Пушкин Александр
Дахаран ворда
Ворда едда йоьду атта,
Хала хиларх цу тIехь ван,
ВогIу, восса доцуш латта, –
Сира зама – говрийн да.
Ткъа вай Iуьйкъехь довлу новкъа,
Ворда хахка – лаам де,
Вайх яц мало, Iойла ховха,
Вай мохь бетта: «Лалла, же!»
Амма делкъехь дац вайн маса,
Ловзадаьхна, буьйда – вай,
Ор а, барз а… – еха аса,
Вай мохь бетта: «Собар, хIай!»
Ша ма ярра йогIу ворда,
Сарле цунах доьлла схьа,
Вай а догIу, тоха корта,
Хено лоьхкуш говраш дIа
Гочдархо: Хатаев, Хьусейн.