Нохчийчоьнан парламентан 18 шо кхачарна лерина декъалдарш зорбане даьхна Нохчийчонан урхалхочо Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, оцу доллу шерашкахь республикехь "жигара, йуьззина демократин процессаш хилла". 2023-чу шарахь меттигерчу пачхьалкхан органо мел кIезиг а бIе керла низам тIечIагIдира, цуьнан цхьана декъо шорйо регионера Iедалан бакъонаш, лахдо лелочу харцонех жоьпалла тIехь хилар. Кавказ.Реалиин редакцино теллира уьш, хIинца дуьйцучу уггар а билгале хиллачех.
Жайни тIехь бина хийцамаш дика бара
Дешарх лаьттачу республикин низамехь охан-баттахь бинчу хийцамаша керла бакъонаш йелира Нохчийчуьра Iедалхошна. Мехкан парламенто пурба делира министрийн кабинетана федералан йукъарчу доьшийлан программаш кечйеш дакъалаца – "регионалан, къоман, этнокультурин башхаллин чоьтан декъехь". Цул хьалха низамо магадора "масале коьрта йукъара дешаран программашна йечу экспертизехь дакъалаца.
Дешаран программаш хIиттош дакъалаца регионалан Iедалхойн бакъо хилар тIетуьйхира гезгамашин-баттахь федералан низамна – оццу формулировкица. И хийцамаш йукъабалийра Оьрсийчоьнан парламентан депутатийн тобано а, сенаторша а, коьртехь парламентан куьйгалхочун гIовс Толстой Петр волуш.
Оцу хийцамех кхетош улло даьккхинчу кехата тIехь цхьана а агIор хьахийна дац регионалан Iедалхойн керлачу бакъонех лаьцна. Цуьнан авторша билгалдаьккхира, йоллу пачхьалкхана цхьатерра йолчу "федералан коьрта йукъара дешаран программашкахь" хийцамаш беш хилар. Уьш кечбийр бу, тIе а чIагIбийр бу Оьрсийчоьнан дешаран министралло.
Тидам тIеузу, шайн дешаран программаш кечйан школан бакъо йуьсуш хиларна, амма церан чулацам богIуш хила беза федералан коьрта доллу дешаран програмаашца – йукъара дешаран чулацам ишта хила беза аьлла керла тIедожор ду и.
Историн керлачу дешаран жайнин гIовгIане анонс йинчул тIаьхьа масех де даьлча тIечIагIдира, Нохчийчоьнан министрийн кабинето федералан дешаран программашна экспертиза йина ца Iаш, уьш кечйеш а дакъалоцур хилар. Цуьнан авторех цхьаъ вара- президентан гIоьнча Мединский Владимир. ТIаьхьа гучуделира, СССР йолчу хенахь репрессеш йинчу халкъехь книги тIехь йолу текст "Оккупанташна гIодийраш" аьллачу декъе йаккхарх, ткъа Сталинан репрессех кхетаво кхарачоша а, гIалмакхоша а, нохчаша а, гIалгIаша а , балкхараша а, ГIирмин гIезалоша а Германин Гитлеран эскаршца "йукъарло лелош хилла аьллачу факташца".
Гезгамашин-бутт бовш, Къилбаседа Кавказера йукъараллин организацеша а, хьаькамаша а шога критика йинчул тIаьхьа, Нохчийчоьнан Iедалхоша пайдаийцира федералан программаш кечйеш шайн дакъа лаца йиш хиларх.
Нохчийчоьнан парламенто тIаьхьо дIакхайкхийра жайни тIехь хийцамаш бан шаьш белхан тоба кхоьллина аьлла – президентан администраци а тIетайна цунна бохура. Эххар а историн книги тIехь лакхахь йийцина халкъашна депортаци йарх абзац хийцира.
КХИН А ХЬАЖА: Синтеме совгIат: экономика кхиорехь Нохчийчоьнах "лидер" муха хилира"Коррупцина йукъаийзор"
2023-чу шарахь масех маьIне хийцамаш бира коррупцина дуьхьал долчу Нохчийчуьра низамашкахь – уьш дерриш а хьажийнера депутатийн а, пачхьалкхан белхахойн а гIуллакх къегина ца хилийта.
Лахьан-баттахь Кадыров Рамзана хийцамаш бира республикера парламентан депутатан статусех долчу конституцин низамехь – цара мукъабехира нохчийн депутаташ, нагахь санна интересийн конфликт нислахь, муьлхха а жоьпаллех бовлуш, "оцу кепара тIедахкарш кхочуш цадар цунах доьзна доцчу бахьанашца нисделлехь". Оцу формулировкина бухахь кхетош бу тIеман, Iаламан бохамаш, ишта Iедалхойн хIума доьхку а, дозанан а барамаш
ХIара хийцамаш бале хьалха депутатана тIедехкина хеттарш кхочушдарехь документера "шен хьашто хилар" лерринчу парламентан комиссин и талламбан бахьана хуьлура. И доза тохар хилира ахча лучу кхечу гIуллакхца депутат воьзна ца хилийта. Оццу конституцин низамехь тIечIагIдина ду и.
Изза хийцамаш бира товбеца-баттахь коррупцина дуьхьало латточу федералан низамехь а. Оцу йукъанна Кадыровн сацам тIеэцначу федералан низаман тIаьхьало йу, кхетадо Кавказ.Реалии сайтаца къамел динчу Оьрсийчуьра Transparency International йукъараллин лакхара юристо Машанов Григорийс.
Оцу барамийн коьрта проблема йу – нахала ца дахар
"Вуьшта ша идей хьекъале йу, амма оцу мукъабитарна тIехь арахьара контроль йац, прокуратурин бен. И бохург хIун ду, гIара ца далар. Оцу тIехула зуламаш лелор дац олийла дац", - билгалдоккху эксперто.
Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан парламенто иштта кхийцамаш бира коррупцина дуьхьало йаран низамехь: керла артикл тIетуьйхира цунна, цо бакъо ло пачхьалкхан белхахошна прокуратуре хаамбан, "коррупцин низам дохадайта хьийзадо" шаьш аьлла. Цунах хаам бойла ду кхаъ бала гIоьртина пхи де далале. Оцу йукъанна хьаькамашкара кхочу хаамаш листа къепе Кадыров Рамзана ша хIоттор йу, аьлла ду керлачу хийцамашкахь.
2022-шеран зазадокху-баттахь Оьрсийчоьнан юстицин министралло а хьийхира и барам. Машановс билгалдаккхарехь, коррупцина дуьхьало латточу низаман 9-чу артиклехь хьалха а дара йаздина, кхаъ бала гIортарх дIахаийта деза прокуратуре аьлла.
"Тарло, нохчийн прокуратуран гина хила, меттигерчу коррупцина дуьхьало латторах низамехь барам шалхабаьккхина бацар, тIаккха сацам бина цара, шайн гIаж хадо, и кхачамбацар нисдан деза аьалла, йаздеш", - билгалдоккху цо.
Оцу йукъанна коррупцица къийсам латторан цу нохчийн низамехь пачхьалкхан белхахой бийцина ца Iа, ханна пачхьалкхан даржаш дIалоьцурш а цхьаьна бу, - мехкан урхалхо а, депутаташ а, министраш, кхин дIа дуьйцу юристо. Кхаъ бала гIортарх кхаьчна хаам таллар регионан карахь ду, цундела оцу тайпа сацамашкахь тамашен хIума дац.
"Аса эр дара, оцу йоллу нормийн коьрта проблема йу, царлахь нахана гуш-хезаш хIуммаъ деш цахилар: цхьаммо цхьанна цхьа хаамаш бо. Вайна хууш ду, уьш маса бу, цхьаммо а Нохчийчохь бой и хаамаш – и дерриг а къайлах лелош ду", - билгалдоккху къамелдечо.
Хаамаш къайлабахьар
2022 –чу шеран чакхенехь Нохчийчоьнан урхалхочо шен омраца бакъо йелира Нохчийчуьра 676 пачхьалкхан а, муниципалан а "предприятешна" шаьш бечу балхах интернетехь ца дийца. Социалан коьрта хеттарш луьстуш йоцчу организацийн федералан тептарехь йазбина бара уьш хьалхо, амма оцу йукъанна декхаре бу машанехь шайн балхах лаьцна зорбанехь дийца: куьгалхойх, пачхьалкхана оьшург эцарех, шайн контактан хаамех а, кхиндолчух а.
Пачхьалкхана оьшург эцарх хаамаш зорбане бохучуьра мукъабаьхна низамо пачхьалкхан органийн балхана оьшург латтон йоллу урхаллаш: министраллаш, министрийн кабинеташ а, церан къаьстина комитеташ, праламенташ, омбудсмен, иштта Нохчийчоьура конституцин кхел а, машаран кхелаш а.
Нохчийчоьнан Iедалхой кхоьру, дозанал арахьа и нах тергоне эцарна
Цул совнах, шех лаьцна информаци йаржон декхаре болчийн тептарера дIайаьккхира транспортан а, зIенан а министралла, иштта физкультурин а, спортан а министралла а. ТIаьххьара министран гIовсан даржехь болх беш ву лахьан-баттера схьа Кадыровн кIант Ахьмад – оцу даржехь чIагIвира иза цуьнан 18 шо кхаьчначу дийнахь. ХIетахь, керлачу низамо ма-хьеххара, урхаллин официалан сайтехь информаци йац Нохчийчоьнан спортан министран гIовсах лаьцна – урхаллин кхечу куьйгалхойх лаьцна хаамаш а санна.
Машанехь гIара ца бохучу декъехь нисйелла дуккха а муниципалан а, пачхьалкхан а кеп-кепара урхаллаш: кIоштан къинхьегаман а, социалан кхиаран а дакъош, некъан урхаллаш, жижигах сурсаташ йен комбинаташ, йуьртбахаман компанеш а.
Диллинчу тептаршкара дIайаьккхина акционерийн "Чеченнефтехимпром" йукъаралла а, активаш шайга схьайерзайахьара аьлла, Путине Кадырвс дехар динчул тIаьхьа цуьнан долахо хилира Нохчийчоь 2018-чу шарахь
"Бахархойн транспортан а, зIенан а компанеш йоьзна йу Украинерчу тIамца. Суна хетарехь, царех лаьцна йоллу информаци къайлайаьхьна, хIунда аьлча, Нохчийчоьнан Iедалхой кхоьру, пачхьалкхал а арахьа и нах тергоне эцарна. Пачхьалкхана чохь а уьш билгалбохур бу, хан йогIур йу, церан жоп дала дезаш", - билгалдоккху Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь нохчийн политолого Кутаев Руслана.
Къамелдечо мах хадорехь, Нохчийчохь йа Оьрсийчохь Iедалхоша могIарерчу нехан оьгIазаллех кхоьруш хаамаш къайлабаьхьна бохучух хIинца ца теша. Оцу хьолехь Кадыровн Iалашо йу - шен доттагIий а, уллора гергарнаш а санкцех ларбар, хIунда аьлча, уьш ма буй и йоллу министраллаш а, пачхьалкхан а, муниципалан а урхаллаш а карахь йерш, дерзийра къамелдечо.
- Шо карадеачхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана мел кIезиг а шен герагара итт стаг республикера пачхьалкхан лаккхарчу даржашкахь дIатарвина. Лакхара дарж делира цо шен 15 шо долчу кIантана Адамна а. Цуьнца цхьаьна, Кадыровн могушалла телхина йогIу бохуш, даржийначу йукъанна, совгIаташ доькъу, иштта федералан тIегIанехь а цуьнан доьзална.
- Пачхьалкхан даржашкахь ду Кадыровн бераш, йижарий, невцарий, йиша-вешин доьзалхой, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира республикан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу КадыровгIеран цIийнах болчех дуьззина тептар.
- Гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун 70 шо долу нана, Кадыров Ахьмадан цIарах гIоьналлин фондан куьйгалла ден Кадырова Аймани, Американ бахархошна а, резиденташна а бизнес лелон дихкинчу нахах хIоттийначу"Iаьржачу тептаре" йазйира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло. Царна жоп лучу цуьнан кIанта тIедожийра америкахойн Iедална, сацам хийцар, цо чIагIо йира "иштта дуьтур дац" ша аьлла. Сил чIогIа цо реакци йар доьзна хила тарло, Iарбойн пачхьалкхашкара КадыровгIеран доьзалан активашна кхерам латтарца, тешна бу редакцино хеттарш дина эксперташ.