ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДeцIахь санна дац Iедалан хIусамехь


Ден-ненан тидам, терго а оьшучу берийн а, кхиазхойн а къоьлла яц Нохчийчохь.

Кхойтта - дейтта шо хьалха Нохчийчохь, бен-бен цIерш а йолуш, тIемаша харц тIеIаткъам бинчу, де эшначу берашна гIо деш масех "приют" олу берийн хIусмаш хилла.

Карарчу хенахь церан терахь кхойтта-дейттанне хьалакхаьчна.

Кегийра адамаш тIелоцу, церан тидам-терго йо кхерчаш дебар гIайгIане белахь а гайтам бу аьлла хета берийн, церан дай-нанойн хьал-таронаш гойтуш.

ХIун хьашт-дезарша луьсту, муьлха халонаш къарйо берийн цIийнашкахь (приюташ, реабелитацин центарш олу царех) къахьоьгучура, муьлхачу чолхечу хеттаршна жоьпаш лоьху бераша а, церан дай-наноша а?

Цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш каро къамелаш дина оха могIарера боцчу белхошца.

Царех цхьанца нисделла хIара. Цхьа кIадбоццу хIума а юьхьар а лоций Iедалан балхахь болчарна тIеIаткъкам бо дела, цIарца ца юьйцу ас сайца дагардийцинарг.

Уггар халаниг хIун ду берашца бечу балха тIехь? Цу хаттарна тIера доладелла тхан къамел.

Белхало: «Уггар халаниг дера ду цу берийн дай-наной шаьш лаца йогIу меттиг дIа лацар, шайн бераш кхетош-кхторехь. Уггар коьртаниг и ду. Стенна аьлча оха болх барх кхачо ца хуьлу. Тхуна цу дай-наношкара гIо деза.

Оьрсийн бераш долчу меттигашка а вахана ахь ладоьгIча, тхуна гучудолург ду, церан дай-наной хуьлу орца доьхуш бераш гал ца довлуьйтуш гIо дахьара бохуш.

Ткъа Нохчийчохь мелхо а орца доьхурш бераш ду, шайна цIахь даха лаьара, шайн гергарниш лартIа балабахьара бохуш.

И ду-кх тхуна халаниг - и да-нана тхойца цхьаьна болх бан кийча цахилар. Бала болуш а дац. И тамашена хIума а ду.

Масийтта шарахь оха кхиош хилча цунна тхо а кIордадо. 17 шо долчу кхиазхочунна новкъа догIу шен бен цахилар. Ша цIахь хуьлийла лаьа цунна, шен бала болуш стаг хуьлийла а лаьа. Мел дика оха уьш лелийча а шайн да-нана, хIусам, кхерч ма беза царна…

Маршо радио: Кху заманан цхьана боццачу муьран лазам буй те иза? Кхана –лама и эшам хилла доьзалш лахлур бу, я хир а бац ала дегайовхо юй?

Белхало: «И ала сатийсам кIезиг бу, мелхо а и сингаттам гIуллакх кIарглуш гена дала а сахьт дац. ХIунда аьлча хьалха хIинца долу хIумнаш аьттехьа а дацара.

Цу хенахь, тхо болх бан дуьйлалуш, тIамо Iовжийна, Iадийна, эшам хилла бераш дукха дара, бакълена а гIо-накъосталла оьшуш.

Ткъа хIинца да-нана галдаьллий, чубаха хIусам йоцушший, болх-некъ боцушший дукха бу. Тхан берийн дай-наной балхахь бац. Ах сов берийн чубаха хIусам яц. Бакълена а Iедалера гIо оьшуш ду царна».

Берийн хьокъехь, цара тахана ловчу халонех дийцинчу белхочунна хетарехь уггар хьалха Iедалан хьукхмат-урхаллаша гIоьналлин куьг кховдо хьакъдерш бара, дан амал цахиларна, Iедалан кхерчашка шайн доьзалхой а дIа белла, гIийла дуьне дууш, хене бовлуш болу бахархой.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG