Зударийн дезачу денна лерина “Массо а белхан меттигаш зударшна» (All Jobs for All Women) цIе а тиллина, компани йолийна анидискриминацин «Мемориал» центро. Цуьнан Iалашо ю зударшна бан мегаш бац аьлла къастийна хилла белхаш бан бакъо яккъар.
АДЦ «Мемориал» центран куьйгалхочо Кулаева Стефанияс «Кавказан узел» агенталле дIахьедина, къаьсттинчу регионашкахь, масала, Оьрсийчохь, Азербайджанехь, Эрмалойчохь, Гуьржийчохь белхан меттигаш доза тоьхна хиларх. Ма дарра аьлча, цхьа могIа мехкашкахь цхьацца болчу белхашка зударий биттане а буьтуш бац.
И бехкамаш бийраш ю Оьрсийчоьно советан Iедалан низамашкара схьа а эцна, хIиттийна йолу къинхьегаман кодексаш. Зударша "кхераме а, зуламе а" белхаш бу цара къастийна, бан ца магош, боху "Кавказан Узелна" шен пресс-релиз йовзийтинчу "Мемориал" центро.