Даймахка дог кхийда рохинджийн
"Геноцидан де" дагалоцуш гулбелира Мьянмера Бангладеше бевдда бахана эзарнаш рохинджаш кIирандийнахь. Бангладешерчу мухIажирийн Кокс-Базаре куьпахь беха рохинджаш хьалабевлира гонахарчу раьгIнашна тIе. "Тхуна цIа даха лаьа", - мохь беттара наха. Ламазаш дира цара ши шо хьалха шайн "Ракхайн штатехь" байинчу махкахошна а, шайна а АллахIе къинхетам боьхуш.