ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцойн бундестаг а орцахъяьлла Титиевна


Германерчу бундестаган массо а коьртачу фракцийн куьйгалхоша юкъара кехат яздина немцойн махкарчу Оьрсийчоьнан векалте, Титиев Аюб лацар емалдеш.

Карарчу хенахь пачхьалкхан урхаллехь йолчу Йоккхачу Коалицин декъа йолчу Кериста-Демократин а, Кериста-Социалан а, Немцойн Социалистийн а партеший, цул совнаха, Германера Баьццара парти, Маьршачу Демократийн парти ю кехат яздинчарна юккъехь.

Цу документа бухахь куьг яздан ца лууш юкъарабевлла Кремлаца озабезам болу меттигерчу аьтто-радикале хьежамаш болчу "Германина Алтернатива" я, доца аьлча, АФД партин депутаташ бен бац.

Шайн кехатехь немцойн депутаташа кхайкхам бо Оьрсийчоьнан урхалле юкъараллин жигархойн а, адамийн бакъонашларъярхойн а кхерамазалла Iалашъяре.

Иштта депутаташа билгалдоккху "Мемориал" адамийн бакъонашларъяран цхьаьнакхетараллин Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал теттина бехкаш сихонца къастон деза, аьлла.

Журналисташлахь депутаташа даржийначу кехатехь билгалдоккхуш ду, 60 шо долу Титиев, тIаьххьарчу ворхI шарахь Соьлжа-гIаларчу "Мемориалан" бюрон куьйгалла деш хилла волу, цуьнгахь наркотикаш карийна аьлла лаьцна ву, бохуш.

"Мемориал" тешна ю, Титиев лоцучу хенахь цуьнан машен чу мариахуана Iедалхоша чукхоьссинера, аьлла, яздо депутаташа. Цара иштта хьахийна шайн кхайкхам баран кехатехь, дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс ша шен махкахь цхьа а адамийн бакъонашларъярхо вуьтур вац аьллера, бохуш.

"Цу кепарчу дешнаша вуно боккха сингаттам кхуллу, хIунда аьлча цара ницкъбаран а, кхерам тийсаран а климат кхуллу дена" - аьлла, яздина ду Кериста-Демократийн партин фракцин куьйгалхочо Каудер Фолкерс а, Социалистийн Партин куьйгалхочо Налес Андреяс а, Маьршачу Демократийн партин куьйгалхочо Линднер Кристиана а, Баьццарчу партин куьйгалхочо Геринг-Эккарт Катринс а, цхьа могIа кхечу тIеIаткъамечу немцойни политикаша а куьйгаш яздинчу кехатехь.

Хьахон догIу, бахначу Дечкен-Баттахь Нохчийчохь адамийн бакъонашларъярхо Титиев лацар шуьйра дийцаре до Малхбузехь. Европарламенто шен рогIерчу сессехь Чиллан-бутт болалуш тIеийцира Титиев маьрша ваккхаре кхайкхам беш йолу резолюци.

"Европарламенто тIедожош кхайкхам бо Оьрсийчоьнан куьйгалле, Титиевн бакъонаш кхачам болуш лараре а, цунна адвокатан а, лоьрийн а гIо Iалашдаре а, иштта цуьнан могашалла а, сий а лардаре а" - аьлла яздина ду Европарламентан резолюцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG