Нохчийн тIемалой буьйцуш, Оьрсийн Iедалша сих-сиха хьехайо церан ал-КхаIидица ю боху зIенаш. 2003-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь а, Iаьрбийн мехкашкахь, дуккха а нах а бойуш, эккхийтарш хилча, церан цхьа хатI ду, аьлла, дуьйцуш вара Оьрсийн президент Путин Владимир. Ша бохург тIечIагIдан далош цхьа а тоьшалла доцуш, Оьрсийн лидеро уьйр тесира ЧIулг-юртахь ФСБ-н гIишло а, Илсхан-Юртахь Кадыров Ахьмад а эккхийта арабевлла хиллачу зударшний, Малхбузехь нахана а, Iалашонашна а тIелатарш деш болчу ал-КхаIидин декъашхошний юккъехь. Амма, цхьа а шеко ца юьтуш, ала йиш юй те Нохчийчохь хуьлуш дерг ал-КхаIидо я и санна йолчу кхечу терроран тобано деш хилар?