ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламаш дина мигранташ махкахбохур бу Германехь


Германи - Christian Social Union партин гуламе еана Меркел Ангела ю журналисташна хьалха къамел деш. Мюнхенна уллехь Iуьллу Wildbad Kreuth садоIу меттиг, Дечкен-бутт, 20, 2016
Германи - Christian Social Union партин гуламе еана Меркел Ангела ю журналисташна хьалха къамел деш. Мюнхенна уллехь Iуьллу Wildbad Kreuth садоIу меттиг, Дечкен-бутт, 20, 2016

Зуламаш дина болу мигранташ арабаха аьтто луш долу керла низам тIеэца кечлуш ю Германин урхалла.

ТIамах а, баланех а бевдда Германе схьаоьхучу мухIажаршца вуно къинхетамца хьоьжуш, царна гIодарехь масех баттахь къахьегначу немцойн юкъараллин декъана вуно йокха догмовлалла хиллера, Коьлнехь Керла шо даздечу буьйсанна бIеннаш мигранташ къепедацарийн декъа хилар а, цара зударшна дуьхьал маьттаза талорш лелор а гучудаьлча.

Кхета хала дара мухIажарна дуьхьал цIерпошта вокзалашка а оьхуш, царна даа а, мала а, тIедоха-когадоха а латтош, церан схьакхачар а, Германехь дIатарбалар а ка ма-доллу аттачу даккха гIерташ, царна немцошкахь шаьшца къинхетам а, шайх къахетар а дуйла дIагайта гIиртинчарна, шаьш беза хьеший санна тIеэцначу нехан цхьана дакъано шайна дуьхьал ямартлонаш лелон йиш ю бохучух.

Маьттазлонаш а, къепедацарш а лелийнарш керла тIебаьхкинчу мухIажарийн цхьа мискъазараттала жима дакъа бен дацахь а, амма Германехь аьтто хьежамаш болчу политикийн ницкъаша а, расистийн хIу кхобучу тобанаша а цу юхькIамбоцучу хиламех пайда а оьшуш, йоллучу юкъараллехь баржош бу мигранташца цабезам, уьш массо а цхьатерра зуламе энерги йолуш хиларх долу дийцарш а, уьш арабаха безаш хиларх болу синхьаамаш а.

Къаьстина иза гуш хуьлу социалан машанашкахь а, интернетерчу форумашкахь а. Цигахь шайн цIераш а, яххьаш а къайлакхоьхьучу наха хаддаха даржадо эладиттанаш, дIогахь а, кхузахь а, эццахь а мухIажарша къоланаш дина, зударий сийсазбина, меттигерчу бахархойх уьш летта, бохуш. И хаамаш, гаррехь харц белахь а, амма хIора а бацаре бан Iедалан векалш ца кхуьу, ткъа кхерамо лаьцначу юкъараллин дуккха а векалш царех, хетарехь, теша.

И дерриге а тидаме ца эцча ца йолуш йолу немцойн урхалла тIаьхьарчу кIиранашкахь сихонца а керла сацамаш а, керла некъаш а лоьхуш яра, цхьаьна агIор меттигера бахархойн кхерамаш дIабаха а, ткъа вукху агIор зуламаш лелош долу мигрантийн дакъа жоьпалле оза я, ца хилча ца далахь, шаьш схьабаьхкинчу мехкашка уьш юхахьовсон аьтто луш болу.

Амма махкахь политикан тховкIело ехна болу мухIажарш арабаха иштта цхьаццаболчарна моьттуш ма-хиллара, атта дац, низамашца дуьстича. ХIунда аьлча, немцойн низамашца а, ткъа цул совнаха цхьа могIа Евробертан сацамашца а, нагахь санна тховкIело йоьхуш волчунна ша схьавеъначу махкахь кхерам белахь, иза, цуо хIуъу зулам динехь а, цу кхерамечу махка юхахьажор магош дац, цунна цигахь таIзарш дарна а, иза цигахь верна а кхерам хиларна.

ХIинца кхаари дийнахь немцойн урхалло эххар а керла низам кечдина, зуламаш я ур-аттала кега-мерза талорш лелийна болу тIебаьхкинарш арабахар аттачу доккхаш долу. Цу низамца, кхечу махкара схьавеанчу муьлхачу а стаго немцойн махкахь цхьа зулам дахь, цуьнан бехк кхело тIечIагIбина а белахь, и стаг араваккха бакъо ю Германин Iедалхойн.

Цул совнаха, Iедалхошна хIинцачул тIаьхьа бен-башха а дац цу стагана кхело тоьхна йолу хан набахтехь яккха тоьхна я маьрша, шен цIахь а волуш, арахь такха тоьхна бохург. Зуламхошна юккъехь политикан тховкIело елла болу нах хилахь, уьш миччара баьхкина белахь а, цаьргара тховкIелонан бакъо дIайаккха йиш ю, ткъа кхечу статусашца Германехь Iаш болчерана визанаш дIайохур ю.

Адамийн бакъонашларйархоша хIинцале а вуно дерачу критике деш ду и керла низам, шуьйрачу юкъараллехь резахиларца иза тIеэцнехь а. Иштта немцойн Билефелд гIалахь мухIажаршца болх беш йолу „Про Флюхтинг“ юкъараллин координатор йолчу Айзенхауен Мартинас Маршо радионе дийцира, и низам Iедалхоша аьтто хьежамаш болчу урхаллин критикашна там бархьама тIеэцна ду, аьлла. Цунна хетарехь, мухIажарш хIуъу дина а махкара арабаха бахьана лехаро кхоьллина низам ду иза.

Айзенхауен Мартина: „Зуламна дуьхьал стагана низамца гIудатохарний, иза араваккхарний юккъехь йоккха башхалла ю. Шена тоьхна долу гIуда стаго социалан белхашца я набахтехь хан яккхарца такха йиш ю. Я цу стагна ресоциализаци ян йиш ю, иза юкъараллина пайдехь хилийта.

Ткъа стаг араваккхарца цуьнан дахар хIаллакдан тарло, цуьнан цхьаннан хилла а ца Iаш цуьнан гергарчийн а. Соьга хаьттича, иза нийса дац. Цул совнаха, вай хьовса деза, муьлхарниг зулам ду цуо динарг, иза мел деза ду, я цуо иза дуьхьара дина ду я дац“.

Цу юкъана, адамийн бакъонашларйархойн сагатдеш долу хIума а, амма цуьнца цхьаьна Германехь хIоранна а шена луъ-луург лелон бакъо йоцийла дIахаийта дезаш хилар а тидаме эцна урхало и низам тIеоьцучу хенахь аьлла дIахьедар дира кхаари дийнахь немцойн юстицин министро Маас Хайкос.

„Германехь цхьанна а стеган, цуьнан къоме я орамашка хьежна ца Iаш, бакъо яц ша низамал а, къепенал а лакхара хета“, - элира цуо, низам боккъал а тIамах а бевдда, Германехь керла дахар лоьхуш баьхкинчу мухIажаршна шайна а санехь хилар тIе а тухуш. „Массо а мухIажарш зуламхой болуш санна, уьш талорш лелочу нахаца цхьаьна иэбан хьакъ дац. Цундела, зуламаш лелош берш жоьпалле озорца царна юккъехь къестамаш бан беза Iедало“, - элира цуо немцойн телевизионехь керлачу низаман хьокъехь ша вистхуьлуш.

XS
SM
MD
LG