Вена: Украинан Маршонан Де даздечаралахь бу нохчий
Украинахоша даймахкахь а, арахьа а шуьйра даздо шайн пачхьалкхан Маршонан Де. ТIаьххьарчу шерашкахь а санна, Венерчу Украинан векалте дезчу дийнан бараме кхайкхинчу хьешашлахь бара Австрехь беха нохчий. Векало Александр Щербас довха дешнашца хьахийра украинахошний, нохчашний юкъадоьлла гергарло, довхачу дешнашца баркалла элира хьешашна шайн мехкан ларам барна.