Жоьжахате хьажор ву: тIамтIе ца ваха ведда нохчо Францин Iедалша Оьрсийчоьне дIавала тарлуш ву

Цинцаев Муслимехь хIоттийна митинг

Францихь, Австрихь, Бельгихь митингаш хIиттийнера 25 шо долу нохчийн мухIажар Цинцаев Муслим пачхьалкхера араваккхарна дуьхьал. Даймахкахь тIамана дуьхьал цуьнан дог-ойла хиларна лачкъийна хиллера иза кадыровхоша, дIахьедира цо. Оьрсийчохь Цинцаев бехкевина терроризмана. Иза бехкевина, шена вевзаш хиллачу цхьана накъостана ши евро ахча дехьадаьккхина аьлла. ТIаьхьо гучудаьлла, и стаг дуьнеанйукъарчу лехамашкахь хилар. Нохчийчуьра бахархой Европан пачхьалкхашкара арабохуш хиларо сагатдойту, бохура тхан редакцино хеттарш динчу жигархоша. Цара билгалдоккху, диаспоран декъашхошна а кхерам бохьуш хиларх цо.

Лахьан-беттан 18-чу дийнахь Венера а, Брюсселера а францхойн векалташна хьалха митингаш дIайаьхьира Цинцаев Оьрсийчу дIахьажорна дуьхьал. Оьрсийчоь – террорхо-пачхьалкх йу, цигахь мухIажарна тIехь ницкъбан йиш йу, иза вен а тарло, дIакхайкхийра митингехь вовшахкхеттачара. Цара кхайкхамбира, иза дIавала хьийзар йукъахдаккха аьлла. Цуьнан дахарна а, маршонна а боккха кхерам бу, цунна экстрдици йахь, аьлла ду францхойн дипломаташка гулбеллачара дIакховдийначу кхайкхамна тIехь йаздина.

Нохчийн "Цхьааллин ницкъ" цIе йолчу оппозицин боламо лахьан-беттан 20-чохь вовшахтоьхна и санна митинг хилира Парижехь а. Цинцаев воцург а, цигахь дагайаийтира Нохчийчуьра йахархо, кхаа беран нана Хадисова Салима. Хорватера депортацин набахтехь латтош йу иза хIинца а,

ТIом бан цалуурш лецар

Украинехь тIом болабеллачу хенахь Цинцаев Хьлах -Мартанахь вехаш вара. Кхелехь цо чIагIдора, ша тIамтIе ваха дуьхьал ваьллера, и тIом нохчийн гIуллакх долуш тIом бац бохуш. Оцу тIехула кадыровхоша лецира иза, цунах ахча дехна а хиллера, ца хуьлчу далахь, террорхойн могIаршка воккхур ву шаьш бохуш, дийцира цуьнан гIуллакх девзачу "Цхьааллин ницкъ" боламан жигархочо Сулейманова Фатимас.

2022-чу шеран лахьан-баттахь Цинцаев Франци дIавахара, цигахь тховкIело а йийхира цо, амма цуьнан дехар тIе ца дитира. ГIуран-бутт йуккъе баьллачу хенахь оцу сацамна бина латкъам толлур болуш бу апелляцин кхелехь. Ша Европехь даьккхинчу шина шарчохь 25 шо долчу мухIажаро зуда а йалийна, шина йоьIан да а хилла цунах, дийцира цуьнан дахарх лаьцна Сулеймановас. Кху аьхка мангал-баттахь лецира иза, масех бутт а бу иза Френ гIаларчу набахтехь латтош волу, экстрадици йарх хаттар листина даллалц.

Европера нохчийн мухIажаршкахьа хIоттийна митинг

Террорхойн а, экстремистийн а реестре йазвина иза 2022-чу шеран мангал-баттахь "террористийн" седанца къастош. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин карточки тIехь йаздина ду, иза лахаран лаам Нохчийчуьра Хьалха-Мартана кIоштан полицин декъан бу аьлла. Дуьххьара 2020-чу шарахь лаьцнера Цинцаев, цунна вевзачунна ши евро дехьадаьккхина карти тIе аьлла (оцу хенахь – 150 оьрсийн сом дара и.-Редакцин билгалдаккхар), боху "Европера машаран цIийнан" бакъоларйархочо Газиева Фатимас. ТIаьхьа гучудаьлла хилла, цо ахча дахьийтина стаг терроризмана бехке веш хиллийла.

ТIаккха схьайаьккхинера Цинцаевгара телефон: цуьнан цIарах кадыровхоша аккаунт схьайиллинера инстаграмехь, цу тIера патармаш хьехош цхьа хаам бахьийтина а хиллера, цунах лаьцна дуьйцу Газиевас. Цунах тоьшалла хилира, иза терроризмана бехкеварехь, бохура къамелхочо: "Парижера кхелехь адвокато дIахьедира, аккаунте йала шен аьтто хилча, тIечIагIдан йиш хир йара шен, и хаам ша Iалашвечо бахьийтина бац аьлла. Амма, йа Цинцаевн а, йа цуьнан гергарчу цхьанна а таро йац и агIо схьайелла, карарчу хенахь иза а къевлина йу".

Кхелехь францхойн прокуроро дIахьедира, нагахь санна, дуьйцург цхьа евроцент бен дацахь а, терроризмана гIо латтор ду и, бохура кхеташонехь дакъалоцучу бакъоларйархочо.

Формалехь хьовсар

Нохчийчохь Цинцаевна тIаьхьабевлла, иза тIом бан ваха дуьхьал хиларна, ткъа терроризмах долчу гIуллакхах гIирс хилла, дуьйцу "Цхьааллин ницкъ" боламан векало Сулейманова Фатимас: "Кадыровн Iедало а, Путинан Iедало а лоьцуш бу, тIамана дуьхьал мел буьйлурш. Оцу йукъанна вайна хууш ду, Оьрсийчоьнан пропаганда муха йу – боллу нохчех террорхой бар, и бале даьлла дуккхаъчу мухIажаршна. Ма-дарра аьлча, Кадыровн а, Путинан Iедалан раж бахьана долуш бала лайнарш бу уьш. Амма уьш йуха а жоьжахате хьийсабо".

Кадыровн а, Путинан Iедалан раж бахьана долуш бала лайнарш бу уьш. Амма уьш йуха а жоьжахате хьийсабо

Муьлхха а таронах пайдаоьцу нохчийн диаспорин векалша, шайгарчу хьолах лаьцна кхин цкъа а дIахаийтархьама, бохура Газиевас: "Шайггара бехкзуламан гIуллакхаш доьллуш конвейерца цхьа система кхоьллинчех тера ду Кадыровс а, Путина а. И стаг билггал бехке вацахь а, Оьрсийчуьра ницкъахошна хIуммаъ а хала дац Интерполе хаам бан. Критика йарца тIеэца деза Европера бакъоларйаран органаша оцу кепара дехарш, амма вайна гуш ду, лехамашка стаг веллачул тIаьхьа нах леца буьйлало".

Масалан метта цо дагадаийтира Албаков Исламах хилларг. Бельгера депортацин набахтехь пхеа шарахь гергга латтийра иза, масех кхелан инстанцешкахула чекхвелира иза Францихь, гIаттамхошлахь хилла ву аьлла, шена бехкаш дахкар бух боцуш хиларх тешон аьтто баллалц. Эххар а Албаков маьршаваьккхира, Европехь миграцин статус а йелира цунна.

"Оцу заманчохь бIаьрса телхира цуьнан, могушалла а ийшира. Бехк боцуш цунна тIаьхьабевлла хиларна, Европехь тховкIело йалийта ницкъ ца кхачарна, цо хьегначу баланан мах хьан хадор бу?", - дерзийра Газиева Фатимас

"Леррина" йукъаметтиг

Украинехь тIом болийначул тIаьхьа депортацеш йаран терахь лахделира Францина а, Оьрсийчоьнна а йукъахь лела кеманаш совцарна. Амма хIетте а кхерам дIа ца байбелира, тидаме ийцира "Францера нохчийн Йукъараллин" президенто Магамадов Рамзана.

Цо билгалдаьккхира: францхойн Iедалхойн нохчашкахьа цхьа "лрерина" хьежамаш хилар диаспоро шегггара дуьйцуш хIума дац. Дискриминаци лелош хиларх хьалхо тIечIагIдора францхойн бакъоларйаран организацеша - "Адаман бакъонийн лига" (Ligue des droits de l’Homme), "Нохчийн комитет" (Comité Tchétchénie) и "Среда обитания" (Habitat-cité). 2022-чу шарахь цара кехат дахьийтира ООН-н расийн дискриминаци дIайаккхарехула йолчу комитете, пачхьалкхера нохчашна депортаци йан мегар дац аьлла.

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкара схьа ду дукха хьолахь нохчех вочу агIор кхоьллина сурт

"Ала тарлора, оцу кепара дог-ойла хилар Пати Самюэль вийначул тIаьхьа доладелла дара (историн хьехархо, 2020-чу шарахь вийна иза Парижана герггахь 18 шо долчу Нрхчийчуьра схьаваьллачу Анзоров IабдуллахIа. Бахьана ду бохура хьехархочо урокехь Мухьаммад Пайхамарна йехкина хилла каритатураш гайтар, тIаьхьо гучуделира хьехархочунна тIехь и харц кхоьллина хилар. – Редакцин билгалдаккхар). Амма ма-дарра аьлча, кхин а дикка хьалха дуьйна доладелла хIума ду хIара. Суна хетарехь, Францера нохчийн имидж вочу агIор гайтар доккхачу декъана Оьрсийчоьнан зорбанашкара деана ду. Ши тIом цигахь боьдучу заманахь даржийна дара и. Европехь ксенофоби а, исламофоби а кхуьуш йогIучу йуккъанна нохчий бехбан атта ду царна", - аьлла хета Магамадовна.

Дискриминацица къийсам латтон диаспорин йа ницкъ а, йа зеделларг а цахиларца доьзна ду и, аьлла тIетуьйхира цо: "Оцу кепара "къаьсттина" тхайгахьа хьежамаш Iедалхошкахьара бен ца хаало тхуна, къегина масал ду – чоьхьарчу гIуллакхийн министр хилла Дарманен Жеральд. МогIарерчу францхошна йукъахь нохчий ца безар ца хаало. Суна хаарехь, нохчашца уьйр йолчу йа полисхойн а бац и цабезам".

Цинцаев Муслимехьа гIо доккхуш дIахьедр дира "Францера нохчийн Йукъаралло" а. Цу тIехь билгалдоккху, Нохчийчуьра бахархой Оьрсийчоьнан рожо хьийзон дела уьдуш бу, нагахь санна, уьш церан кара йуха дIалахь, цаьрца къизаллаш лелор йу, уьш байъа а тарло.

  • Францхойн лаккхара хьаькамаш оьрсийн, нохчийн Iедалхошца уьйраш хилла аьлла, шеконе бехкинера 2023-чу шарахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Дарманен Жеральд, Лакхарчу Вьенан префект Морси Сеймур, Парижан полицин хилла префект Лаллеман Дидье а 202I-чу шарахь Гадаев Мохьмад "нуьцкъаша къайлаваккхуш декъашхой хилла бу" бохура. Ша даймахка дIахьажорна дуьхьал ваьллачу 37 шо долчу Шадаев Мохьмада шен гех урс теснера депортацин набахтехь. Оьрсийчу кхачийна ши де даьллачу хенахь иза лачкъийна вигира нохчийн полицино, цул тIаьхьа шайггара бехкзуламан гIулакх цунна дуьхьал даьккхира, дIадиллина гез латтийна аьлла. 2021-чу шеран мангал-баттахь шогачу хьелашкара колонихь йаккха хан туйхира цунна – 18 бутт.
  • 2024-чу шеран дечкен-баттахь бакъоларйаран Amnesty International организацино кхайкхам бира европахойн пачхьалкхашка, Къилбаседа Кавказера мухIажарш Оьрсийчоьне дIа ма ло бохуш. Даймахкахь царна тIехь Iазап латтон тарло, йа Украинера тIаме хьийсон тарло уьш, дIахьедира бакъоларйархоша.
  • ТIаьххьарчу шерашкахь Францино шайн пачхьалкхера арабаьхна иттаннашкахь нохчийн мухIажарш, мехкан маршонехьа къийсам латтийнарш а, ишта Кадыров Рамзанан рожо хьийизинарш а, чIагIдора Comité Tchétchénie, Habitat-Cité организацийн векалша. Билггал уьш маса ву хууш дац. Хууш ду царна, депортаци йечийн гергарчара хаийтинчу гIуллакхех лаьцна.