Тарамова лачкъийна йигарх лаьцна Нохчийчу хеттарш дахьийтина Москвано

Омбудсмен Москалькова Татьяна

Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас официалехь кехат дахьийтина Нохчийчоьнан прокуратуре, бакъоларъярхойн шелтерера лачкъийна йигинчу нохчийн йоIах Тарамова Хьалиматах лаьцна "билггал хиллачух" хаам бе шайга аьлла. Пачхьалкхан Новости агенталло даржийна цунах лаьцна.

"Селхана кехат дахьийтина ас Нохчийчоьнан прокуроре, хиллачух лаций билггал дерг а, нагахь санна, дуьйцург бакъ делахь, махкахь деш долчух а хаам бе аьлла", - дIахьедина Москальковас журналисташка.

Нохчийн полисхоша Дагестанерчу гIелонах бевдда зударий дIалечкъинчу хIусамна динчу тIелатарна федералан Iедалхоша йина дуьххьара реакци ю хIара.

"Иза тхан хаттар дац", - аьлла, дIахьедира кху деношкахь Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд-паркан"директоран Тарамов Аюбан йоI ю Тарамова Хьалимат. Зорбанан гIирсаша яздарехь, кадыровхоша ХIинжа-ГIаларчу зударийн къайлабохучу хIусамна чу а лилхина, Мангал-беттан 10-чохь нуьцкъаша Нохчийчу дIайигина иза.

ЦIера ядале хьалха видео дIаязйинера Тарамовас, ша лехамашка ма ло аьлла. Делахь а, ша Соьлжа-ГIала дIайигинчул тIаьхьа цо дIахьедира, хIусамехь цхьаммо а хьийзош яц ша аьлла.

Оцу юкъанна, республикан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министра Дудаев Ахьмада хиллачунна бехкебина зудчунна Кавказера яда аьтто бан гIиртина бакъоларъярхой.

Дахначу шинарин дийнахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьне схьадехна Тарамова Хьалимат лачкъйина йигарх документаш.