Цхьа кIошт, юрт юьстаха а ца юьтуш,массанхьа а цхьабосса дIахедош ю Нохчийчохь ягош йолу газ. Хьесапе оьцуш дац нехан гIийлалла-мискалла а, чохь де доцуш,гIорасиз зIаьIапхой хилар а, газ дIа а яьккхина, хIусам йохъян,кхача кечбан йиш йоцуш,ши куьг хаьдча санна махкахой бисар а.
Хьуьллехь аьлла, цхьана юрт-кIоштехь дина бохуш, и газ хьокъехь кар-кара оьцуш дийцаре деш ду тайп-тайпана хабарш - Эвтарахь газ дIахадо еанчу тобанах цхьанна-м урс тохар а дуьйцу, массеран а барт а хилла,цхьана кIоштехь юьрта чуйогIу газан биргIа дIахадаяр а дуьйцу, мехкан куьйгалхочуьнга нах а ца хьийзош, республика чуйогIу газ дIасацийча атта хир дацара аьлла хаттаре бевлла а боху…
Газ дIахедаяр бахьнехь де доьхнарш эзарниш адам хиларна, цу ягоргах дозаделла хабарш дукха ду. Адам атта тешар а доцуш беламе,Iовдал гIуданаш диттина масалш а дац кIезиг. Царех ду хIара а. ХIирийн мехкан Мазалк кIоштера схьа а оьхуш, Теркйист кIоштехь балхахь ю цIийнда а велла диъ бер кхобуш йолу Хьава цIе йолу зуда.
Алапа схьаоьцучу дийнахь газана йогIу ял схьагульян охьахиъначу Iедалан белхочо дIахьедина цуьнга »хьо 43 эзар ахча охьадилла дезаш ю» аьлла. Ша хуьлийцла а дац, стенна аьлча 200I –чу шарахь дуьйна ша Мазалкехь ехаш ю баьхча а,алапа дIа ца делла. Мазалке а яхна ша декхаре яц аьлла кехат-тоьшаллаш дан дезна цу зудчун.
Ишта беламе меттиг нисьелла Новр кIоштехь. Юьрта йистехь,хIинцца-хIинца цIенош доьгIна а ваьлла, ваха хиъначу цхьа пекъар волчу кхевчча,газ дIахадо арабаьхна Iедалан векалш.
–Хьуна тIехь 49 эзар ахча ду!- дIадешна баьхкинчара шайн тептар тIера. –Бакъ дуй те иза? Оццул дукха-м хуьлийла а мА дац!-жоп делла вукхо.
- Хуьлийла ду-дацца-м ца хаьа ,ахь ахча охьа ца диллахь газ дIа-м хадайо!-хазийна баьхкинчара.
–Полисхой юххе а баьхна даьхкинчу шуьца сан хIумма къуьйсийла а дац, со да волуш,тхан чохь и аш дуьйцу ахча а дац. Хьала а,охьа а, нийсонна,нахана дика дан Iедало арадаьхна хилча,шайн болх ца бича шу а ца довлу, дIахадаяйша!
- Иза а аьлла хIусамда чувахна. Баьхкинчара цIенна кхо го баьккхина боху,газ чохь йолу биргIа лохуш. И кара ца йича юха аракхайкхина хIусамда: -Ой, хьан хIусам чуйогIуш газ ян а мА яц?-цецбевлча:
- Ас чуяьккхинехха-м хир яра. Цундела бахар-кх аса а оццул дукха хуьлийла а дац. ТIаккха хаьий шуна шаьш лелориг дош доций.- Забаренна а доцуш . Цу могIарера беламе хабарш дукха ду Iедалхоша махкахошна бале яьккхинчу газана гонаха .Дуьйцийла а йоцуш вуно чIогIа холчохь бу гIийла бохкурш.
Царех дуьйцуш ю Новр кIоштера Селихьат.
Селихьат: « ГIийла бохкурш дукха бу,пенси бен тIедогIуш хIума а доцуш. Чохь чоь юьззина доьзал хилча яа ца еза,мала ца еза. Да а балхахь ца хилча.нана а балхахь ца хилча цара хIун дан деза?»
Цхьаболчу бахархоша, цхьа адамах бозабелла а боцуш, Iалам карзахдаларца боьзна нисло бохамех тера туьду,цIе яьлча санна сиха йовхо йоцуш бахархой битар. Цунах дуьйцуш ву гIалин юххерчу цхьана эвлара пенсахо Iиса.
Iиса: « Газ дIахедор сецна дац. Iедал шайн карахь хиларна,цара «гIарчI» аьлла охьатаIийна-кх нах. Делах кхоьрух бац уьш. Нахана уьш хар буй хаьа,амма дан хIума дац,ницкъ цаьргахь бу. Со со декхарийла вац бохуш Iаш вара.
Суьдо бина сацам а бу, суна тIехь ял яц аьлла. 49 эзар ду боху суна тIехь хIинца а. Со кхеташ хIума дац хIара. Тхан урамехь 80% нехан газ дIаяьккхина. Со чохь цомгаш йоккха стаг хиларна,кхо де а делла витна. ГIийла,миска бохург цара хьесапе оьцуш а дац. Цхьа метр хиллал биргIа дIа а хадайой керта кхуссу.хьоьга хоьттуш хIума а дац. ТIебогIуш мархин бутт белахь а нах дегайовха бац шайна газ юха схьалур ю аьлла».
Къомана юкъахь мила муьлш бу къасто Iалашо лаьцча санна, зил-доза тухучух тера,таро йоцчеран,гIийла бохкучеран газ дIахедор, мух-мухха а доцуш,хьасартне,шовкъе дийцаре деш ду юкъараллехь. Iедалехь болчарна юьхькIаме дIадоьду и дийцарш алалур дац хьерваьлла воцчуьнга.