Дикаев Мохьмад
Дог лозу сан
Гуьйранна мажделла
ГIаш лаьтта оьгуш,
Хета, уьш акхтарган
ГIайгIанна оьгу.
Стиглара, кхевссина,
ДогIанаш оьхуш,
Хета уьш стигланийн
Балано кхоьхьу.
Ткъа латта, мохк бегош,
Топ хилла, лелхаш,
Хета и, даймехкан
Дог оьцуш, доьлху.
Сингаттам боьссича
Готтачу кийра,
Хета и, ненан аз,
Узам беш гIийла.