Iа Iа дац, бIаьргнегIар а даздеш ло а ца дагIахь, шозза-кхузза мукъане а салаз хахка йиш а яцахь! Ткъа хахкавала-м мега стомма кехат а, уьн коржам а, дуткъачу эчиган аса а! Хаза Iа – берийн ирс!
"Кавказан къаьмнийн ассоциацин" президент Кутаев Руслан набахтера араваьлла 4 шой,10 буттий хан а яьккхина.
Массех кепехь а, басах а ду Нохчийчуьрчу низамхойн духар. Хала ду тIерачу барзакъца цара болх бен урхаллаш къастон. Атта дац кхета, муьлхачу дакъойн могIаршкахь мега я декхаре ву белхахо маж-мекх лелон а. Маршо Радион корреспонденто гойту махкарчу низамхойн куц-кепаш.
Соьлж-ГIала кхоьллина 199 шо кхачар даздира ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь цу гIалахь. Цигахь дакъалоцуш бара дуккха а бахархой.
Шо а дацара Соьлж-ГIалара "Беркат" базарх цIе яьлла а, бIеннашна йохкаэцархошна зен хилла а. Кху еарийн буса юха а цIеяьлла базарх. Дукха нехан даьгна рицкъ.
„BlackStarBurger“ цIе йолу фастфуд юхку меттиг схьайоьллуш тIеман машенашца къевлина, полисхоша лардеш дара Соьлж-ГIалахь урамаш. Кадыров Рамзан вара, берашца бараме варал совнах, цигахь кхача кечбеш, пеша хьалха хIоьттина, бургершна реклама еш.
Шатайпа ду Кавказан мехкашкахь лаьмнаш, шен даймохк бевза ламанхо тиллур воцуш. Уьш вошех къаьсташ хиларна а олу наха Кавказах "дуьненан уггаре хаза агIо".
Элано Идаров Тимаркъас шен йоI Гуэщенэй паччахье Иван IV маре а луш, доладелира гергарло гIебартошний оьрсашний юкъахь. Оцу заманахь дуьйна ГIебарта Оьрсийчоьнна юкъаяхана лору историкаша. Иза факт къовсамехь ду тахханалц.
Ши де хьалха Араканерчу бусалбанашна сагатдойла хоуьйтуш, Кадыров Рамзана реза вац ша элира Малхбузено а, Оьрсийчоьно а рохинджа къам къелхьардоккхуш дина хIума а дацарна. Амма оршоьтадийнахь Соьлж-ГIаларчу митингехь хьаха а ца дира оцу къоманна дуьнено дан тарлуш долчу гIоьнна дуьхьало йийриг Оьрси
Мьянмехь бусалбанаш байарна дуьхьал митинге арабевлла Соьлж-ГIалахь эзарнаш бахархой
Долалуш ду Дешаран Шо. Массанхьа а санна, Нохчийчохь а эвсардоккхур ду дахар бераша шайн зевнечу жигараллица.
Вайнехан гара - гIалгIай - къоман хорша баьхкина, цара шайн тоьлла ламасташ кхиийна, къонахий махканна белла латта ду Джейрах. Цигахь хилира дахначу мукъаденошкахь Маршо Радион корреспондент.
Аьхкенан тов лахъелча, садаIа арабовлу соьлж-гIалахой. Къаьсттина дукха бераш а, баккхийнаш а гулло шахьаран центрехь бес-бесарчу асанашца ловзучу "шовдане".
Юкъ-кара самукъане а хуьлу нохчийн шахьар: синкъерамаш, Iедало хIиттаен кеп-кепара акцеш. Даима а санна, эшаршца, хелхарца дIайоьлху уьш. Кху мукъаденошкахь Маршо Радион корреспондент хилира рогIерчу културан барамехь.
Нохчийчохь Iедало шайн ма-хуьллу къахьоьгу 1958-чу шарахь дуьйна "Терек" лаьттинчу футболан клубан хийцина "Ахмат" цIе бахархошна марзъярхьама.
Гуьмсан кIоштарчу Ойсхаран центре цIеххьана еъначу технико дIахьаькхира дийнна урам. Амма эна юккъехь цхьана хьаькаман гергарчийн цIа дитинера дIа ца харцош - оцу хьоло дегабаамашка баьхнера бахархой.
"Хан хене мел йолу берашна дуьсуш лаьтта Марха досту де", - хеза баккхийчаьргара. Ткъа берашна-м дац бен-башха - царна иза шеко а йоцуш ду хаза де! Наггахь а ца вуьсу кампетийн тоьрмиг гулбаза! Маршо Радион корреспондента тергалдира Деза де.
Таронаш, экономика, нехан юкъаметтигийн хьал... Нохчийн дахар ма-дара го базарахь. Марха даста кечлучу бахархошкара хьал уггаре дика гучохь - базарахь - хилира тахана Маршо Радион корреспондент.
Мангал-беттан 12-гIа де – 1992-чу шарахь кхайкхийна дезде (юьхьанца – «Оьрсийчоьнан суверенитетах йолу деклараци тIеэцна Де», 2002-чу шарера схьа – «Оьрсийчоьнан Де»). Нохчийчоьнан массо а кIошташкара нах дIагулбина Соьлж-ГIаларчу даздаршка.
Хьажа кхин дIа а