ХIирийчуьра Гуев Георгий политикан тутмакх лерина "Мемориало"

Гуев Георгий

Терроризмана ахча латтийна аьлла, кхел йина Къилбаседа-ХIирийчуьра схьаваьлла Гуев Георгий политикан тутмакх ву. Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца оьцу шена и статус – редакцин билгалдаккхар) дина цунах дIахьедар.

"Тхуна схьахетарехь, иза маршонех хьегош ву, нуьцкъала доцуш, дин лелон шен маршо яккха гIортарна. Цунна таIзар дина нийсонца дов хатта бакъо а йохош",- аьлла ду "Мемориало" кху беттан 28-чохь бинчу хаамехь. Гуевн гIуллакх маса юхалиста аьлла, кхайкхам бина бакъоларъяран центро.

КХИН А ХЬАЖА: ГIожан система ю? Экстремистийн тептаршкахь бу кавказхой

Стохка Лахьан-беттан 20-чохь кхело сацам бира Гуевн хьокъехь. Бехкзуламан гIуллакхан материалашкахь юьхьанца, Саситлинский Абу Iумаран "Мухаджирун" цIе йолчу исламан фондана цо дуьхьал даьккхинарг 50 миллион сом ду бохуш дуьйцура. ТIаьхьо 7 201 сом ду аьлла, дIахьедира.

28 шо долчу Гуевс бехк тIе ца эцна. Дуьйцу ахча ша хьажийна юьйцучу фонде, амма иза ша сагIийна делира, бусалба пачхьалкхашкарчу къехошна гIу яккхийта, чIагIдо цо.

Къилбаседа ХIирийчуьрчу юкъаралло агIолоцу Гуевн. Хьалхо Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре кхел нийсонца яйтар доьхуш дIахьедарш дира Пачхьалкхан Думин депутата Макиев Зураба а, "Бесланан наной" комитето а.

Мангал-беттан юьххьехь Москварчу тIеман кхелан коллегино тIе ца ийцира Гуев Георгийн хьокъехь чуелла апелляци. Колонехь даккха ялх шо кхайкхон тарло цунна. Делахь а, Гуевн адвокато кассационан арз чуделла.