Муцураев Тимур везарш а, цавезарш а
Ткъеха шо ду, Нохчийчуьра ара а даьлла, ерриг а Оьрсийчухула бардан Муцураев Тимуран аз даьржина лела. Iедална гергахь "экстремизм" ю цо иллешца тIом емал а беш, нохчийн гIаттамхой базбар. Нийсонехьа лаьттина, харцонца къуьйсу гитарист ву иза, прокурораша, кхелаша бехк биллахь а, цуьнан эшаршка ладоьгIучарна.