ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батаева Хеда. Букъ нисбеш гIаьттина


Нохчийчоь-Омра дина дицдан кинон дакъа
Нохчийчоь-Омра дина дицдан кинон дакъа

Батаева Хеда

Букъ нисбеш гIаьттина

БIаьста бIаьрга малх бахна бIарзъелла со Iуьллу моьттурш,
Iай лерга мох бахна къаръелла со Iуьллу моьттурш,
Цхьа меже йойча сан, кхин дIаерш дIасевцца моьттурш,
Схьахьовсал хIоккхузе бакъ ду-дац и шайна моьттурш:

КIайн-Iаьржа къасталуш сан бIаьрса долуш ду шуна,
ЖIалин "гIов", стеган аз къасталуш лерса ду шуна,
Цхьа меже йойначохь кхин меже тIеялла шуна,
Цкъа охьакхеттехь а, букъ нисбеш гIаьттина шуна!

ДIакъайладахалаш, лаьхьарчий, шайн сийна кортош,
Белшаш чу озалаш, хIай кIиллой, шайн осал вортош.
ТIулган тIехь лар юьтуш со новкъахь йогIуш ю шуна,
Дешан даш Iенадеш иблисан леш бежа шуьне.

Хиламийн догIано шун гIамар-гIаланaш херцош
ТIедогIу чкъурана гург хилар тоьуш ду суна,
Аш къобал бинчара неIарех шу аралестош,
Шайхалла доццушехь, шал шера схьагуш ду суна.

Цкъачунна Iе шайна стогалла мел йолчу стеган
Амалехь, аматехь сийсазван бахьанаш лоьхуш,
Тахна аш, харцо еш, Iовдарах нийсонан легаш,
Шу кхана текхар ду, кхечарга и нийсойоьхуш.

2014

Батаева Хеда. Байтанча. Нохчийн яздархойн цхьанакхетараллин декъашхо.

Йина 1970-чу шарахь ГIойчу (СаIдин-кIотар) юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлжа-гIалин Хьехархойн Училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь. Байташ зорбане йийлина масех юкъара гуламна тIехь: "ТIома лакхе", "Ма деха дара и Iа", "Малх лаьцначохь", "Нана Нохчийчоь". Иштта дийцарш а, байташ а зорбане йийлина "Орга", "Вайнах", "СтелаIад", "Нана" журналаш тIехь а, газеташ тIехь а.

Арсанукаев Шайхи яздархойн цхьанакхетараллин куьйгалхо волуш, 1993-чу шарахь Хеда цуьнан декъашхо схьаийцира.

Шен гулар арахеца Нохчийн издательстве дIаелла байташ 1995-чу шарахь егира Хедин. Ткъа 2002-чу шарахь гулар арахеца йоьлча, Iедало беш хиллачу бехкамашна реза а ца хилла Хедас шен байташ юхаийцира.

Болх бина ГIойчу юьртара а, Олхазар-кIотарара а ишколашкахь а, "Орга", "СтелаIад" журналийн редакцешкахь а, телевизионехь а.

1985-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн республикан поэтийн конкурсехь 2-гIа меттиг яьккхира Хедас шен пхийтта шо долуш. Ткъа шен шийтта шо долуш, шен дуьххьарлерчу байташца "Пхьармат" цIе йолчу нохчийн яздархойн цхьанакхетаралле а кхечира Хеда, шен ишколерчу хьехархочо Исламов Мохьмад-Салахьа шеца цига йигна. Цигахь Хедина дуьххьара бевзира нохчийн тоьлла болу яздархой а, поэташ а: Яндарбиев Зеламха, Бексултанов Муса, Шайхиев Iалвади ("Пхьарматан" куьйгалхо), Джумалаева Лула, Цуруев Шерип иштта кхиберш а.

Тоьлла болу нохчийн меттан а, литературан а хьехархой хилла Батаева Хедин ишколехь а, Хьехархойн Училищехь а, Университетехь а: Бисултанов Апти, Озниев Хьусайн, Итаев Бауди, Джамалханов Зайнди, Вагапов Iарби, Джамбеков ШаIрани иштта кхин а.

Карарчу хенахь ехаш ю Францехь.

XS
SM
MD
LG