Евробарт кхоллаелча дуьйна схьа, цкъа а хилла дацара, цу пачхьалкхийн цхьаьнакхетаралло шен декъашхой цхьанна дуьхьа масийта тIегIанах лаьтташ болу талламаш болор. ХIинца амма консервативан „Бакъо а, Нийсо а“ партино куьйгалла дечу Полшехь Евробертан коьрта мехаллаш а, коьрта принципаш а ларйеш ю-яц таллар долийна Еврокомиссино.
Иза доьзна ду, Еврокомиссин вице-президента Тиммерманс Франса журналисташка бинчу хаамца, Полшин керлачу нацинал-консервативечу урхалло цхьана агIор цу махкарчу лакхарчу кхелийн системехь бинчу хийцамашца, цуьнан декъашхой хIинца урхалло шен лаамца хIиттон я дIабаха бакъо хир йолуш, вукху агIор, цигарчу пачхьалкха-юкъараллин телеканалийн куьйгаллица доьзна а изза хийцамаш тIеэцарца.
Ма-дарра аьлча, маьршачу кхиинчу демократин пачхьалкхашкахь коьртачех ши институци – йозуш йоцу юстици, бозуш боцу хаамийн гIирсаш, Евробертана хетарехь, Полшехь хIинца кхерамехь хилар ду.
Амма иза хилла а ца Iа. Даханчу шеран аьхка бIеннаш эзарнаш мухIажарш Европехь тховкIело лоьхуш, схьаэха буьйлабелча, уггаре а шога уш тIеэцарна дуьхьало йинарг Полша яра, ткъа керла урхалла Iедалехь чIагIйеллачул тIаьхьа цуо хаийтира, шайн махка мухIажарш, къаьстина бусулба динехь берш, шаьш чубуьтур бац бохург. Евроберто массо а шен декъачу пачхьалкхашкахула нийсонца мигранташ бекъархьама юккъе яьхна йолу квоташ а къобал ца йира Полшно.
Цу квоташца, 10 эзар мухIажар тIеэца декхарийлахь йинера Евроберто Полша, амма и тIедожор шен урхалло кхочушдойла дац аьлла дIахьедар дира хьастагIа кхин цкъа а цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро Ващиковский Витолда. Ващиковскийс шен махкахь хIинцале а бIеннаш эзарнаш Украинера мухIажарш бу, легала а, иллегала а белхаш а беш Iаш, цундела яц шайн керланиш мигранташ тIеэца, элира.
Украинера мигранташ Полшехь официала тIеоьцуш я легала боцуш, къайлаха бехаш белахь а, кхин хьал ду Нохчийчуьра уьдуш болчу мухIажаршца. ТIаьхьарчу беттанашкахь, къаьстина Полшехь урхалле Качински Ярослава куьйгалло до национал-консервативе парти еъча дуьйна схьа кхин а чолхечу даьлла нохчийн мухIажаршна Беларуссехула Полшин доза хадор.
Брестаца дозанехь йолчу Тиреспол цIе йолчу меттехь Полше дехьа а бевлла, цигахула кхин дIа Европин кIоргене, доккхачу декъахь Германи, я Австре а, Франце кхача гIерташ болу нохчашна шайн пачхьалкхехула дехьабовлар ца магадо Полшин дозалардархоша. Евробертан мигрантех долу низамаш а хьоьшуш, цара ур-атталла пIелгийн лораш яха ца туькуш я тховкIелонах долчу церан дехаре ла а ца дугIуш, шаьш схьабаьхкинчу цIерпоштана тIе а ховшабой юхахьовсабо нохчийн мухIажарш Беларуссе.
И бахьана долуш кIиранашкахь Брестехь а Iаш, юх-юха а цIерпоштана билеташ а ийдеш, дийна доьзалшца цхьаьна чохь Iен петарш а луьйцуш, шаьш новкъа бовлуш вовшахтоьхна долу соьмаш цигахь хан яккхарна дIа а дойъуш, гIело ловш бу иттанашкахь нохчийн мухIажарш.
Некъахой дIасалелош ша хиларна кест-кеста Брестехула тIехволуш нислочу шопаро Гайтемиров Рамзана дийцира Маршо радионе Брестехула Полше кхача дагахь цIера арабевллачу вайнехан хьал.
Гайтемиров: „Iуьйранна ворхI сахьт даьлча доза хадо цхьа цIерпошт ю. Цу нахехь некъахойн паспорт хуьлу. ТIаккха цу цIерпошт тIе а ховший, Полше дехьа бовлу уьш. Цхьаберш царех дехьа ца бовлуьйтуш, дозанхоша юхаберзабо. ТIаккха рогIера йоьдучу цIерпоштица кхин цкъа а дехьабовла хьовсу уьш шозлагIчу а, кхозлагIчу а, итталгIачу а деношкахь.
Цхьа кIант вара цигахь нохчийн, 32 -за доза хадийна дIаваха гIоьртича хIоразза а юхаверзийнера иза, кхин гIуллакх ца хилла, дIа цIа вахара иза. Даккхий зенаш хуьлу цу нахана и бахьана долуш. Таронаш ма яц церан. Цхьаберш петар йоьхкина я латта доьхкина, я нахера юхулург ахча даьккхина новкъабевлла хуьлу. Цхьа стаг вара цигахь шен ши говр а йоьхкина араваьлла ву ша бохуш“.
Цу юкъана Германерчу хаамийн гIирсаша Полшно мухIажарш тIеэца ца тикар бахьана долуш и пачхьалкхе Малхбалерчу Германин лаьттанашкарчу расисташца юьстира.
Масала, Шпигел журнало бехке дуьллу Полшина, цуо Евроберто мигранташна гIодарна хьажийна долу миллионашкахь еврош схьаоьцу, амма цунна мухIажарш Евробартера схьаэца ца лаьа бохург. „ТIаккха кийча хир буй-те Евробарт кхин дIа а Полша а, Венгри а, Словаки а санна йолчу ксенофобийн пачхьалкхашна гIодан?“- иштта ду журналан хаттар.
Немцойн урхалла а ю, мухIажарш тIе ца оьцуш йолчу пачхьалкхенашна, шайна юккъехь Полша а йолуш, мигранташца болх барна Евроберто хьажош долу ахчанаш сацон деза аьлла хеташ.
Бакъду, и ахча сацадахь а, ца дахь а нохчийн мухIажарийн кхолламехь хийцамаш хир бу бохучух теша хала ду.