"Зударийн шовкъ лахйархьама уьш суннат бан беза“- аьлла дара Оьрсийчохь Iелим стаг ларалуш волчу Бердиевн хьалхара дIахьедар. Цул тIаьхьа масех де даьлча ша аьллачун гонахьа гIовгIа иккхича, иза кхин а чуьра велира.
„Массо а зуда суннат ян еза, лаьттахь маьттазло ца хилийта, церан лаамаш лахбан. Зуда Дала бераш дан а, уьш кхетошкхион а кхоьллина ю. Суннат барх уьш бераш дечура совцур бац, ткъа маьттазло кIазгалур ю“, - аьлла тIетуьйхира, хетарехь, ша моралан полисхо лоручу Iелимо.
Юкъараллехь бусалба дин а, бусалбанаш а сел чIогIа бийцаре баьхна, уьш акха адамаш а, церан дин акха дин а санна гайта луучу цхьаццаболчу ницкъаша иштта а нехан синхIоттамаш ира-кара хIиттош карзахбохчу муьрехь йоккъаллин кхарзабеллачу дона тIе латийна сиримк тассар санна хилира муфтин хIатдоцу дешнаш.
Ткъа хIун бахьана ду цо и къамел даран? Муьлхарниш ду цо шен дIахьедарна далош долу далилш? Бусалба динера муьлхачу бух тIе тевжа иза ша массо а зуда маьттазлонна бехке а еш, церан догIмашна тIехь адамаллин гома а, къиза а манипуляцеш яре кхойкхучу хенахь?
Австрерчу бусалба нехан кхеташонан урхаллин декъашхо а, имам а волчу БагIажати Тарафас цу стеган къамелан банне а бац бусалба динехь бух, аьлла дийцира Маршо радионе.
Иттанаш шерашкахь Африкехь а, цхьа могIа Iарбойн пачхьалкхашкахь а зударий суннат барна дуьхьал къийсам дIахьочу имам БагIажатис дийцира, шен кхайкхамца Бердиев ша шен куьйга юхьIаьржа а хIоттийна, шегахь Iилма ца хилар а гайтина, аьлла.
БагIажати: „Цу темин тIехь ас болх беш болу итт шо сов хан ю. Бусалба динан дуккхаъчу баккхий Iелимнахаца цхьаьнаветтавелла со цу хьокъехь, масала, шейх Кхарадави Юсупца я Шейх БутIи Рамзанца. Iелимнехан консенс ю, и Iадат цхьанна а кепара КъурIан чохь хьахийна дац, иза бусалба динца догIуш а дац аьлла.
Цул совнаха, и Iадат СаIудийн Iарбахь я Голферчу пачхьалкхашкахь данне а девзаш а дац. Ткъа хIинца цу Оьрсийчуьрчу имамах эр ду ас, халахеташ делахь а, и тема, хетарехь, янне а евзаш воцучу. Цо юккъедаккха бохуш долу Iадат зулам ду“.
Зударий суннат бар цхьаццадолчу къаьмнийн цара ислам дин тIеэцале дуьйна схьа лелийна а, карарчу хенахь лелош а Iадат ду. Нагахь санна бусалба динехь иза магийна ду цхьаццаболчу наха бахахь, цара Сийлахьчу КъурIан чуьра тоьшаллаш дахкон деза, боху имам БагIажати Тарафас.
Ткъа цу тоьшаллин метта цхьаццаболчу зударшца шайн гамо а, харцо а бусалба динца бакъйан гIертачу наха Iелимнаха дукха хенахь дуьйна тешаме доцуш, гIийла лерина долу хьадис далало, бохуш дуьйцу цо.
БагIажати: „Вай хьадисаш цхьаэъча, масала, Умм Хьабибас далийнарг, цу чохь вайн Пайхамара, Делан салам хуьйла цунна, цуьнга айха и тайпа хIума деш хилахь, ларлуш хиллахь айха цхьанна а боьршачу стагана я зудчунна лазош хIума я цунна зене хир долу хIума ма делахь аьлла бохуш дуьйцу.
Цу хьадисо гойту, цу заманахь цхьаццадолчу къаьмнашлахь и Iадат лелаш хиллийла. Амма цкъа а вайн Пайхамаро иза дан оьшу а ца аьлла, я цкъа а иза де аьлла омра а ца дина цхьанна а.
Цундела массо а имамашка а, къаьстина цу Оьрсийчуьрчу имаме а кхайкхам бо ас, хьайн теологехь проблемаш елахь, муьлхачу а хенахь соьца зIене валахь, ас юкъараллехь хьоьца къовсур ду-кх, хьан кхайкхам бусалба динца богIуш а бац, ахь хьайна ца хуург дийцаран тоьшалла а ду аьлла“.
Дуккхаъчу шерашкахь бусалба теологина тIе а тевжаш, зударий суннат бар хьарам хилар доллучу дуьнентIехь дIахоуьйтуш къахьоьгуш волчу имаман БагIажати Тарафин каделира 2006-чу шарахь Мисрерчу ал-Азхар университетехь дуьненаюкъара конференци вовшахтоха, цига вайн заманахьлера массо а воккха Iелим стаг а гулвеш.
Цу конференцин жамIа дара зударий суннат бар бусалб динца догIуш а дац, иза хьарам а ду аьлла фатва тIеэцар. Амма и цхьаъ хилла ца Iа и маьттаза Iадат хьарам деш йолу фатва бохуш дуьйцу Iелимо кхин дIа а.
БагIажати: „ 2006-чу шарахь Ал-Азхар университетехь конференци дIаяхьира оха. Цуьнан чакхенгахь тIеэцна сацам бу, и зударий суннат баран Iадат бусалба динца догIуш а дац, юккъера дIадаккха дезаш а ду аьлла, иза лелочарна низамца тIаIзар дан дезаш а ду аьлла. 2009-чу шарахь шейх Кхарадавис кхин цхьана леринчу фатва чохь и Iадат шайтIан болх а бу, дIадаккха дезаш а ду элира.
2011-чу шарахь шайх СаIид Рамадан аль БутIис Димашкехь шен фатви чохь билгалдаьккхина, и Iадат бусулба динца догIуш дац, аьлла. 2012-чу шарахь Суданерчу шейх аль-Турабис иштта фатва арахийцира, иза бусулба а дац, хьарам а ду аьлла“.