ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батаева Хедин байташ-нохчийн къоман синан бIаьрхиш


Батаева Хеда
Батаева Хеда

Къомо ловчу а, лайначу баланаша, нохчийн дешан говзанчийн кхоллараллехь лар юьту. Ткъа, дерриге а дахар карчош, Нохчийчохь, хиллачу тIемаша, ша таммагI тоьхча санна, йоккха чов йитина церан йозанашкахь. Батаева Хедин байташ а ю царех.

Батаева Хеда йина 1970-чу шарахь, хьалха СаIди-кIотар олуш хилчу, хIинца ГIойчу олучу юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлж-ГIалийн хьехархойн училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь.

Батаева Хедин байташ зорбане йийлина масех юкъара гуламна тIехь: "ТIома лакхе", "Ма деха дара и Iа", "Малх лаьцначохь", "Нана Нохчийчоь". Иштта дийцарш а, байташ а зорбатоьхна "Орга", "Вайнах", "СтелаIад", "Нана" журналашна тIехь а, газеташна тIехьа.

Батаева Хедас болх бина ГIойчу-юьртара а, Олхазар-кIотарара а школашкахь а, "Орга", "СтелаIад" журналашкахь а. Даймахкахь шоллагIа тIом болабелча дуьйна, ехаш ю Францехь.

1980-гIа шераш юккъедевлачу хенахь, дешан говзанчашна, мелла а маршо яьллера. Синмаршонан хьогал йолчу къомо лайна а, лайначу баланаша, церан кхоллараллехь, лар йитира. Ткъа, церан дерриге а дахар карчош, Нохчийчохь, хиллачу тIемаша, ша таммагI тоьхча санна, йоккха чов йитина церан йозанашкахь.

Проза, я поэзи башхалла яц, оцу авторийн боккха деган лазамца бузийла гуш ду. Церан йозанаш, къоман синан бIаьрхиш ду. Иштта, дагах кхеташ, ойланийн йисаре вуьгуш ю Батаева Хедийн байташ а. Цо иштта дуьйцу шен дахарех а, кхолламах а, кхоллараллех а.

Кхечу, гIарабевлачу байтанчашца а, яздархошца а, хьан цIе, нохчийн культуран хазна ю олу цхьаболчу критикаш. Хьан байташкахь, самукъадалар а, дахарах шовкъа хилар а кIезга ду. Мичара оьцу ахь, хьайн байтин васташ а, амалш а, шега хаьттича, цо иштта жоп делира

Кхоллараллехь, къахьоьгучу стеган, къаьстина яздархойн а, поэтийн а, белхашкахь билгалдолу цара шай дахарехь лайнадерг. Церан дегнашкахула чекхаболу и бала. Батаева Хедийн кхоллараллехь а къеггина гуш ду иза.

Синтем лой теша байташна цара шай оцу йозанаша? Дог тедо цара, цхьана исбаьхьачу ойланашка вуьгий, я гуттара хуорам хуьлу? Цунна иштта элира Батаева Хедас

Батаева Хеда схьаяьлла йолу юьрт, ГIой-чу ю, хьалха СаIди-кIотар олура цуьнах- Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь, уггаре а чIогIа йохийначарах ю. Шарйина лаьттаца дIанисйинера иза. Шен мискачу юьртахойх дог лозуш, яьккхина а ю цуьнан байта.

Дешан похIма долчу стеган кхоллараллийн кхечу агIонаш тIехь а, цуьнан дуьнене хьежамца доьзна а, дагчуьра схьадогIуш а хуьлу, цо язъеш ерг а, куьйгашца деш дерг а. Моттало, цхьана ницкъо, цуьнга, доькъуьйту, нахаца и хаарш.

Хьо, дешан говзанча ю, ткъа, масала хьо, суртдиллархо, я скульптор а ялхьарий, ахь таханлера Нохчийчоь муха юьллура яра-хаза-къеггина, я кхуьлана-ирча?

Батаева Хедийн дешан говзаллан лаккхара мах хадабо, нохчийн тоьллачу байтанчас Бисултанов Аптис. Иштта тоьшалла дира цо

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG