ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шо кхечи Бакаев Зеламха Соьлжа-ГIалахь вайна


Нохчийчуьрчу Талламан комитето, цуьнан ларх шаьш ца кхета аьлла, даредина. Шен гIуллакхашна гIали юккъе вахначуьра юха ца веанера иза. Бакаев вайна бутт баьлча нохчийн пачхьалкхан телевизионехь видео гайтира, Зеламхас ша Германехь а ву, дика дIа а тарвелла бохуш. Амма журналисташа а, бакъонашларъярхоша а и хIоттийна сурт ду элира. Еврокомиссино тIечIагIдира, Бакаев Зеламха Европе кхаьчна цахилар. Бакаев Зелимхан гIо лоцуш акци дIаяьхьира Оьрсийчуьрчу а, Iамеркерчу а, Европан пачхьалкхашкарчу а бакъонашларъяран организацеша а, жигархоша а. Стохка Дечкен-баттахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, Зеламха цуьнан гергарчара вийна хила тарло аьлла. Кху беттан 8-чохь шо дуьзина гоьваьлла иллиалархо Бакаев Зеламха тIепаза вайна.

XS
SM
MD
LG