Нохчийчохь бакъоларъярхо Титиев Оюб хенал хьалха мукъаваккха сацам бина набахтера
Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан кхело сацамбина бакъоларъярхо Титиев Оюб цуьнан шен дехарца хенал хьалха набахтера аравалийта. Зазадоккху-баттахь набахтин 4 шо кхайкхийра цунна наркотикаш лелорна. Белхан накъосташна а, адвокаташна а хетарехь, политикан буха тIехь дина таIзар дара иза. Итт дийна чохь маьршаваккха тарло Титиев.