Диц ца ло нохчашна "ГIала Яьккхина Де"
1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь тIеман коьрта буьйранча Масхадов Аслан коьртехь а волуш, cатоссучу хенахь, Соьлжа-гIала массийта агIор чу а баьхкина, дуьххьара дIа оьрсийн эскархоша куп тоьхна меттигаш гоне лийцира тIемалоша. 877 тIемлочо «ЖихIад» операци дIайолийра. Шина кIиранах лаьттинчу тIемашкахь, официало бинчу хаамашца, 500 ца кхоччуш оьрсийн эскархо вийра, 1500 лазийра. Иштта, лар йоцуш вайна ши бIе ца кхоччуш салти а, милицин белхахой а. Ерриг йохийна 87 танк, 23 машен, 3 беракема. Кхо кIира даьлча, Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь, Хасу-юртахь машаран дийцарш а дина, Кремлехь Ичкерин лидеро Масхадов Аслана а, Оьрсийчоьнан президента Ельцин Бориса а бертан куьйгаш яздира, тIом сацош ...Иштта чекхбелира шех "Хьалхарниг" олу тIом.