"Зудчунна тӀеӀаткъам бен гел": къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархоша дуьйцу чайлдфри йехкарх лаьцна

Гайтаман сурт

Хьалхарчу йешарехь Оьрсийчоьнан парламенто керла низаман проект тӀеэцна. Цуьнца а догIуш, гIуданаш деттар долуш ду йан а йоцчу "чайлдфрин боламан" идеологина пропаганда йинчарна. И бохург ду, кхетам болуш, бераш дарна дуьхьал хилар. Цу кепара, къоначу дайшна а, наношна а гӀортор ца йан хьийза пачхьалкх, бераш дуьненчу даха дуьхьал болчарна жоьпалла тIе а дожош. Тхан редакцино къамел дира Къилбаседа Кавказан а, Къилба Оьрсийчоьнан а регионашкарчу бераш доцчу нахаца, царна хӀун хета керлачу дехкарх а, йукъаралло бечу репродуктиван тӀеӀаткъамах а лаьцна аьлла.

Низаман проект йийцаре йечу хенахь Пачхьалкхан Думан куьйгалхочо Володин Вячеслава дӀахьедира, чайлдфри йехкар - "тIейогIучу заманан хаттар ду", цунах дозуш ду "кху чохь депутат хир ву йа вац" бохург а аьлла. Цу низаман проекто зударшна харжам бар дихкина дац, бохуш чӀагӀдо цо, амма магор дац боху Оьрсийчоьнан бахархошна, "Америко а, Европо а тIеэгочу" мехаллашна пропаганда йар".

Цуьнца цхьаьна статистико ма-дарра харцдо Оьрсийчоьнан парламентан спикеро дина чIагIдарш: "Малхбузерачу мехаллашна пропаганда йар" леррина бераш дӀатасар бахьана санна дӀайаздеш дац ур-атталла Ӏедалхойн талламашкахь а. Мелхо а, НИУ ВШЭ-н "Оьрсийчоьнан бахархойн репрордуктиван Iалашонаш" цӀе йолчу талламехь билгалдоккху, Оьрсийчохь синкхетамца бераш дан реза боцурш алсам бу, доккхачу декъанна махкахь лаьтта политикан хьал а, кханенах сингаттам а, кхерар а бахьана долуш аьлла.

МостагIий лехар

ТIеэцна низаман проекто доьхкур ду интернетехь, зорбанан гIирсашкахь, рекламехь, кинохь бераш дан оьшуш цахиларх лаьцна нейтралан, йа позитиве информаци гайтар. И дехкар дохийначунна гIуданаш деттар ду: могIарерчу стагана 400 эзар сом, юридикехь лелачунна пхеа миллионна. ТIебаьхкинчу нахана, гIуда тохар доцург, 15 дей-буьйсий чохь даккхийта йиш йу, йа пачхьалкхера араваккха.

Шайн проблемаш шайна чохь ца лоьху пачхьалкхо

И низам тӀеэцар бахьана долуш, чайлдфри- жигархошна тIаьхьабийла тарло ЛГБТК+ жигархошна а санна, аьлла дийцира адвокато, политикан гӀуллакхийн говзанчо Захватов Дмитрийс: "Шайн бахархошна церан мостагӀий муьлш бу тIекхиош, пачхьалкхо лоьхуш дац шен проблемийн бахьанаш шайна чохь. Аьлча а, вай ца кхета, къоьлла хиларна а, кханенах тешам цахиларна а нахана бераш дан ца лууш хиларх".

Оьрсийчохь бераш дуьненчу довлар лахлуш ду хIора шарахь. Амма бакъду Къилбаседа Кавказехь йоллу пачхьалкхехьчул а тоххара а санна, бераш дукха до. Нохчийчохь, масала, жамIан терахьехь аьлча (цхьана зудчо дечу берийн йуккъера терахь) 2,9 ду, Дагестанехь – 2,6, пачхьалкхехьчул а дикка лакхара ду и – 1,5 гергга хуьлу и.

"Чайлдфрин идеологи" йехкаро Къилбаседа Кавказехь бер доцу зударий сийсазбар алсамдер ду, боху Human Rights Watch организацин Оьрсийчоьнан программин директоро Локшина Таняс: "Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь бер доцу зуда лахара лоруш йу, ткъа бераш ца далу зуда бахьана лоруш ду иза йита магон. "Чайлдфри" бахарх кхин а цхьа гел хила тарло зудчунна Iаткъамбан".

Кавказ.Реалиин редакцино дийцаредира Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархошца (цIераш хийцина церан) бераш дан царна цалаарх а, тIекхиира чайлдфри дехкарх царна хетачунна а.

Рамзия, 36 шо, Дагестанехь йина

– Сайн са а кхеташ, бераш дан цалаарх йийца истори йац сан, хIунда аьлча, йуьхьанца дуьйна а лууш йацара со бераш дан. Суна бераш нейтралан феноменаш йу, шайн дийцарш долу кегий, къаьстина адамаш ду уьш. Хьалха адамийн харжам бацара, бераш дер йа ца дер аьлла, амма тахана уьш доцуш даха йиш йу, и суна вон хIума ца хета.

Бер ца дича а мегар ду аьлла, коьрте йеана ойла а радикале лорура

Со Ахвахскан кIоштарчу цхьана йуьртара йу, амма хӀинца Москвахь Ӏаш йу со. Со кхиъначу меттехь дуккхаъчарна бераш хила йиш йоцург санна хетало. Иза доьзна ду белхазалла лакхара хиларца а, хIусам эца ницкъ цакхачарца а. Оцу йукъанна сан даймахкахь бераш боккъал а дезаш ду, либералан мехаллех лаьцна муьлхха а къамел дича, баккхийчу гергарчара дуьхьало йо. Цигахь орам ца боккху харжамийн маршоно - адамаш ламастан хьежамашна тӀехь лаьтташ ду.

Школехь оха дуьйцура да-нана хиларх лоций. Сан хенара болчарна вон хIума ца хетара бераш дуьненчу дахар. Уьш ца деза алар цхьа доллу адамашна дуьхьалвалар санна тIеоьцура. Бер ца дича а мегар ду аьлла, коьрте йеана ойла а радикале лорура. Ишта къовсам хиллачу заманчохь, олура: "Йоккхахилча – кхетар йу хьо, хьайн бераш цергаш йуккъе а дехкина лелор ду ахь".

ТӀаьхьо, тхешан классерчу зудаберашца цхьаьнакхетча, суна гира: церан дахар царна лууш ма-хиллара ца нисделлера. Церан массеран а бераш дара, уьш берриш а кӀадбеллачух тера бара, шаьш кийча доцу жоьпалла шайна тӀеэцча санна. Церан дуьненахь 25 шо кхачале бер дар барам бара, амма, хетарехь, дахар цигахь чекхдаьллачух тера дара.

Анна, 35 шо, Нохчийчоь

– Со Соьлжа-ГӀалин йистехь Iаш йу. Кхузахь кхечу меттигашкахьчул а алсам репродуктиван пропагандех лаьцна дуьйцуш сайна хеза аьлла, ала йиш яц сан. Дахаре кхин а либералан хьежамаш тӀе ца оьцуш долу юкъараллин консервативан дакъа массанхьа а ду. Амма со уггаре а цецйоккхург ду, ур-атталла дахаран болар маса долчу йаккхийчу гӀаланашкахь а репродуктиван тӀеӀаткъам хилар – ткъа иза коьртачу декъана 50 шарел сов хан йолчу зударшкара схьабогӀуш бу.

Суна хетарехь, чайлдфрина пропаганда йоьхкуш долу низам – цхьа гIурт бу. Иза бIостане ду Конституцица, 23-чу артиклехь йаздина ма ду, адаман дахарна йукъагIорта магош цахиларх лаьцна.

Репродуктиван Iаткъам бар 50 шаре бевллачу зударшкара схьа ду

Суо кхиазхо а йолчу хенахь, ас сацам бира, суна нана хила ца лаьа аьлла. 15-16 шо гергга сан хан йолуш ду и. Суна цкъа а ца дезара бераш, ур-атталла жима йолуш тайнигех а ца левзина со, механикан ловзаргаш хазахетара суна. Школехь, зудаберашна нана хиларх лаьцна дуьйцучу хенахь дуйна буьйлало Iаткъам бан а, бераш дан дезарх а дийца. Баккхий хилча а хуьлу изза дуьйцуш: со-м тайп-тайпанчу шина клинике йахара, бер ца хилийта, спираль хIоттайайта. Шинхьа а суна дуьхьало йира, цхьа а бахьанех ца кхетош со. Шераш девлча бен ца карийра суна шена хетарг тIедаккха ца гIерта зударийн лор.

Суна хетарехь, кхера ца оьшу, шена хетарг лечкъа а деш. Мелхо а цунах лаьцна дийца деза. Оцу кепара харжамна пропаганда йарна тIе ца тов со, амма, хьуна эшам беш хилахь, тIаккха дуьхьало йан оьшу. Лечкъарх - цунах бала пайда бац. Цхьана а кхетта, низаман гурашкахь шайн бакъонаш Iалашйар гIоле ду

Сергей, 50 шо, Ростовн кIошт

– Таганрогера ву со. ХӀара цхьа сингаттаме гIала йу, цхьана а керла йукъадохучу хIуманех цхьа а Iеха а ца луш. ХIунда аьлча, оцу гӀалахь 99% бахархой гонаха йолчу йарташкара бахархой бу, цхьа миска къинхьегамхой, йа йарташкара нах. "Чайлдфри" бохучу дашах кхетар болуш нах бац кхузахь. Мухха делахь а, суна уьш дуьхьалкхетта бац.

Сайн са а кхеташ, берашна дуьхьал хила бахьанаш дуккха а ду сан. Хьалхара а, коьртаниг а –сан дайх диснарг. Сан дас дикка бала хьийгира, къаьркъа ца диталуш. Цуьнан нана шизофрени йу аьлла диагноз хӀоттийна хилла йу. Сан сайн могушалла а талхийна йу къаьркъано а, ас бинчу безачу белхаша а, цигаьркаш ийзарна а, чу ваха чоь йоцуш арахула йорт йетташ леларна а, бераллехь наркотикаш лелийна хиларна а. Сан тIаьхье хила ца йеза.

Бер кху дуьненчу далор-м стенна дуьйцура, воккхачунна ураме вала а кхераме ду

Кхиндолу бахьанаш со дийцина а вер вац.

Къизалла, гӀовгӀа ца йезар, цхьаннах жоьпалла сайна тIеэца цалаар. Зулам а, оьгIазло а йу гонаха: хьайна ураме аравала кхераме ду, бер кху дуьненчу дӀахецар-м дуьйцур а дацара. Иштта, суна ца тов, вайн дуьнентIехь да-нана муха хила деза хьоьху леррина дешаран хьукматаш ца хилар а. Бераш муха кхиор ду ас, со суо а цунах лаьцна хууш ца хилча?

Со дIоггара дика ца кхета дехкаран низаман чулацамах. ХӀун тайпа болам бу цигахь? Болам – иза маьхьарий а детташ, транспаранташ а йолуш, шайн ойланаш йовзийтар ду. Бераш дан ца луучу нахана дуьхьал ца леладо и саннарг. Амма вайн Iедал ду массо а цхьатерра хеташ, делахь а, леррина хIума къастор ца деза адамашна.

Бераш дIадахарна монополи

2022-чу шарера схьа дуьйна зударийн репродуктиван бакъонашна тIелета буьйлабелира кхин а чIогIа, доккхачу декъана бераш дIа ца дахийта гIертара. Тахана оцу хьолана монополи йан хьийза Iедалхой, билгалдаьккхира репродуктиван бакъонашкахула жигархо йолчу, шен цIе йаккха ца лиъначу къамелхочо.

Цо дийцарехь, пачхьалкхан медицинан хьукматашкахь, декхаречу медицинан страховкаца, дукхахьолахь берах хилар йукъахдоккхуш хирургин операци йо – Оьрсийчоьнан реалехь иза лазаме а, кхераме а процедура хила тарло. Цуьнца цхьаьна долахь йолчу клиникашкахь алсам дарбанан кеп лелайо, цигара йеккъа и цхьа молха а мелла, цӀа йерза йезаш йу зуда, амма пачхьалкхо дозанаш детта цу тайпа молханаш леларна, тӀетуьйхира къамелхочо.

Массо а меттехь бераш дIадахар дихкина дацахь а, Iедалхой хьийза мел а церан терахь лахдан, зударшна а, дарбан хIусамашна а Iаткъам а беш. Оьрсийчоьнан дуккхаъчу регионашкахь лоьраш, мозгIарш, психологаш хьийза бер дIадаккха луучу зудчун ойла хийца, "кIиранах ойла йе" олуш, цхьацца кеп-кепара анкеташ йазйойтуш.

Масала, 2022-чу шарахь X (хилла твиттер) социалан машанашкахь даржийра Иркутскера клиникера питане хеттарш тIехь долчу анкетин цхьа сурт. "Хьо кийча йуй хьуо йеллачул тIаьхьа хьайн беран сица цхьанакхета?", "Нагахь санна, оцу беро шен дуьххьарлера белхан алапа хьайга дIалур дуй хиъча, и бер хьоьга ла дугIуш, дика хир дуйла хьайна хиъча, и дIа ца доккхуьйтуш Iийр йарий хьо?" аьлла хеттарш дара цу тIехь. Оцу зудчо ахчанах, йукъаметтигех, могушаллех лаьцначу хеттаршна жоьпаш деллачул тIаьхьа, цунна хьоьхура: нагахь санна, хIусам йацахь – берана луш долу капитал дагадоуьйтуш, нагахь цуьнца Iаш волу стаг бер дезаш вацахь – психологан телефон лора. И ша анкета хIинца йуха кечйинчу кепехь тIекхочийла долуш йу.

  • "Чайлдфрин идеологи" йехкаро стенна тIе валор ву а, адамийн бакъонашна доза деттачу кхечу барамех а лаьцна дийцира Маршо Радион оьрсийн сервисана Любовь Лисса, иза доьзалан психолог, пхеа беран нана а йо, царех кхоъ далийна ду цо.
  • Нохчийчохь вовшахтоьхна цхьа кхеташо, дIахьедарехь, цо Iуналла дийр долуш ду зударийн бакъонашна тIехь, къахьоьгур ду зударийн йукъараллехь дакъалацар алсамдоккхуш. Цуьнан декъехь цхьа зуда йу – Кадыров Рамзанан йоI Iайшат. Карарчу хенахь регионехь вице-премьер йу иза. Важа ворхI декъашхо, ша куьйгалхо а цхьана, божарий бу.