Оцу кхачано вузош, оьзда, дегIаца совнаха хьаса боцуш, хьалакхуьуш хилла къонахий, иштта мехкарий а. Вайнехан кхачанца гуш ду хьаша-да веза лоручу хьусамехь иза товш, чоме хилар.
Токхе ду вайнехан даарш
Ца хеддаш хьоьгучу къино дахчадечу дегIана аьхна, ехха токхо латтош кхоьллина вайнаха шайн кхача.

1
ТIехьаьжна а чомехь, кIеда ду хингалш. Хьожа йогIу буц, кхаьрзина хох, шекар, туьха а тесна кечйина гIабакх юкъа а юьллуш дина уьш.

2
Кхоьш. Дийно сарралц токхе латтайо цара. Дакъийна жижиган дакъа тоьхча, кхин а чомехь хуьлу.

3
Жахар - хьонка кечбаран шатайпа кеп.

4
Дакъийначу жижигца йина деман галнаш.