Ӏедало къобал ца йина школашкахь исламан духар дехкар низаман проект

Гайтаман сурт

Дешаран хьукматашкахь динан духар дехка мегаш тарлучу лаьцначу низаман проектана гӀортор ца йина Ӏедало, амма хаъал хийцамаш йан тӀедиллира. Цуьнца доьзна документ стигалкъега-баттахь довзийтира парламентан лахарчу чоьнан куьйгалхочун гӀоьнчас Даванков Владислава, цу проектан чIогIа критика йира Нохчийчуьра Пачхьалкхан Думин депутато Делимханов Адама.

Низамехь билгалдаьхна дац йа "динан духар" йа "динан атрибуташ йолу духар", цундела меттигерчу тӀегӀанехь цу тайпа дехкарш "низам лардарехь шалха леларе кхачо тарло", йаздо ТАСС агенствас, Ӏедалан талламна тӀе а тевжаш. Оцу бахьанашца министрийн кабинето сацам бира, низаман проектехь хаъал хийцамаш бан безаш хилар.

"Россин Федерацехь дешаран хьокъехь" цӀе йолчу низаман 38-чу декъехь билгалдаьккхина ду, дешаран организацешна а, меттигерчу низамийн буха тӀехь дешархойн духарца доьзна лехамаш хӀитто бакъо ю аьлла. Даванковн Iалашо йу, оцу низамехь хийцамаш бан- школашкахь а, университеташкахь а динан духар лело дихкина хилийтар. Иштта оцу проектаца а догӀуш, низамаш дахаран а, муниципалан а гуламашна бакъо йала кховдош ду, юкъараллин меттигашкахь юьхь ерриг а йа цхьана декъехь къайлайоккхуш долу динан духар лелор дихкина хилар.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллера накъоста Делимханов Адам критикаца тӀелатар дира Даванковна. Цо бехке вира иза динан маршо йохо гӀертарна, иштта кхерамаш тийсира, динан ламастан мехаллаш хӀун йу "къастина дуьйцур ду" аьлла.

Зазадохкху-баттахь Москохна гергарчу Крокус-Ситихолехь I40 стаг а вуьйш, теракт йинчул тӀаьхьа дIакхайкхира Даванковс и низаман проект. Талламхоша чӀагӀдарехь, теракт йина Таджикистанан 4 вахархочо, цу гӀуллакхна бехке веш ву 20 гергга стаг.

Оьрсийчохь никъабаш лелор дехкарх лаьцна дийцарш чӀагӀделира мангал-беттан 23-чохь Дагестанехь теракт хиллачул тӀаьхьа, террорхоша юьхь дӀахьулйеш бусулба зударийн коьртара йовлакх ца лелийнехь а. Хьалхо никъабаш лелор мелла а диллина дара ша Дагестанехь а, ткъа иштта Кхарачой-Чергазичохь а Къилба ХIиричохь а

Мангал-бутт чекхболуш Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра кхайкхам бира, никъаб лелор "сихонца" дехка деза аьлла – иза хилира ХӀинжа-ГӀаларчу а, Дербентерчу а килсашна а, синагогашна а тӀелатар динчул тӀаьхьа дукха хан йалале. ТӀелатар динарш божарий бара, царех цхьаъ никъаб йохна къелхьара вала дагахь хилла боху хаамаш официалехь тӀечӀагӀбина бац.

Дагестанан муфтиято гӀортор йира Бастрыкинна: товбеца-беттан I-чохь республикин муфтийс Абдулаев Ахьмада дӀакхайкхийра никъаб лелор доьхкуш долу фатва арахецар. Амма, муфитятан фатва -декъехь цхьа а бахьана ца гира оцу сацамна. Амма, товбеца -беттан 3-чохь муфтиято хена дехкар арахийцира - фатва а ца йеш, «къастийна кхерамаш дӀабовлалца». Фетван отдел дукха хан йалале дӀакъевлира.

  • Товбеца -беттан 3-чохь Къилбаседа Кавказерчу бусулбачийн координацин центро дӀахьедар дина, «Оьрсичохь йолу хьелашкахь» никъаб лелор юкъара а доккхуш. Организацин куьйгалхо Бердиев ИсмаьӀал а ву Кхарачой-Чергазийчоьнан муфтий – республикехь а юкъадаьккхина цхьана ханна никъаб лелор дехкар. Цул сов, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Кхарачой-Чергазийчоьнан урхалло дехна динан духаран элементаш лелош болчу меттигерчу ишколашкарчу хьехархойн а, дешархойн а духаран кодех лаьцна хаамаш.
  • Къилба ХӀирийчоьнан муфтийн гӀоьнча Дзагуров ИбрехӀима дӀахьедина, Оьрсийчоьнан синкхетамийн маршонах а, динан цхьаьнакхетараллах а лаьцначу низамо бакъо ца ло никъабаш лелор юьззина дехкар юкъадаккха, амма муфтиятан цӀарах цо рекомендаци йина зударшна никъабан духар дита аьлла.
  • Товбеца-бутт чекхболуш Нальчикан юккъерчу маьждигехь хьехам беш, Имам Ульбашев Мурадас кхайкхам бира школашкахь а, университеташкахь а никъаб лелор сацаде аьлла, Къилбаседа Кавказерчу муфтийшна тӀе а тевжаш. Цул тӀаьхьа масех де даьлча, ГӀебартойн-Балкхаройчуьрчу бусулба нехан динан урхалло рекомендаци йира меттигерчу дешархойн зудаберашна "школан духарна ма-хуьллу гергга духар" лелор а, амма вортанах дӀакъовлуш йовлакх а доьхкуш.