Оцу кхачано вузош, оьзда, дегIаца совнаха хьаса боцуш, хьалакхуьуш хилла къонахий, иштта мехкарий а. Вайнехан кхачанца гуш ду хьаша-да веза лоручу хьусамехь иза товш, чоме хилар.
Токхе ду вайнехан даарш
Ца хеддаш хьоьгучу къино дахчадечу дегIана аьхна, ехха токхо латтош кхоьллина вайнаха шайн кхача.

5
Мохь тоьхна сискал, тIо-берам, сийна хох. ТIе молуш гIалмакх чай делахь, гуттар аьхна хуьлу.

6
Ахьаран дама шина тайпа ду: кIайн, можа. Можачу ахьарх йина галнаш Iаламат чомехь хуьлу.

7
Сискалан межаргаш. Цхьаболучара мохь туху, вукхара самарсекх туху. Ишта а, вуьшта а дика ю.

8
Сискалан межаргашца тов хIоаш тоьхна кIалдаьтта.