Тахана схьахезачу хаамашца, эзар сов стаг ву доза хадо некъаш лоьхуш, денна корта бетташ дозанхошка.
Махкарчу Iедало шаьш кхеташ дац, уьш стенна уьдуш бу ялсаманера бохуш, ткъа Полшин куьйгалло Нохчийчохь тIеман Iазап а дац, маьрша баьлла мохк бу, цундела шаьш бакъо лур яц боху шайн дозанехула Европан пачхьалкхашка дехьабийла.
(КавказРеалии сайтан Брестерчу нохчийн мухIажирех видео)
http://www.kavkazr.com/a/istoria-chechenskogo-bezhentsa/28277745.html
Дуьненан политологаша чIагIдо, мигранташна доза а доьхкуш шайн низамийн гурашкахь Полша лелаш хилар.
«Тахана Европе а, Полше а схьаоьху нах шина декъе боькъу ас. Бу царлахь, баккъал а шайн сина кхерамаш тийсина, хIусамаш катоьхна дIатийса тIедоьжна мухIажирш.
Иштта бу социал-экономикан хьелаша вакъийна, эвсарчу дахаре сатуьйсуш махках буьйлурш а.
Юридикалле диллича, адамийн бакъонашкахула йолчу Европан конвенцин низамашца шолгIачу декъанна уггар хьалха, тIаьхьа а ца тоьттуш яла догIу политикан тховкIекло».
Иштта дIахьедо Полшин гоьваьллачу политолога Корейба Якуба.
Муьлххачу а пачхьалкхехь, нагахь санна цигахь тIемаш белахь я къоман башхалла юьхьар а эцна, адам бале даллош делахь, оцу мехкийн бахархошна мигрантийн статус ялар декхар ду, амма, гуш ду Полшано тховкIело яларан гIуллакх дIадахдеш хилар.
Полшин-Брестан дозанехь дехьабовла некъаш лоьхучу муIажиршца кху аьхка дуьйнна уьйраш латтош, шен ницкъ болччу барамехь гIо а латтош схьеанчех ю бакъонашларъярхо-беларусхо Лойка Наста.
Маршо Радионо хаьттира цуьнга, хIун хьал ду тахана дозанехь, дукха буй цигахь нохчий аьлла.
150 гергга стаг кхочу денна Бресте
Лойка: «Тхан терахьашца эзар сов стаг ву дозанал а дехьа вала сатуьйсуш. Гурахь хиллачул а кIезиг бу тахана. Амма де дийне цIерпошта тIехь тIеоьхурш 150 гергга стаг ву».
Коьртачу декъанна, хIун бахьанаш дуьйцу нохчаша, шайн дай баьхна мохк дIатаса шаьш декхаредеш аьлла хаьттира оха бакъонашларъярхочуьнга.
Нохчийчуьрчу Iедалх уьду и нах
Лойка: «Дукха хьолахь Iедалера хуьлу ницкъ бахьанехь, чIирах уьдурш, шайн гергарчарна кхерамаш тийсина махках бовлурш а бу царлахь. Хуьлу цаьрца цIахь шайн гергарчара ницкъ бийраш а, иштачу хьолера зударий уьду, шайн цIийндайх, масех суна хууш бахьана ду, политикан тховкIело йоьхурш. Уьш махкарчу Iедало арабаьхна бу.
Iедалхошна критика йинчарна тIехь а къизаллаш лелайо. Дукха хьолахь, цхьана тайпа-тукхамара нах хуьлу бовдурш, доллу цIенца, уьш тIемалойн гергара нах я цаьрца уьйрашкахь хилла аьлла, бехке бина нах бу. ТIехьаьжна, цхьа а тIехь гуш таммагIа доцуш, цIена нах хуьлу уьш.
Экономикан бахьанашца уьдурш цаьрца кIезиг бу, суна ца гина иштанаш. цамгарш йолуш, дарба лоьхуш Европе кхача гIертаргш а бу цаьрца. Делахь а, церан дакъа кIезиг лу».
Низамашца а догIуш, Оьрсийчоьнан вахархочун Беларуссин дозанна тIехь ши бутт гергга бен хан яккха бакъо яц.
Нагахь Полшин доза хадо ка а ца яьллехь я кхи дIа сатуьйсуш Брестехь ваха а бакъо ца хилча, хIун дан дуьсу –те мухIажиршна?
Беларуссин бакъонашларъярхочуьнга Лойка Насте хаьттира оха, иштта шина хина юккъехь висинчо шун пачхьалкхе тховкIело йоьхуш меттиг хуьлий аьлла.
Беларуссин, Нохчийчоьнан а куьйгалхойшна юкъахь гергарлонаш ду
Лойка: «Беларуссино цкъа а ца елла статус оьрсийн мухIажиршна. Къаьсттина цаторийла хилча бен я луш а яц. Со ца теша, Беларуссино тховкIело ялар кхераме хир дац аьлча, хIунда аьлча, церан дахар кхерамна кIел хир ду даим. Хууш ма-хиллара, Беларуссин, Нохчийчоьнан а куьйгалхойшна юкъахь гергарлонаш ду».
Хьалхо немцойн зорбанаша даржийра Беларуссино а, Евроберто а дийцарш дина, сацам тIеэцна Брестехь мухIажиршна лерина ханна уьш дIатарбеш, цхьа могIа каппаш яхка. Оцу мехалчу гIуллакхна Евроберто 7 миллион евро ахча луш а ду аьлла.
Лойка Наста шеконехь ю оццул ахча Евроберто кхачор хиларх, амма «дуккха а хан яра и тайпа хIусамаш мухIажиршна хIиттон оьшу» аьлла, тIе а тухуш.
Дукха хан ю Брестехь мухIажиршна лерина хIусамаш ян еза
Лойка: «Суна а гина зорбанашкахь иинформаци, дозанхойн комитето бахарехь, 1,5 миллион евро ду делларг, ша бертан кехат суна гина дац. Амма и тайпа каппаш Беларуссехь мухIажиршна кхолла еза дуккха а хан ю.
Миграцин низамаш талхийнарш, полицехь ханна латтош бу, кхи луьра къепе йохийна хIуманаш ца девллехь а цаьргара. 5 дей-буьйсий хан йогIучохь, беттанашкахь сецабо уьш йийсарехь.
МухIажиршна лерина йоьллучу къевлинчу хIусамашкахь дIатарбийр бу кехаташца проблемаш ерш а, масала, виза чекъяьлларш я паспортан хан тIехтилларш. Йиллинчу куьпахь латтор бу баккъал а тховкIело езаш арабевлларш».
Ткъа баккъал а политикан тховкIело оьшурш де-дийне алсамбуьйлуш бу Нохчийчохь.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832