Къоман илланча, байтанча, хаарийн бIов-хьехархо, бIеннаш кегийрхойн масаллин къилба, Бетелгириев Хьусайн, муьлш бу ца хуучу наха дIавигна кIира зама йолуш яьллехь а, цунах дийцар, и Деле вехар цуьрриг а лах ца делла нохчашлахь.
МогIарерчу наха кхеторехь, мискъал зарратал а бохаме цхьа хIума хила йиш йоцуш, мелхо а дерриге къомо а ларван хьакъволуш стаг ву Хьусайн.
Цо хьанна новкъарло йина, хьенан некъ хадийна? Мила ву те цунна тIекховддал яхь, эхь, вайнахана деза а, лераме а мел хилларг дицдина дакъазвала хьаьхнарг?
Цхьаболучара кхеторехь мохк баккха, къам къардан веъначу къизачу мостагIчо бен ца лехна вон болх бан илланча. Цунна лиъна халкъ ир-кара ца хIиттадайта, яхье ца кхайкхийта илланча, пондарца вийна дIаваккха а, доьза вайа а.
Кхузара лаа ца хьеставо нохчийн халкъан барта кхоллараллехь илланча. Иштачех лору цхьаболчу махкахоша Бетельгириев. Цунах шена хетарг довзуьйтуш ву Соьлж-гIалин кIоштера Мурад а, Салавди а. Цу шинна санна Хьусайнах хилларг цахаар дазделларш дукха бу. Ишта нисделла тхан къамел.
Мурад: «Илланча къайлаваккхар, Хьусайн санна волчу стагана тIе куьг кхийдо доладелча, гена даьлла гIуллакх-м ду хIара. Къомана эхь а, махкана юьхьIаьржо а ю-кх иза. Стенна аьлча, Бетельгириев Европехь а шуьйра вевзаш стаг ма ву…»
Салавди: «Хьалха ширчу заманахь тIелеттачу мостагIчл уггар кхераме герз лоруш хилла илланча. Шен лаамца я лаамза вахна те Хьусайн? Массо агIор а ойланаш хьийза коьрте. Iедало вадийна ала цуьнан иллешкахь бехке хIума а ма дацара. Хаам хаац, билггала ала».
Цунах дуьйцург хаздеш десто, басаршца кхало ца оьшуш вуно чIогIа лераме а ву, Iаламат дика тIеоьцуш ву илланча Бетельгириев Хьусайн къаьсттина вайнехан наношлахь.
Теркйист кIоштера Хасанова Аминат ю цунах а, цуьнан кхолларалло бечу беркатечу тIеIаткъамах а дуьйцуш.
Аминат: «Хьусайн суна илланча санна вевза дукха хан ю. Даима а хаза хетта суна цо олу иллеш. Сан берашна а хаьара суна Хьусайнан эшарш хаза хетийла.
Сагатделча, я кхин сингаттам хилча берашна а хаьара… Нана, сатедан молха ло ша хьуна олий, хIоттайора кIанта суна цуьнан эшар. Уьш цхьа чIогIа цIеначу дагтIера екаш, исбаьхьа хетара гуттар а. Ишта наноша, генахь долчу берашна цуьнан эшарш кхехьийтина меттигаш хаьа суна дуккха а.
Суна-м хаац цуьнгара хIун даьлла хила деза цунна тIе куьг кховдо. Массо нохчо, Дала мукъалахь тешна ву, зен доцуш, могуш-маьрша Хьусайн цIавоьрзур ву аьлла».
Бетелгириев Хьусайнах къамел дерзош ала ду, жима а, воккха а цуьнан эшарш хезнарг массо а тешна ву, илланча, кхин дIа а махкахой дегнаш дело, даккхийдедан, могуш маьрша цIийнах кхетар ву, аьлла.
И дегайовхо алсам йоккху бIеннаш нохчаша цуьнга кхобучу цIеначу безамо.