«Ахмат» спецназан батальонан хилла командир Батукаев Зеламха кхелхина. Ши бахьана ду цуьнан валарх лаьцна дуьйцуш – хье чу цIий иккхина хилла боху цхьаболчара, вукхара чIагIдо, хIан-хIан, наркотикаш бале йевлла хилла цунна бохуш.
Нохчий а, гIалгIай а Сталина махках баьхна рогIера шо кхочуш Нохчийчуьра премьер-министро Даудов Мохьмада кхайкхамбира Дагестанан Iедалхошка Iовхойн кIошт йухаметта хIоттайе аьлла. Дуьйцург ду лакцашна а, суьйлишна а, нохашна-Iовхошна а йукъара къовсаме даьлла доза.
150 сов Украинхойн тӀеман йийсархо ву Нохчийчохь – хетарехь, полицин декъерчу тоьлаш чохь латтош бу уьш. Цунах лаьцна Маршо Радион хаам бира эксперташа а, тӀеман йийсархойн гергарчара а.
Кадыров Рамзана дӀахьедар дина ша “велла дIаваллалц” республикан куьйгалла дан хӀоттийна ву, аьлла. Цуьнан официалан бакъонаш чекхйолу 2026 шеран гезгмашан-баттахь.
"Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис "дист ма хила" аьлла, кхайкхам бина тIаме ца бахначу Курскан кIоштарчу бахархошка. Цунна жоп луш вукхара дагадаийтина, украинхойн эскаро доза хадийча цо буьйралла дечу декъо хIумма а дина цахилар.
Нохчийчоьнан урхалхочун шича волчу Эдильгириев ШахIруддин долахь йу Дубайра йиъ вилла – церан боллу мах бу 20 миллион сов долларшкахь. 14,4 миллион долларш мах болчу цхьана виллех пайдаийцира Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан официалехь йоцчу векалтах санна 2014-чу шарера схьа дуьйна.
Нохчийчоьнан куьйгалхо нахана йукъара дIавайна - иза къайлаваьлла 20 де гергга хан йу. "Агентство" гIирсан журналисташа таллам бина, цуьнан телеграм-каналехь а, нохчийн пачхьалкхан хаамийн гIирсашкахь а.
Нохчийн «Ахмат» декъан тIемалоша нах бехачу цIа чохь эккхийтар дина Белгородехь: эскархойх цхьаъ велла, веанна чевнаш йина. Стенна латтош хилла цигахь тIеман гIирс, хууш дац, и бахьана долуш йаьлла цIе, йздо Astra телеграм-канало.
Подмосковьехь лаьцначу Дагестанера вахархочо дIахьедина, полисхоша электрошокерца а, гIожаца а хьийзийна ша аьлла. Цкъачунна хууш дац, таллам болийний полисхойн хьокъехь, амма и гIуллакх шуьйра даьржина хиларна, цуьнан терго йан боьлла хьаькамаш а.
Оьрсийчохь уггаре а лахара зуламаш дина регион йу Нохчийчоь, йаздо чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло, 2024-чу шеран лерина статистикан терахь а далош.
Нохчийчоьнан Ӏедалхойн куьйгакIел болчу пачхьалкхан а, бюджетан а белхахоша а, интернет-боташа а 2024-чу шарахь инстаграмехь а, телеграмехь а йитина 60 миллион гергга "комментарий".
2024-чу шеран тIаьххьарчу деношкахь хиъна Украинерчу тIамехь веллачу къилбера а, Кавказера а, 44 вахархочух. Тхан редакцино зераш деш ду тIом болабелчхьана. Бакъдолу терахь дуккха а лакхара хила тарлуш ду. Iедалхоша и ларарш къайладаьхьна.
Хьажа кхин дIа а