Гуьржийчоьнан къоман библиотеканна керла хIусам ю еш Тбилисехь. Цу чохь жайнийн музей елла дагахь а ю пачхьалкх. Дуккха зама ю гуьржий Iилманна тIаьхьабевлла беха. Церан ламаст ду хааршка кхийдар, дешарна тIера хилар. Хьалха боьлхура нохчий Гуьрже деша. Ткъа хIнца стенна ца лела?
Маршо Радион Узбекийн декъо интервью эцна Шемарчу, Иракъерчу ДАIИШ-ан тобанашна дуьхьалльаттачу тIемалочуьнгара. Цо байIат дина деношкахь ОвхIанистанерчу ТIалибанна коьрте хIоьттинчу Мансур Мохьаммадна. Оцу тIалибах, цуьнан Iалашонех а дуьйцу Маршо Радиона репортера Паращук Джоаннас.
ТIеман хинкема «Курск» иккхина 15 шо кхаьчна. Цу чохь беллачу хIордхойн гергарчийн адвоката Кузнецов Бориса сайт кхоьллина бохамах лаьцна шена хетарг даржош. Цо чIагIдо, оцу кеманан кхалхарца буьйлабелира Кремло кхуллу аьшпаш Оьрсийчохь олалла дан, бохуш.
Бусалба ОвхIанистанехь мегаш дац стаг вахош долу маларш дан а, дохка а, мийла а. Цундела даьржина хьогалла йойъуш, шеца алкогол йоцу, нахалахь «хьанал» олу йий. Кабулерчу Маршо Радион корреспондента Бежан Фруда довзийтира цигара сурт.
Channel-4 телеканало кху баттахь гайтина «Карахь ахча а долуш Оьрсийчуьра» телефилм Британин бахархоша жигара йийцарал а совнаха, яьлла цигарчу низамхойн тергоне а. Оьрсийчуьрчу баккхий хьаькамаша шайн махкахь тIех еза гIопаш, виллаш оьцуш хьийзар гойту телеканало.
Нохчийн иэсах, кхетамах ийна сингаттам бу 1944-чу шарахь вайнах махкахбахор, мецачу, шийлачу Азе некъ беш а, дIакхаьчча а шайн дай-наной, йижарий-вежарий балар. Амма депортацин де дагалеца а дихкина Нохчийчохь мехкан администрацино.
Шо хьалха Украинан стигалахь Голландера Малайзе доьду пассажирийн кема дохийначийн трибунал хир ю кеста. И де герга мел гIерта шаьш а билгалбовлуш бу куьгбехкенаш.
Дагестанехь полицино компьютерш дIаяьхьина телевизионера а, радиора а. Прокуратурано а, полицино а хьийзабо лецна бахархой, етта, аьлла эфир арахецарна бехкебо журналисташ. Маршо Радион Къилбаседа Кавказан эксперта Фуллер Лизас арахецна цунах лаьцна артикл.
БархI бутт бу Украинин цхьаалла къовсучу Донбассехь нохчийн ши батальон лаьтта. Дуккха а тIемаш бан а дезна церан шайна тIегIертачу сепаратистийн а, Оьрсийчуьра хьежочу а дакъошца. Ушарма-Шайхан батальонерчу бIаьхочо Мансура дуьйцу тIеман дозанехь йолчу Широкино гIаларчу хьолах лаьцна.
Югослави юхучу муьрехь лилхинчу тIемийн ларш яц тахана а йовш. 20 шо кхочу Боснерчу Сребренице гIалахь сербаша 8000 эзар маьрша бусулба вахархо хIаллаквина. Оцу зуламан мах хадош, дуьненаюкъара сацам тIеэца гулъелла ю кху деношкахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташо.
Цхьана заманахь кIора боккхучу оьрнашчу, царна чохь дIаьвше газ ю-яц къастош, хьоза хоьцуш хилла. Иза лахь, кхераме дуйла кхидIа маьIда даккха лаьтта буха восса хууш хилла кIорабоккхучу белхалочунна...
Европан санкцийн тептарахь волчу Нохчийчоьнан администраторан Кадыров Рамзанан шайн махкарчу Мимон гIалахь кхобучу дойша къовсамашкахь доккху ахча церан шайн хьашташна дайа, ткъа бухадисинарг аресте лаца сацам бина Чехин финансийн министралло.
Москох хьалал ресторане марханаш даста баьхкина вайнах лецна полисхоша. Буса сахиллалц Дорогомиловски кIоштарчу шайн хIусамехь а кхаьбна, даккха бахьана ца карийча, дIахецна нах. Мархийн баттахь шайна бина Iаткъам балхабо бусулбанаша массаьрга а, амма церан балаболуш ца ваьлла цхьа а хьаькам.
Оьрсийчуьра а, Украинера а блогаш, цара Кремлах лаьцна иза резайоцург яздешшехь, дIакъуьйлу тоъал бух а боцуш. Иштта хьоьшу Оьрсийчоьно интернето елла дешан маршо.
Москох магийна Лубянкин майданахь Дзержинский Феликсан хIоллам меттахIоттор къастош референдум дIаяхьа. Къайлахчу полицин ЧК-н коьртехь къизаллица гоьваьллачу «болатан Феликсан» сийдеш, хIоллам юхаденбар хатта луурш бу коммунисташ. Оцу хьокъехь ю Маршо Радион корреспондентан Балмфорт Томан артикл.
...Шен оьмарехь цкъа а элий я паччахьаш хилла боцчу нохчаша, церан цхьана декъо, доггах йоккху Кремло махках доладан тIевиллинчу администраторх Кадыров Рамзанах «паччахь» цIе. Оцу цIарца эшарш лоькхуш яьхна шайна машенаш дуккхаъчу иллиалархоша.
190 сов къам чохь деха пачхьалкх Оьрсийчоь «дуккха а къаьмнийн мохк» бу боху конституцино. Амма 2 миллиард сом хьажийна Iедало дозанал арахьа оьрсийн мотт хьехийта, ткъа лахдина школашкахь къаьмнийн меттанаш хьехар, школаш вовшахъетта йолийна. Цунах «оптимизаци» олу...
Британерчу консалтинган Verisk Maplecroft кампанино гайтина уггаре кхераме ларалучу гIаланийн могIарш. Массарел а хьалха ю Иракъан коьрта шахьар БагIдад. Европерчу гIаланашлахь Украинера Луганск, Донецк 46-чуй, 56-чуй меттигашкахь ю. Ткъа царна шинна юккъера 54-гIа меттиг кхаьчна Соьлж-ГIалина.
Прессехь кху дерриг а кIирнанах айийна йийцинчех ю Нохчийчуьрчу Нажи-Юртан къоштан полицин хьаькамо Гучигов Нажуда шел кхузза жима йолу оццу къоштарчу БайтIаркъера Гойлабиева Луиза маре йигарх тема. ХIинца дерриг а дирзина лара деза – ловзар ду дIадоьдуш...
Нохчийчуьрчу тIемаша бохийна, дуьненан еа а маьIIе дIасабевллачу нахах тахана мелла а тоьллачу хьелашкахь беха Европе кхаьчнарш. Амма ледара хьал ду Туркойчохь севццачу нохчашкахь. Цигарчу массех къоштарчу мухIажирша довзуьйту шайн дахар.
Хьажа кхин дIа а