Нохчийчохь оьрсийн байракх язйо 25 шо ду
Оьрсийчохь пачхьалкхан байракхан де билгалдаьккхина. Ламаст хилла дIахIоьттина и де даздар Нохчийчохь а. Кеп-кепара цу дийнахь барамаш дIахьо хьукматашкахь, доьшийлашкахь, ур-атталла, берийн бошамашкахь а цхьана. Кхааридийнахь Соьлж-ГIалин коьртачу майданахь байракхан де даздан гулбеллачарех дIакхийтира Маршо Радион фотокорреспондент а.