ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къонахалла а, доьналла а лаьттах дохка йиш яц!"..


"Нохчий къоман мостагIий хилла, цара Гитлерна дашон нуьйра йолуш кIайн говр кечъйина хилла..." ..."ХIан-хIа, нохчий Iедална дуьхьал хилла..." Вайнах махкахбахарх бакъдерг а, харцо а.

Депортаци. Геноцид. Къематде. Iаьржа феврал.

Кху деношкахь социалан машанашкахь дуккха а йозанаш даржадо 73 шо хьалха доцу бехкаш тIа а хьарчийна вайнах къинхетам боцуш махках баьхна, генарчу, хийрачу Казахстанан а, ГIиргIазойн а мехкашка дIахьовсорах.

ДIа ойла йича, цу дийнах лаьцна а, нохчаша 13 шарахь лайначу къаьхьаллех а, дуккха а дийцина, яздина, кхи тIетоха а я тIера даккха а хIума доцуш, хIетте а хIоразза а, Чиллан- беттан деношкахь цхьа шатайпа меттахбуьйлу и лазаме, дайша-наноша вайна весетна санна битина дагалецамаш.

Масех декъе екъаелла хаало тахана нохчийн депортацех ойланаш…

Нохчийчуьрчу Iедало дихкина ду цу дийнахь даймахка юхабахказа бисиначарна тIера сагIанаш дохуш, депортацех лаьцна муьлхха а кепара цхьанакхетарш дIадахьар.

КIеззиг бац «кIордийна делха, даим дийца дезаш ма дац вониг» бохуш, гонах яппарш йийраш а.

Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Турслочун де санна билгалдоккхуш ду махкахь.

Цу дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн белхахошна мидалш ухкуш, уьш декъалбарца артисташа сийлаллийн эшарш, иллеш декош комаьршачу тойнехь гулбо Кадыров Рамзана.

Иштта рогIерачу даздаршкахь мехкан куьйгалхочо низамхой декъалбарца вистхуьлуш, дайшкара бехк боккхуш санна хазийра «хIетахь Нохчийчохь лидер ца хилла, шен къам Iалашдан, царна тIехIотта, оццу бахьанаца дохийна къам» аьлла.

Ткъа мичара хир бара нохчашкахь ницкъ, Iаьнан Iуьйранна герзах буьзна ямартлонца шайн го лаьцначу 9 эзар гергга НКВД-н, НКГБ-н белхахошна а, 100 эзар гергга эпсаршна а дуьхьало ян?

Къам меттахдаккхале 3 шо хьалха Нохч-ГIалгIайчохь бахархойн цIийнах хьоьжуш, 1055 стаг а лоцуш, 839 герз а, патронаш а дIалехьийна а ма хилла.

Шо шаре вайна юкъара леш, гIаланашкахь а, ярташкахь а цхьа наггахь бен ца бисина, и де тIекхуьучу чкъуранна ма-дарра дийца а, дагалеца а шайн бIаьрга дайнарш, шайн дегнашца лайнарш.

Иштта гIелделла яздархойн депортацех дийцарш, лахъелла поэтийн байташ.

Къам махках даккхарх лаьцна Оьрсийчоьнан Iедало а, цунна муьтIахьболучара а, оьрсийн историкаша а, кеп-кепарчу наха шайна ма-хетта дийцахь а, ма-дарра и хилларг я зийна я мах хадийна а, бакъо-харцо теллина яц тахана а.

Нохчийн къам махках даккхарх юкъараллехь кеп-кепара хетарш, моьттурш лелар ду хан-зама мел яларх а, амма цхьа дегайовхо юьсу, къоман цхьаболу къонахий мел лаьтта, вайн дай-наной махках баьхна де хIора шарахь хьакъ ма-дду билгалдоккхур хирг хилар.

XS
SM
MD
LG