Дикаев Мохьмад
Суна лаьа
Цхьаццаволчо къайлах олу
Жимчу дагна луушдерг,
Суна-м лаьа, нехан дола
Долийла сайн къайлахдерг.
Со винчунна дика хаьа,
Суна хилла там, цатам,
Къона велахь а, суна лаьа
Сихха бовза дешан чам;
Верта санна, нехан бала
Белш тIе тесна баккха ког,
Салти санна, орцахвала,
Жимчу беран а эца дог;
ТIамна дуьхьал куьйгаш лаьцна,
МостагI вохош, хилла гIап,
ЦIенчу лаьттах ямартлонца
Ца кхетийта цхьа а топ,
Букар дарцо хьийзош вахар,
Шиэлах эшарш лекхалуш,
Суна лаьа дорцехь вага,
Халонашна къар ца луш.