ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркера Юрист: Нохчийчохь Дина ТIеман Зуламаш


Нохчийчоь - оьрсийн салташа лаьцна нах
Нохчийчоь - оьрсийн салташа лаьцна нах

Нохчийчохь 1994 шарахь дуьйна йоьдуш йолу конфликт хIинца а юьззинчу кепехь дIайирзина яцахь а, цуьнан уггар лазаме жамI цхьаъ хила тарлуш ду – хIокху шина тIеман йохаллехь тIом бечара дина долу къиза зуламаш. Оцу зуламийн барам хIинца а ма-барра бевзаш бац вайна, амма, церан документаци кечъеш, беш болу болх хIинцале дIаболабелла.


Цхьанне хууш дац таханлерчу дийнахь маса стаг а, зуда а, бер а дийна Нохчийчохь хIокху тIемашкахь. Байъинчеран далош долу терахьаш вовшах чIогIа къаьсташ ду. Лаххарниг дезткъа эзар ду, ткъа уггар лекханиг ши бIе шовзткъе итт эзар гина суна. И терахьаш вовшех оццул къестарна шен бахьанаш ду. Уьш тахана хьехор дац вай, амма ала дезаш цхьа хIуннма ду: шолгIа дуьненан тIом чекхбаьлхьана, Европехь хилла бац иштта къиза, бохаме, харц тIом.

ХIора вийна волу маьрша стаг, хIора хеназа хадийна долу дахар -- доккха зулам ду, жоьпаза диса йиш йоцуш. Оцу байъинчеран терахье хьаьжча, хуур ду, мел дукха дина уьш оцу шина тIама тIехь. ТIаьхь-тIаьхьа адам кхета доладелла, и зуламаш иштта дита мегар доцийла а, царах жоп деха дезаш дуйла а. Амма царах жоп деха, бан безаш шорта болх бу, тоьшаллаш гулдеш, дуьненаюкъарчу стандарташка хьаьжжина документаци хIоттош.

Цунна тIахьажийна керла таллам арахоьцуш бу Цхьанатоьхначу Штаташкахь Коннектикут Университетехь хьоьхуш йолчу юриста а, Iилманчас Гиллиган Еммас. Шен жайни чохь ша коьртачу декъана ши тайпа зуламаш толлуш ду, элира Гиллиганс: тIеман зуламашший, адамаллина дуьхьал дина долу зуламашший. хIун башхалла ю царна юккъехь, аьлла, хаьттира оха цуьнга цкъа хьалха:

"ТIеман зуламаш -- тIом боьдучу хенахь дина зуламаш ду"- элира Гиллиганс. "Оьрсийн Iедалша боьдуш болчу тIамах Террорана Дуьхьал йолу Операци олуш делахь, Женеван Конвенцех хьакхалуш ю и. И конвенцеш йохош дина долчу зуламех олу вайн тIеман зуламаш. Сайн балха тIехь аса оьрсийн эскарша а, нохчийн ницкъаша а дина долу зуламаш толлу."

Адамаллина дуьхьал дина зуламаш уггар луьрачарах ду, боху Гиллиган Эммас. Уьш къаьстина билгал ду шайн къизаллица. Дукхачу декъана къам ца дезарх а доьзна ду уьш.

"И билгало сих-сиха коьртачу тосу, вайн шолгIачу тIамах лаьцна ойла еш хенахь"- тидам бира Iилманчас. "Вай дуьйцург нах доьза бар хилла ца Iа. Иза адамаллина дуьхьал долу зулам лара мегаш хиларх сан цхьа шеко яц. Суна хетарехь, 1999-чу шеран сентябрехь дуьйна 2000-чу феврал-март беттанаш тIекхаччалц, Соьлж-ГIалина а, гонахарчу ярташна а дина бомбанийн тохарийн а ю адамаллина дуьхьал долчу зуламийн билгалонаш. И тохарш хаддаза, шуьйра дина хилар хууш ду. Эвакуацина билгал даьхна долу некъаш кхераме дара. Уьш а ца даьстира уггар оьшучу хенахь.

Соьлж-ГIалахь, Оьрсийн эскарш кхаьчна хиллачу ярташкахь а маьрша нах Iалаш бан гIерташ вацар цхьа а. ТIеман зуламашний, адамаллина дуьхьал деш долчу зуламашний юккъехь маьIне башхалла ю. Нохчийчохь дина долу цхьадолу зуламаш аса адамаллина дуьхьал дина санна хIунда лору аьлча а, уьш къам ца дезар бахьанехь, расистийн бахьанашца дина долу дела ду."

Цхьадолу масалш а далийра Гиллиган Эммас Нохчийчохь динчу тIеман зуламийн

"Массарна дагадогIу, Соьлж-ГIалара 1999-чу шеран ноябр-баттахь араяьлла йолчу ЦIе ЖIаран коврана тIе ракеташ тухуш. Кхин масал ду: Кавказ-1 цIейолчу блокпостана хьалха нах масех дийнахь латтор, дехьа-сехьа а ца бовлуьйтуш.

Иштта, чохь шортта маьрша нах буйла а хууш, Iалхан-Юртана тIе бомбанаш еттар, цигашхула тIемалой дIаихина бохуш.

Дагадаийта деза кхин а, Соьлж-гIали тIе, маьрша верг а, воцург а къеста а ца веш, дина тохарш. Диттинчу герзах, масала, цхьаъ -- вакууман бомбанаш -- дихкина ду Женеван конвенцин маситта протоколо.

Оцу муьрах лаьцна дийцича, зачисткаш а ца хьахийча ца йолу. БухIан-Юртахь а, Старопромыслин кIоштахь хилла тайпа зачисткаш юха Оьрсийн эскархоша кхеченхьа а дIакхийхьира 2001-чу а, 2002-чу а шерашкахь. Ша оцу "зачистка" бохучу дашо а гойту, мел хийцаеллера Оьрсийн менталитет оцу хенахь. Вайна ма-хаъара, 20-чу а, 30-чу а шерашкахь, Коммунистийн парти цIанйо бохуш, дIакхехьна хиллачу репрессех олуш хилла ишта. Оьрсийн пропагандо доккха дакъа лецира и тайпа менталитет яржош.

ТIеман зуламех лаьцна кхин дIа дуьйцуш хилча, филтрацин пункташ а йийца еза, дуккха а ярташкахь хIиттийна хилла йолу. Царна чохь лаьцна-дIабигина нах дукха хьийзина.

ХIара болх беш, чIогIа цхьана хIумана тIаьхьакхиа гIоьртира со: стен иркархIиттош бара те Оьрсийн эскархой, и тIеман зуламаш а, адамаллина дуьхьал долу зуламаш а цара деш хенахь, хIун мотивацеш яра церан. Сан талламо гойту церан уьш масийтта хилла хилар. Цхьаерш тIеман хьаштех йоьзна яра. Вуьш экономикан пайда лахарца яра. Дукха зуламаш садистийн бахаьанашца дина хиларна а цхьа шеко яц. Амма доккхах долу дакъа шайн Нохчийн къоме болчу цабезамана дина дара.

Оцу хенахь, Нохчийн нах буьйцуш, лелийна болу мотт схьэцча а гуш ду и. Ишколийн а, филтрацин пунктийн а пенаш тIехь цара дитинчу йозанаш тIе хьаьжча а гуш ду иза. Нохчашкхьа йолу шайн хьагI бахьанехь дукха зуламаш дина Оьрсийн лерринчу ницкъаша."

Йохийна йолу, херцашлахь Iуьллуш йолу Соьлж-гIала символ а хилла дIахIоьттина Оьрсийн Iедало Кавказехь лелочу политикин. И гIала хIинца меттахIоттош елахь, цуьнан къиза байъина болчу бахархойх хIинца а жоп далаза ду. Закаев Ахьмад Ичкерин Iедалан премьер министр ву хIокху сохьта. Чохь нах а болуш, Соьлж-ГIала йохаяр таIзар ца деш, дита йиш йоцу зулам лору цо. И санна зуламаш кхеченхьа а дина Нохчийчохь, боху цо:

"Вайн Соьлж-ГIалахь цхьаннан конвенцица а, дуьненаюкъарчу низамца а къобал дина доцчу кепара цара йохийна йолу гIалий, оцу гIалахь цара хIаллакдина долу адамашший -- иза адамаллина дуьхьал дина долу зуламаш лара мегар долуш ду, иза билгал а даьккхина, чIагIдина, тахана, дуьнено къобал а дина, чекхдаьлла долу хIума ду хьуна аса дуьцуш дерг"- аьлла долийра шен къамел Закаевс.

"СемаIашкахь дина долу зуламаш -- иза дерриг дуьненна гIар а даьлла, юристаш а, политикаш а, адамийн бакъонаш ларйечу организацеш а чIагI а дина, адамаллина дуьхьал дина долчу зуламех лоруш ду иза. ТIаккха, хIара шолгIа тIом чекх баьллачул тIаьхьа Алдехь динарг а, дуьненна нахала а даьлла, иштта адамаллина дуьхьал динчарах ларалуш ду иза. ТIаккха СоIдин-КIотарахь динарг, ГIой-Йистехь а, Бумтахь а. ТIулг тIулг тIехь а ца буьтуш, йохийна йолу ярташ, оцу чохь нах Iаш боллушехь, тIе даккхий герзаш а детташ, эвакуацина билгал даьхна долчу некъаш тIе даккхий герзаш а детташ, нах хIаллакбар.

ХIара тIом болалучу хенахь, Соьлж-ГIалара нах арабовлуш, дина долу зенаш а, байъина болу нах а -- уьш а оцу юккъера ду хьуна. ТIаккха Девкар-Эвла, корридор юьту аьлла, цигахь арабевлла нах байъар -- уьш а адамаллина дуьхьал дина долчу зуламех ларалуш ду хьуна. Важа дерш -- тIеман конвенцеш ца ларйаррий, совнах герзийн а, ницкъийн тIеIаткъам баррий, тIаккха йохийна инфраструктурий -- и йоцуш, дуьххьал дIа геноцид бухахь а йолуш, адамаллина дуьхьал дина долчу зуламех, аьлла, иштта даккхийчарех и зуламаш ду. ТIаккха, кегийчарах бIеннашкахь, эзарнашкахь, байъина болу, тIепаз байъина болу нах а, цара дIабигинчул тIехьа байъина болу нах а, и гIуллакхаш эзарнашкахь ду, уьш а адамаллина дуьхьал дина долчу зуламех ларалуш ду."

Нохчийчоь, СоIди-кIотар, чиллан-бутт 2000
Нохчийчоь, СоIди-кIотар, чиллан-бутт 2000

Муха бира ахьа хьайн болх, стенгахь гулдира ахьа хиллачух лаьцна тоьшаллаш, аьлла, хаьттира оха кхин а Коннектикут Университетера юристе Гиллиган Эмме:

"Цхьаболу талламан болх Москох дIабаьхьна аса"- бохуш яра Гиллиган. "Иштта, Берлинехь а, Венехь а Нохчийн диаспорийн декъашхошца интервьюш а йина аса. Цул сов, шуна ма-хаъара, адамийн бакъонийн тобанаша а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино а масийтта рапорт а яздина Нохчийчоьнах лаьцна. Амма дукхах йолу материал вовшахкхийтира сан, Нохчийчохь а, ГIалгIайн махках а болх бинчу политикашца аса интервьюш дIаяьхьча. Уьш дукхачу декъана Малхбузехь Iаш болу лаккхара политикаш бу. Аса боккха пайда эцна Европан Адамийн Бакъонийн Кхелехь ладугIуш долчу гIуллакхех а.

Шуна ма-гарра, архив чу охьа а хиина, болх барх гIуллакх ца хилла сан. Со тIекхачалуш йолчу материалах пайда а оьцуш, болх бан хьаьжна со. Ала дезаш цхьа хIума ду: дуьззина сурт соьга хIотта ца даделла. Цунна тIех кхин а къахьега дезар ду тIейогIучу заманашкахь."

Нохчийчохь шина тIама тIехь дина долчу зуламийн документаци хIоттаян еза сихонца, боху Гиллиган Эммас. Уьш дукха дина хиларна, дуккха а бан безаш болх бу, боху цо.

"Iаламат оьшуш цхьа хIума ду, аса дукха хена дуьйна хьехош -- шина тIамца йоьзна йолу документацин проект. Нахаца шуьйро къамелаш дан дезара, царна оцу шина тIамах хуучух лаьцна. Хьуна а хаа, суна а хууш ду, нехан тоьшаллаш гулдеш хиллачу адамийн бакъонийн вовшахтохараллийн массанхьа кхача йиш ца хиллийла. И информаци гулъяр кхечу тIегIана тIе даккха дезар. ТIаккхий бен хир дац вайгахь дуьззина сурт."

И тайпа болх беш буй аша, аьлла, хатта гIоьртира тхо Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъярна тIехьожуш волчу Нухажиев Нурдига. Цуьнан гIоьнчас, шаьш шайга кхаьчна долу цхьа а арз ца дуьту тидам боцуш, элира тхоьга, амма зуламаш толлуш ерг прокуратура хилар а билгалдаьккхира цо.

"Цхьа даккхий дина долу зуламаш дай? оцунна заявлени а яздина, оха, дуй хьуна, уьш тидаме ца лоцуш, цхьаллиг-цхьаъ дитина а дац. Тхан дита бакъо а яц, моральни бакъо эр ду-кх вай, дуй хьуна. ТIаккха хIинца и зуламаш, дуй хьуна, таллийта ... толлуш беш болу болх и прокуратуран болх бу. Тхайниг, дуй хьуна, бакъдерг дийцича, дуй хьуна, “восстановление нарушенных прав, конституционных законов” тхуна елла йолу и ю. ТIаккха адамийн тхаьшга кхаьчна долу жалобаш рассматривать дар."

Шаьш вовшахтоьхна, цхьа жайна арахеццал материалш ю, элира тхоьга хIокху сохьта Лондонехь Iаш волчу Закаев Ахьмада. ТIедогIучу шарахь иза цхьаболчу Европан меттанашкахь арахеца Iалашо ю шайн, аьлла, тIетуьхира цо:

"Вайгахь дукха материалш ю, оцу хьокъехь гулъелла йолу. ТIаккха хIинца хIокху аренца, Ингалсан матте а йоккхуьйтуш я кхечу Европан къаьмнийн меттанашка а йоккхуьйтуш, зорба тоха йиш а йолуш, тахана арадаха кечдина, кеч а деш, оцу жайнаш тIехь болх беш нах а бу вайн, тIечIагIдеш, ала йиш йолуш. Юха шарахь хIети-вети оцу жайнаш тIехь беш болу болх чекх бер ву вайн, и жайнаш ара а дер ду. Цхьацца пачхьалкхашкахь хIети-вети и зуламаш дина болчу нахана дуьхьал долийна гIуллакхаш хир ду оцу хенахь."

Нохчийчохь зуламаш динчарна а, дайтинчарна ма-доггIу таIзар дан атта гIуллакх дац, боху Гиллиган Эммас. Оьрсийн Iедалша шайн ма-хуьллу дуьхьало йо, и гIуллакх чекх ца далийта.

"ХIокху сохьта Европан Адамийн Бакъонийн Кхел бен яц шайга кхаьчна цхьацца гIуллакхаш къасто гIерташ"- бохуш дийцира Iамеркера юристо. "Оьрсийн Iедалша кхин башха царна гIо деш къа а хьоьгу. Оцу хьолах тоам хуьлийла а дац. Хьан цхьаъ вийча, оцу кхело дукхачу декъана цхьа 30 эцар эвро компенсаци йолуьйту хьуна. Юха хьо схьавеанче дIахьажво хьо. Ткъа и зулам динарш цхьаммо жоьпе узуш ца хуьлу.

Зуламхошна ма-доггIу таIзар дара атта гIуллакх дац. Оьрсийн Федерацино ратификаци ца йина Дуьненаюкъара Зуламийн Кхел кхуллуш хIоттийна йолу конвенци. И цо йийр ю-яц хууш а дац. Цхьанатоьхначу Штаташ а ца йина и.

ХIокху сохьта хIун дан мегар ду аьлча (иза хIокху тIаьххьарчу деъа шарахь со дан гIерташ а ю) -- тоьшаллаш гулдар. Ма-хуьллу дукха информаци гулъян еза, нахе хеттарш дан а дезаш, шайна хуучух лаьцна. Моралан бахьанашца а дан деза и, амма вукха агIора тIейогIучу замано хIун дохьу ма ца хаьа. Хьанна хаьара, масала, Чарлз Тэйлор Дуьненаюкъарчу Зуламийн Кхелан хьалха хIуттур вуйла? Дуьненаюкъара низамаш а, Iедалшкахь долчу жоьпаллех болу кхетам а хийцалуш ду таханлерчу дуьненахь. Гулдина долу тоьшаллаш -- уьш эша там бу цхьана дийнахь. Хьуна оьшуш долу дуьззина жоп-м дац и, амма хIокху гIуллакх тIехь собаре хила веза."

Собаре хиларе кхойкху Закаев Ахьмада а. Страсбургехь йолчу адамийн Бакъонан Кхеле валар цунна а го таханлерчу дийнахь дика некъ, нийсо лахарехь. Амма цул сов, Малхбузехь тховкIело елла болчу Нохчийн аьтто бу шайн пачхьалкхийн кхелашка бовла а, боху цо:

"Страсбургехь адамийн бакъонаш ларъярехь йолуш йолу кхел Россино къобалйина ю"- тидам бира Закаевс. "Цу чохь къастош долу тахана вайнехан гIуллакхаш ... оцу суьдо тIедожош дерг цхьа мах такхар бен дацахь а, амма и гIуллакхаш шаьш адамана дуьхьал дина долчу зуламех ларалуш долу дакъа ду иза. Цундела церан мехалла оцу тIехь чекх долуш дац.

ШозлагIа некъехь, цIера, тIамо бохийна, схьабаьхкина болу нах шаьш Iаш болчу пачхьалкхехь, церан гражданаш а хуьлуш, национални паспорташ схьаоьцуш бу и нах. ТIаккха и паспорташ схьаецначул тIаьхьа церан бакъо ю, шаьш Iаш долчу пачхьалкхехь, церан низамана тIе а тевжина, оцу шайна хилла долчу зенна оцу Россехь шаьш бехке беш болу нах жоьпе озо."

Оьрсийн Пачхьалкхо Нохчашна чу тIом дуьххьар бохьуш бац. Нохчийн а, Оьрсийн а юкъаметтигаш цкъа а хилла яц атта. Дуккха а цIи Iенна Нохчийн латта тIехь. Кхин, тIейогIучу заманчохь, и цIи ца Iанийта хIун дан дезар те, аьлла, хаьттира аса тIаьххьара Закаев Ахьмаде.

«ХIинцалц хIокху 4 бIешерчохь оцу вайн цIахь халкъана, махкана, къомана дина долчу зуламех цкъа а цхьанне этапехь жоп дехна дац"- аьлла билгалдаьккхира Закаевс. "Цул совнах, оцу вайна тIехь деш долчу таIзар тIехь, кхиа а кхуьуш, генералаш а кхиъна церан, тIеман агIо вай йийцича, экономика а кхиина цара шайна, политикаш а кхиъна цу тIехь, оцу гIуллакх тIехь. ТIаккха и зуламаш дина болчу нахе цкъа жоп дехахь, цкъа царна таIзар дахь, тIаккха оцу Оьрсийчохь Iедалехь болчу нахана масал хилла дIахIуттур ду иза. Цхьаъ и некъ бу.

ШозлагIниг, тахана вай цкъа а ца хиллачу кепара, хIара тIом эрна бина, аьлла, вайна хетахь а, цхьа а тайпана хIокхунах хилла къомана а, халкъана а, махкана а пайда бац, аьлла, вайна хетахь а, цхьа вай геннара хьаьжча, хьокху тIамехь таханлерчу дийнахь къам дерриге дуьненна довзар, иза къоман кханенга диллича, къоман кхолламе вай диллича, чIогIа мехала хIума ду иза. Тахана вай аьтто бу ваьшна дина долу таIзар и дижа ца дижийта а, и таIзар дина долчу нахе жоп деха а."

Нохчийн къам баккъала хийцалуш долчух тера ду. Адам кхета доладелла шен бакъо суьдехь къийса езийла. И аьтто Оьрсийчохь кIезга болу дела, дуьненакъарчу кхелашка бовлу тIаьхь-тIаьхьа Нохчий. Тахана Страсбургехь йолчу адамийн бакъонийн кхеле масийтта бIе Нохчийн арз ду чуделла. Амма и терахь а жима хета тхуна, Нохчийчохь хIаллакбина болчу нахе хьаьжча.

(ХIара программа 2008 шарахь яьллера эфире. Гиллиган Еммас язбина болу болх хIинцале арабаьлла, Принстонан университето зорба а тоьхна).

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG