Зударшна тIехь Нохчийчоьнан Iедалхоша ницкъбарна дуьхьал миттинг дIаяьхьна Ослохь

Зударшна тIехь ницкъбарна дуьхьал митинг. Норвеги. Осло

Норвегин Ослохь йолчу парламентан гIишлона хьалха митинг дIаяьхьна Дечкен-беттан 28-чохь Нохчийчоьнан Iедалхоша зударшна тIехь ницкъбарна дуьхьал. Нохчийн диаспоран а, Норвегин а жигархой бара цуьнан декъашхой.

Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларна Евробертан пачхьалкхийн тидам тIеозорхьама хIоттийначу акци веанарг вара верриг а 50 гергга стаг. Къобал йина йоцчу Ичкерин байракхаш а, норгийн, оьрсийн нохчийн меттанашкахь плакаташ а дара церан карахь: "Бакъо толийта, нийса кхел яйта", "Совцаде нах лечкъор", "Харцо лелочарна Дала кхел йойла" аьлла. Цхьаберш баьхкинера митинге берашца цхьана.

Гулбеллачара дийцаредира, Кадыров Рамзанан режимна оппозицехь лаьтташ болу Евробертан пачхьалкхашкахь а, Туркойчохь а беха блогерийн а, жигархойн а Нохчийчуьра гергарнаш цхьамогIа лечкъор. Иштта цара хьахийра, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" хиллачу юристан Янгулбаев Абубакаран нана, Мусаева Зарема лоцуш, гIараяьлла истори а. Карладоккху, бертаза Лахара Новгородера Соьлжа-ГIала дIа а йигина, тIе буьтуш адвокаташ а, гергарнаш а боцуш иза латтош йолу кIира сов ду.

  • Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьлла, бовзийтина нах Лахарчу Новгородера ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинера Дечкен-беттан 20-чохь. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешаш санна ледан нуьцкъаша суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIадига бакъо лун кехаташ дара церан карахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларо иза хьаван бакъо ца ло, цундела цхьа Мусаева лецира цара. ТIаьхьо мехкан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана чохь яккха 15 дей-буьйсий хан тоьхна полисхочунна тIелатарна а, иза аьшнашварна а бехкейина аьлла.
  • Мусаева дIахецар тIедожийна Евроберто, Европарламентан депутато, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто, иштта цуьнгахьа онлайн-петицина куьйгаш яздинчу 82 эзар стага а.
  • ГIуран-бутт карабеачхьана Нохчийчохь лечкъийна бигира республикан куьйгалхочун критикийн иттаннашкахь гергарнаш. Шайн нах къайлабахарх дIахьедира ялх стага – бакъоларъярхоша Янгулбаев Абубакара а, Садулаев Мансура, Арцуев Аслана, иштта оппозицин нохчийн блогерша Абдурахманов Тумсос, Халитов Хьасана, Мализаев Минкаила.
  • Адамийн бакъонаш хьешарна а, Нохчийчохь нах лечкъорна а дуьхьал тIаьххьарчу хенахь митингах хIиттийра Страсбургехь а, Венехь а, Ослохь а.