1956 шарахь Лахьан беттан 24 дийнахь, Советан пачхьалкхан коьртан комитета сацам бинера дIадохийначу къамнийн республикаш юхаметтахIотторах лаьцна.
Иза бохург дацара, оцу делан сахьта, Казахстане а, Сибрехь дIадохийна къаьмнаш цIадерза йиш ю.
И бакъо, масала нохчашна а, гIалгIашна а, кхиъ ши бутт баьлчий бен ца еллера.
Амма, 60 шо хьалха хиллачу оцу сацамо,нехан дог даийтира, юха а даха а, сатийсам кхоьллира, нехан махкахь къам дисина довр дац аьлла.
Оцу дийне сатуьйсуш, Даймохк боху дош, багахь а долуш хийла стаг велла.
ДIадохийначура нохчий н къам цIадерзарх дагалецамаш иштта буьйцу «Казахстанера бераш» аьлла цIе йолчу цхьанатохараллин куьйгалхочо Айсханов Аслана.
Айсханов: «ЦIабаьхкича долу сурт иштта хилла: мел йолчу хIусамашкахь оьрсий, украинхой, дагестанхой хилла. Цара шаьш чохь Iарна, кертахь 3 кибарчиг йоьттина олий, ахча доьхуш а хилла. ЦIабирзича Iедалша дала сацам бина хилла процент а йоцуш, юхалург ахча а, кхидолу гIо а.
Нах дешна боцун дела, дукхачарна ца хиъна иза. Иштта цIабирзина-кх вай».
ХIинц-хIинца, цIадоьрзура ду аьлла, нохчий Iачу хенахь, шайна юккъера цхьаберш а, бухахь болу хьакамаш а питанаш а, эладиттанаш даржадора нахалахь.
ЦIахь хинйолчу халонех ца кхоьрура нохчий. Шаьш цIадахийтичхьан бохуш, иштта дагалуьйцу Хьалха-Мартан кIоштера Матаев Iарбис.
Матаев: «ЦIа ца бахийта гIерташ. ЦIа боьлхахь, кхин цкъа а дохора ду бохуш агитаци а йолийра нахана юккъахь. Беттанашкахь Iийра нах вокзалашкахь. Хьекъал долу нах, Гайрбеков санна берш, хьалха а бевла, иштта цIадирзира вай».
Вайнах цIабирзича, бухахь, церан гIаланаш а, яьрташ а дIа а лаьцна, дIатарбеллачу кхечу каьмнех нахана дийна делкъа хенахь цIе ло дар санна хIума хиллера. Дукха халонга даьлла иза, дуьхьалонаш а лелийна цара.
Соьлж-ГIалахь «Сталин а, Берия а» бохуш плакаташ а айина цIабирзинарш юха а бохабе бохуш кхайкхамаш беш митингаш а йинера. Хийла латарш а, нах байарш а нисделлера. Амма наггахь хиллехь а, цхьаболчара 13 шо нехан махкахь а даьккхина цIабирзинчарна церан хIусамаш паргIат а яьккхина.
Иштта хиллера Ведан кIоштера Элистанжи эвлахь ХаджимурадовгIеран доьзалехь а. Юккъаралхочо Хаджимурадов Сулеймана дуьйцу цуьнах лаьцна.
Хаджимурадов: «ЦIабаьхкича массо а меттехь суьйли бара нехан хIусамашкахь. Тхан кертахь вехаш волу суьйли тхан дена вевзаш хиллера. Цо, къинтIера а ваьккхира тхан да, шай кертахь Iеран а, беш лелорна а».
73 шо хьалха хилла депортаци а, цIаберзар а, 90-чу шерашкаь Нохчийчохь хилла тIемаш а нохчийн керлачу исторера уггаре а Iаьржа а, лазаме а агIонаш ю.
Царна тIехь, ма хетта тахана а талламаш ца бина, кхоччуш мах а хадош.
Мелхо а, жим-жима нах дIа а булуьйтуш, даржадо нохчийн шайн бехк бара оцу бохамашна олий.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832