршо Радионе дийцира, шен МаутхIаузен концлагерехь хиллачу синхьаамех, шена цигахь гинчух лаьцна.
Мамакаева Зарина: „Яхана дохко ца яьлла со цига. Сайна хIинцалц гина а, хезна а доцу хIума гир суна цигахь. Доллучу дуьнентIера нах хилла-кх цигахь хьийзош. Оцу хенахь хилларг, цу нацисташ лелийнарг диц ца далийта гIерташ а, цу нехан цIераш а, яххьаш а юхаметтахIиттош дукха болх бина цигахь байъинчеран тIаьхьенаша.
Вайн цIахь тIемаш болуш нахана тIехь лелийначух наха сайна дуьйцуш хезнарш карла а девли суна. Цигахь хIаллакбинарш суна сайна бевзаш ца хиллехь а, чIогIа къахетар царна хилларг гуш, кхузахь багийна-кх уьш, кхузахь газ хецна-кх царна, кхузахь тоьпаш тоьхна-кх царна, бохуш. Цундела чIогIа Iаткъам хилира тхуна“.
Маутхазенехь байъинчарна юкъахь ву ишколашкахь дуьйна массарна а вевзаш волу оьрсийн инарла Карбышев. Цунна лерина йоза а ду цу лагеран пена тIехь.
Уггаре а Iаткъамечех ю цу лагерехь мел байъинчийн цIераш тIехь йолу чоь. Кегийчу кIайчу элпашкахь Iаьржачу экъанашца тIехь цу чохь мел вийначу стеган цIе язйина хIоллам бу цу чохь, „ЦIерийн чоь“ аьлла цIе а тиллина.
Бумматара цIера а волуш, 1912-чу шарахь вина волу нохчо а ву цу могIаршлахь. Мержоев Далмихан хилла цу стеган цIе. 1945-чу шеран чилла беттан 25-чу дийнахь кхелхина иза. Кхин цул сов информаци яц лагеран белхахошкахь а.