Зударийн а, божарийн а алапашца уггар а кIезигаха башхалла йу Къилбаседа Кавказан мехкашкахь

Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказан йалх республика, ишта ГIалмакхойчоь а нисйелла божарийн а, зударийн а алапашна йукъахь лаххара херо йолчу итт решионашлахь*. Пачхьалкхехь уггар а кIезигаха хадар ду – ГIалгIайчохь, 8,8% йу и, аьлла ду Росстатан зераш тIехь FinExpertiza компанин йинчу аналитикана тIехь йаздина.

2023-чу шарахь алапашца гендеран башхалла 11,7 проценте кхиъна ГIебарта-Балкхаройчохь, ГIалмакхойчохь – 14,7%, Нохчийчохь – 17,6%, Къилбаседа ХIирийчохь -18,8%, Дагестанехь – 20,6 процент, Кхарачой-Чергазийчохь – 22,4%.

Къаьсттина йоккха башхалла йолчу федерацин итт субъекташлахь йу Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказера а регионашлахь Астраханан кIошт – цигахь 37,9% йу. Пачхьалкхехь уггар а йоккха гендеран башхалла хаайелла Мурманскан кIоштахь, цигахь 45,6% йу, аьлча а, божарша оьцучул а шозза кIезиг алапа кхачадо зударшна.

Йуккъерчу барамехь аьлча Оьрсийчохь зударша 33 процентана кIезиг алапаш оьцу, божарша оьцучуьнга хьаьжча. Талламехь билгалдоккху, 2023-чу шарахь божарша а, зударша а оьцучу алапан башхалла кхиъна тIаьххьарчу 11 шарчохь.

FinExpertiza компанин публикацихь билгалдоккху, хадар къаьсттина доккха хилар лаккхара пайда хуьлучу дакъошкахь дуккха а белхан меттигаш хилар ду аьлла, цигахь дукха хьолахь божарий хуьлу, масала, мехкадаьттна-газан секторехь, индустрихь, пайде маьIда доккхучохь. Дукха хьолахь йу уьш климатан хьелаш чолхе долчу регионашкахь, цигахь дукхахберш вахтан методаца белхаш беш бу.

Мелхо а, лахара зударийн а, божарийн а алапаш ду тIебогIу пайда йукъарчу тIегIанехь болчухь а, бюджетан секторехь белхаш бийраш алсам долчахь а.

* Статистикана йукъа ца эцна аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а, Оьрсийчоьн дIалецначу Украинан Донецкан, Луганскан, Запорожьен, Херсонан кIошташкара зераш.

  • Кху шеран дечкен-баттера гезгамашин-батте кхаччалц хеначохь белхан алапийн тIегIанехула хIоттийначу рейтингехь ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIалмакхойчоь тIаьххьарчу могIаршкахь нисбелла. Кузахь къаьсттина дукха бу 20 сов эзар сом ца кхоччуш алапа баттахь оьцурш.
  • Белхан меттигаш алсамйовларх хIоттийначу рейтингехь Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь а тIаьххьарчу позицешкахь нисйелла. РИА "НовостиРейтинг" агенталлин талламашца, оцу мехкашкахь уггар лахара алапаш ду, лакхара белхазалла а йу.
  • Оьрсийчоьнан къинхьегаман министралло Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Кхарачой Чергазийчоь, Нохчийчоь "тIех сов белхан ницкъ болу" регионаш лерина. Оцу мехкашкара белхазаллин проблема йерзон хьоьху урхалло35 гаре бовлаза кегийн нах "белхан ницкъан къоьлла йолчу" регионашка дехьабахарца – доккхачу декъана Сибире.