Your browser doesn’t support HTML5
Кху тIаьхьарчу масийтта дийнахь Нохчийчохь а, цуьнан дозанал арахьа а, интернетехь а йийца яьккхина ю полисхойн духар доьхначу стага кхиазхочунна етташ йолу видео. Ши кIанттий, цхьа йоIIий ду, цхьана кабинета чу а дигина, чеха а деш, латтош. Бехказа а буьйлу уьш, шаьш аьллачунна.
Цхьана кIанта олу Илисхан-Юрт еза юьрт ю, шаьш цу юьртана аьлларг юхаоьцу. Важа а юьхьIаьржахIоьттина корта охьатаIийна лаьтта, ша дохковаьлла бохуш. Коьрта йовлакх тиллина йоI а ю царна уллехь. Ала ахь а аьлча а, йист а ца хуьлуш лаьтта иза.
Цуьнан багара дош а ца делира. Иза а яра ватсаппехь оьзда доцу къамел динарг. Юха кхин цхьа видео а ю цу хьокъехь. Цхьана Iедалан кабинете валийначу кIантана 2-3 тIара туху полисхочо.
Лата а лата, вовшашна герз а тоха бохуш хьехамаш бо, Илисхан-Юртан тIехоьттинчу полисхочо. И видеош чIогIа йийцаре яьхна социалан машанехь. Бехке бо оцу берийн дай-наной а, царна етташ болу полисхой а. Амма къаьстина мага ца до наха, иштта гIалаташ девллачу кхиазхошна еттар.
Нохчийн юкъаралхочо Абуезидов Сулимана берийн гергарчарна тIера бехк ца боккху, амма собаре боцучу полисхойн бехк бу аьлла хета шена, элира цо цу хьокъехь вистхуьлуш: "Массо а берашна юккъахьи социалан гIирсаш баьржина, боьха хIуманаш а дуьйцу, маьттаза къамел а до".
ХIунда до бохучу хаттарна жоп а луш, кхин дIа а дуьйцу Абуезидовс: "ТIом а хилла, иза дIабаьллачул тIаьхьа шайн хIусамаш таян гIерташ, уьш дайн-нанойн Iуналлера девлла, цхьамма Iама ца дича уьш иштта дуьсу-кх, схьалаца тIам, дIахIотто бух боцуш къамелаш деш. Iедалхойн гIуллакх дац царна тIе куьг дахьа. Дийцинехь, цуьнан дега-нена дIа а хьедай, догIуш далахь, гIуда тоха. Ткъа, хIорш, оцу берийн дай а, наной а хуьлий, лата боьлху. Шайн Iовдалалла ю. Нохчийн низамхошна болх бан ца хаьа. Берана а, стагана а тIекхевда".
Хьалха полисхо вахале стаг Iамош хилла хилар дагадоуьйту Абуезидовс: "Хьалха оцу балха вахале эха шарахь Iамавора, стагана тIе ма кховда, цуьнан бакъонаш ларъе олий. ТIедаьхьча, цуьнах къизалла олу. ТIекховдахь, балхара дIа а ваьккхина, чувуллур ву хьо олура. Ткъа, хIорш чухоьхкуш бу. ЖIаьлеш дина-кх цу нахах".
Нохчийчохьь болу низамхой иштта буьрса бацахьара, царна оццул ца езаш йолу "Къизаллашна дуьхьал комитет" йогIур яцара махка, аьлла хета Науран кIоштан вахархочунна Сальмурзаев Шадидана: "Низаман гура чохь дац вай? Мегар дац дера етта.Къизаллашна дуьхьал комитеташ хир ма яц, цара етташ ца хилча".
Изза боху нохчийн журналисто Серганова ТIауса а. Цхьана а кепара магон йиш йолуш хIума дац Iедалхочо маьршачу стагана, берана тIе муххале а, куьг дахьар, элира цо: "Маьттаза къамел дар цхьанна а агIор гIиллакхца дац, уьш мел кегий бераш далахь а. Делахь а, цаьргара и ледарло яьлла хилча, цаьрга низамца цхьанекъ лело безара. ТIе а чехаш еттар, цхьанна а агIор догIуш хIума дац".
Нохчийн бакъонашларъярхочо Саратова Хедас оцу берашца кхолладеллачу хьолехь терго йина цхьа хIума ду. Шаьш етташ хилча, видео хIунда яржийна?
Юха а, Нохчийчохь нахана тIехь таIзарш деш ду, аьлла леррина дийцийта дина теша иза, элира цо: "ТIеман духар а дуьйхина цхьа кегий нах лен а беш, царна тIе куьйгаш кхийдор иза нийса хIума дац. Иза цхьаммо а магийта дезаш хIума дац.И санна хIуманна вай чIогIа дуьхьал хила дезаш ду. Цхьа хаттар а кхоллало: И санна хIума дIа а язйина иза интернет чукхуссучу стага, иза хIунда дина аьлла. Шаьш лелош йолу харцо дIагайта я цхьаъ кхеро? ХIун бахьанаш ду цунна? Иза нийса ду аьлла цхьанна а лартIехь волчу стага а эр дац".
Шаьш аьллачу хIуманна Нохчийчура бахархой дохкохбовлар я дохкохбахар даьржина хIума ду. Кху тIаьхьарчу шерашкахь дуккха а хилла и санна дерг. ХIинца Нохчийчоьнан дозанал ара а даьлла иза. Ткъа, даггара олий теша дохкохбевллачара кхерийнчул тIаьхьа и дешнаш, царна шайний бен ца хаьа.
Your browser doesn’t support HTML5