ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: Сакхтийн рогIан баьрччехь еха наркомани


Нохчийчуьрчу полицино наркотикаш юхкурш а, лелораш а деннеа лоьцуш белахь а, лах ца ло корта талхочу молханех шаьш шайна зулам деш берш.

ХIора денна чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло Iорадохуш лаьттачу жамI-гайтамашкахь наркотикаш,марихуана,кокаин,цIерачу хьелашкахь дан тарлуш долу дезоморфин я кхитайпа корта дIонгIаз боккху молханаш хьаха ца деш наггахь де а ца догIу.

Кху товбецан беттан 28-чу дийнахь полисхойн урхалло Iорадаккхарца МАК-2015 операци дIахьош Соьлжа гIалин Октаьбар кIоштехь лаьцна машенан божлахь буьртигашкахь дезоморфин олу дIаьвше молха деш кхо жима стаг. Низамхошна цу меттехь гучуевлла цхьа могIа коьчаллаш а: молханийн препараташ, лоьрийн мехий,энгалин а.чIураман а шишанаш,сирдиллина кад, дезоморфин чохь флакон а.

Ши де хьалха Ленинан кIоштехь, I00 гарам марихуана а йоккхуш 30 шо долу вахархо сацийна низамхоша. Говзанчаша дийцарехь, йоккха хан тоха тарлуш, вуно боккха барам ларалуш бу иза.

Цу могIарера масалш чот йоцуш дукха ду. Наркотикех а, цу могашаллина вуно зенечу харц молханех а, уьш дохкар биста кхаччалц пайдаоьцурш а,чукхоьхьуш берш а лоьцуш бу дозанашкахь а, ур-аттал кхечу кIошташкахь а.

КIезиг масалш дац уьш бахьнехь лаккхарчу даржашкахь болу полисхойн хьаькамаш балхара боьхна а. Бакъду, кегийрхошлахь а, кхиазхошлахь а кхетош-кхиоран болх марса а баьккхина, царех бетталуш болчарна луьра таIзарш а дийр ду бохуш официалан дIахьедарш дахь а, нахала бохуш телевизионехь уьш гайтар сихдинехь а церан могIарш лилха довлуш дац.

Цунна, лач делахь а даре до, низамо магош доцуш лелочу наркотикашца къийсам баллочу урхалло хааме даьхначу терахьаша. Шайн белхан эхашеран жамIаш деш цу урхаллин хьаькамо Таймасханов Масхьуда билгалдаьккхина кху шеран хьалхарчу ялх баттахь наркотикашца доьзна, ерриг ницкъаллин структураша Нохчийчохь 379 зулам Iорадаьккхина хилар.

Кхечу агIор аьлча, хIора а дийнахь шишша сов зулам нисло. Ткъа еккъа цхьана наркотикашца къийсам баллочу урхаллин белхоша, дуьхе а кхиъна, гIардаьккхинарг 174 зулам ду,шайх 62 ницкъалчех а долуш.

Низамо магош йоцуш наркотикаш лелорна дуьхьал къийсам баллочу урхаллин коьрта хьаькамо чIагIдарца кху шеран хьалхарчу ялх баттахь итт кийла ца кхоччуш наркотикаш а, психикана вон тIеIаткъам беш долу молханаш а.

Оцу билгалйинчу хеначохь талламхоша долийначу 178 бехктакхаман гIуллакхех, чекх а даьккхина суьде кхачийна 112.

Таймасханов Масхьуда дийцарехь наркотикашца къийсам баллорехь церан урхалло шуьйра уьйр-зIенаш латтайо кхечу ницкъаллин структурашца, къайлаха сервис биста кхаччалц.

«Цу цхьаьна бечу балхо белхан эвсаралла лакхайоккху. Цуьнан шатайпа гайтам бу махкахь массо тайпа наркотикийн мехаш цIеххьана ирх хьовдар.

Оха дика юкъаметтигаш лелаяр бахьнехь хаъал алсамьевлла дозанашкахь схьайохуш йолу молха-наркотикаш а. И болх кхин а тоба, урхаллаш юкъахь бина сацамаш кхиамца дахаре берзорна тIехьажийна, оха сих-сиха дIахьо белхан цхьаьнакхетарш а".

Ишта дIахьедар дина ялх беттан жамIаш деш шаьш дIаехьначу кхетошонехь Таймасханов Масхьуда. Цо а, я церан балхах кхуьуш болчу кхечу говзанчаша а далош дац, гарггарчу барамехь аьлла а, наркотикех бетталучеран а, я тайп –тайпанчу молханех хьашт-дезар дина лелачеран а терахь, церан могIарш шо-шаре мел долу а дукъдаларан бахьанаш а.

Юкъаралллехь гIарбийла некъ а ца гуш, гича а хIитта а ца хIуттуш дукха тергамхой а, бахархой а бу. Царех цхьа бахьана лору цара къайлах-къулах бен ца духкуьйтуш махкахь маларш нажжаз дина хилар.

И бахьнехь, хьожа ца еъчахьана бохуш кегийрхоша, царна юкъахь кIезиг бац ницкъаллин структурийн белхой, дIонгIаз воккхуш, бIагор боуьйтуш муьлхха а караеъна кочалла дIамолуш ю, чIагIамна чу буьртигашкахь долу молха –хIума а кхуссуш.

Шуьйра даьржина ду, корта «галбаккхархьама», бIаьрга биста кхаччалц, дIаьвше, Iехаме молха чохь долу мехий деттар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG